Адамийн дуьхьа къахьоьгург

Иштта йоккху Джатаева Розин цIе Старопромысловски районан клиентни службин куьйгалхоша а, белхан накъосташа а. 23 шо ду Розас оцу службин коллективехь къахьоьгу – экспертан коьрта говзанча ю иза. Адамашца бийца мотт болуш, юкъаметтиг лело хууш  стаг ю Роза. ХIора дийнахь бохург санна, пенсин хьокъехь цхьацца хаттарш дохьуш дукха нах богIу Р.Джатаева йолчу, цо уьш гIиллакхехь, леррина ладогIарца тIе а оьцу.

OLYMPUS DIGITAL CAMERA

Цхьаболчара ала тарло: «Иза-м цуьнан болх бара, доккха хIума ду иза, церан гIуллакхе хьаьжча!». Амма, вай дицдан ца деза, мел дукха говзанчаш, куьйгалхой бу тахана шайн болх бан ма-беззара ца беш, цхьа гIуллакх дохьуш веанчу стаге кIоршаме мотт буьйцуш. Ткъа Роза иштта яц. Цуьнгахь ерг цIенна вайн нохчийн амал ю. Доцца аьлча, даима а адамийн хьашташка хьажа хьаьгна, шен балхана шовкъе стаг ю иза.

– Дийнахь 30-40 стаг кхочу сан отделе, – дуьйцу Р.Джатаевас. – Уьш берриге а цхьацца бала бадийна лелаш нах бу. Цхьа гIуллакх доцуш цхьа а ца вогIу кхуза, массо а вац  арабаьккхина некъ кхочушхилла дIавоьдуш. ГIуллакх кхочуш а ца хилча, цу тIе оха бен цахетарца тIе а эцча, къа дац оцу пенсионерийн. Цундела, массо а адаман дахар  цхьатерра дика цахилар тидаме а эцна, хIора стеган гIуллакхе леррина догэцарца хьажа веза куьйгалхо а, говзанча а. Аьтто баьллачуьра, сайн белхан накъостийн цIерш яха а луур дара. Уьш бу коьрта говзанчаш. Мукаева Хедишт, Хаджиева Женя. ХIора дийнахь клиенташ тIеоьцуш, пенсионерийн хьашташка хьовсуш, белхаш бо цара. Шайгара ледарло ца йолуьйтуш, доггах къа а хьоьгу. Церан болх бахьана долуш, цкъа а арз хилла дац тхан отделехь.

Оцу кхиаме и ши йоI кхачийна царна адамашца кIеда-мерза, гIиллакхе хила хааро.

– Тхан коллективехь кIезиг бац дика цIе яккха хьакъдолу белхахой, — дуьйцу тхан къамелехь дакъалаьцначу Старопромысловски районан клиентни службин куьйгалхочо Гавдуханова Заремас. – Накъосташа шех масал эца мегар долуш, ца хилча йиш йоцург ю  тхан  Джатаева Роза. Шен болх безаш, бевзаш, боккхачу лаамца кхочушбо цо. Коьртаниг – шен белхан меттиг ларъян хаар ду. Иза ду балхахь кхиамаш, коллективехь барт хиларан коьрта бахьана.

 

В.КУРБАНОВ
Авторан суьрта тIехь:  Р.Джатаева шен балхахь

№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: