Хьехархо – иза йоккха цIе ю. ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь кхетош-кхиорна юкъа доккха дакъа юкъадуьллу цо. Муьлхха а Iилма хьехар деза ду. Къаьсттина деза ду бусалба динехь дерг хьехар. Делан къинхетамца вайн махкахь дуккха а бу и тайпа хьехархой. Церан могIарехь ву Шелан районерчу «Алхадж-Бек» цIе йолчу хьуьжарехь хьоьхуш волу Дакаев Бай-Iела.
1984-чу шарахь
Шелахь дуьнен чу ваьлла
Бай-Iела. 2001-чу шарахь чекхйоккху цо цигара №6 йолу юккъера школа. Жимчохь дуьйна а вара кIант бусалба динехь дерг довзарна тIегIерташ а, шен 13 шо кхаьччахьана зуькаре лелаш а.
Дуьххьара берашна хьеха волавелла Бай-Iела шен 21 шо кхаьчча. Ша хьоьхучунна мутаIеламийн ойла тIеяхийта а, цуьнца церан марзо кхолла а хаьа Бай-Iелина. Массаьрца кIеда-мерза вистхуьлуш, Iамадо цо бусалба Iилма, иштта ийманехь кхетош-кхиорна боккха тидам тIе а бохуьйту. Дакаев Бай-Iела дика хьехархо хиларан билгало ю цо Iамочу мутаIеламаша районни а, республикин а конкурсашкахь хьалхара а, шолгIа а меттигаш яхар. Иштта царна дукхавезаро а гойту иза дика хьехархо хилар.
Б-I.Дакаевн ирс хилла ХьаьжцIа ваха а. Шен и аьтто барна Далла хастам беш а, воккхавийна ца волуш а веха иза.
АБДУЛВАХИДОВА Зарема,
Нохчийн пачхьалкхан университетан журналистикин отделенин студентка
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо