ХIокху деношкахь ГIалмакхчоьнан Лагань гIалахь дIаяьхьира доьхкарш лоьцуш латарехула Ерригроссин турнир. Иза лерина яра Комушев Васангинна.
Къийсадаларш дIадаьхьира деа дийнахь. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вара вайн республикера 14 спортсмен. Турнир чекхяьллачул тIаьхьа шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой. Хьалхара меттиг яьккхира Минцалигов Тимура (100 кг.) – РДЮСШ, шолгIа меттиг – Исаев ИбрахIима (100 кг.) – ДЮСШ №7, кхоалгIа меттиг – Ясаев Жабраила (90 кг.) – ДЮСШ.
Билгалдаккха деза оцу турнире вайн спортсменаш бохуьйтуш доккха гIо лецира греко-римски кепара охьатохархлатарехула Нохчийн Республикин федерацис, РДЮСШ-н директора Гусигов Аптис а.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
Карарчу хенахь вайн спортсменаш дуьненаюкъарчу турнирехь дакъалаца кечлуш бу.
З.ШИШХАНОВА
Авторан сурт
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо
