Маца дIаден мегар ду синтарш – бIаьста я гурахь? Цунна, къастам боллуш, жоп атта дац, хIунда аьлча шина а муьран шен дика а, вон а агIонаш ю. Цул сов, хIора шарахь бIаьстенан а, гуьйренан а хенан хIоттам цхьатера ца нисло. Иштта, синтарш дIадуьйш долу латта а хуьлу хIора бешахь тайп-тайпана.
Латтий, синтарий – цхьана декъан ши ах ю. Синтар дIадийча, лаьттах дIа а летий, цунах дитт хуьлу.
Латта гIорийна ца хилчахьана, бIаьста а, гурахь а дийгIа мегаш ду синтарш.
Уьш гурахь дийгIаран пайдехьа агIо, синтарш керла схьадаьхна хилар ду. Гуьйренан деношкахь дика синтарш харжа таро хилла ца Iаш, царна юккъера могаш дерш а, доцурш а билгал хуьлу, мехехь дерш а карадо. Дукха хьолахь, тIехь баьццара гIаш а долуш, орамашца схьадаьхна синтарш а хуьлу духкучарна юккъехь. Цо кхин цкъа а тоьшалла до уьш могаш а, дика кхуьург а хиларна.
Гурахь синтарш дийгIар гIолехь ду, уьш лело атта хиларна а. Цкъа хи тоьхча волу царна гурахь, кхидIа дан дезарг Iаламо ша до. Гуьйренан хенан хIоттамо лаьттана оьшуш йолу тIуналла латтайо.
Гуьйре Iаламан садаIаран мур белахь а, синтарша орамаш хоьцу хIаваэра температура +4 градусна тIекхаччалц. Гурахь дийгIина синтарш, бIаьста дийгIинчарел сиха а кхуьу.
Гурахь дийгIина синтарш къаьсттина дика денло къилберчу регионашкахь. Цигахь йовха хиларна, синтарийн орамашкара латта гIора ца до.
Синтарш гурахь дIадийгIаран зене йолу агIонаш юьйцуш, билгалдаккха догIу, гуттар а шело лаьттачу меттигашкахь дуьйгIуш долу синтарш чIогIа экам лело дезар. ТIех хIоьттинчу шелоно кегийра синтарш гIорадо. Цул сов, хьоькху мехаш а, оьху ло а пайдехь ца хуьулу церан дендаларна. Кхин цхьа хIума а ду, гурахь а, Iай а синтарш талхо тарло оьпанаша а, мукадехкаша а.
Муьлхачу диттийн синтарш дийгIа ца мега гурахь? Говзанчаша дийцарехь, стоьмийн дитташна юккъехь дийгIа ца мегарш кхораш, Iежаш, хьечаш, туьркаш, шапталш, баьллаш ю. Шийлачу меттигашкахь дийгIа ца магадо къилберчу регионашкара деана синтарш. Цаьрга ца лало тIех шело.
Шело лалучу диттех а, цIазамех а ду Iежийн а, кхорийн а Iаьнан сорташ ткъа иштта: кIудалгаш, кхезарш, цIен комарш, дакх, каштан, бIар, дак, бага.
Гурахь синтарш дийгIарна уггаре а тамехь йолу хан сентябрь беттан чаккхе а, берриге октябрь а бу. Нагахь арахь йовха елахь, ноябрь юккъе баххалц магош ду синтарш дийгIар.
Б.ДУДАЕВА
Авторан сурт
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо