«Винчу махкахь – ирсе дахар»

Иштта  яра кху деношкахь Михалков Сергейн цIарахчу Республикин берийн библиотекехь хиллачу гIуллакхан цIе. Иза лерина дара терроризмаца латточу къийсамехь цхьабарт хиларан денна. И дика гIуллакх вовшахтоьхнера вай лакхахь хьахийначу библиотекин мохкбовзаран отдело.

Снимок.JPG123

 

Оцу  маьIнечу  гIуллакхехь дакъалоцуш бара: Нохчийн Республикин культурин министерствон векалш, Магомаев Муслиман цIарахчу къоман музыкин школин хьехархой а, дешархой а, библиотекин книгашъешархой а, цуьнан белхахой а.

ГIуллакх  дIадолош, вистхилира библиотекин белхахо, Iеламстаг  Эхаев Ризван. Цо дийцира Даймахке болчу безамах лаьцна а,  дена-нанна, гергарчарна  хьалха кегийрхой мел  жоьпаллехь бу а, иштта шен Даймехкан цIена патриот муха хила веза а.

Цул тIаьхьа, цхьаьнакхетар дIахьош хиллачу берийн библиотекин белхахоша, Домбаева Амната а, Паршоев Муслима а дийцира терроризмаца латточу къийсамехь цхьабарт хиларан дийнан исторех лаьцна а, иштта Бесланехь, тIемалоша гIалара школа дIалацарх а, цигахь 300 стаг кхелхаш хиллачу бохамах лаьцна а.

Нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь дIадаьхьира гIуллакх. Дуьнен тIехь машар хилийтарх а, терроризмаца латточу къийсамехь цхьабарт хиларх а байташ йийшира библиотекин къоначу ешархоша.

ГIуллакх дерзийра Магомаев Муслиман цIарахчу къоман музыкин школин дешархоша концертан программа гайтарца.

 

З.САГАЕВА

 №102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: