цхьаболчу «тамашийначу» дешархойх
Математикехула йолу ЕГЭ кху шара дуьххьара хенал хьалха – I0 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа – дIаяла йиш йолуш хир ю. Хин долу хаттарш девзаш ду, ФИПИ-н сайта тIехь ду уьш. Бакъду, дешархошна кIезиг маслаIат хуьлу цунах. Тахана школин уггаре а халачех Iилма ду математика.
Вайн выпускникашна хала доцу тIедахкарш (задачи) кхочуш хIунда ца дало? Математикехула йолчу дуьненаюкъарчу олимпиадера цхьа а дашо мидал хIунда ца еана вайн пачхьалкхан тобано? Бакъ дуй, математика уггаре а дика аутисташна (коьртан хьеца йолу цамгар бахьанехь юкъараллица зIе йоцуш долу адамаш. — Ред.) хаьа бохург?
Оцу дерригенах лаьцна «Российски газетана» дуьйцу Москварчу физикин а, техникин а институтан (МФТИ-н) доцента Агаханов Назара (Математикехула йолчу дуьненаюкъарчу олимпиадехь вайн тобанан куьйгалхо вара иза).
– Назар Хангельдыевич, математикехула йолу ЕГЭ базови а, профильни а тIегIанашка екъна. База (бух) – 5-чу классан тIегIа лору. Оцу гIуллакхо математика Iаморах юхабохур буй те дешархой? Къахьега оьшуш а ма ца хуьлу?
– Школехь математика хьехаран тIегIа лахдаларца доьзна ду ЕГЭ екъар. 90-чу шерашкахь лакхарчу дешаран хьукматаш (вузаш) дика чекхъяьхна болу выпускникаш школе балха баха а ца бахара ала мегар ду. Суна билггал хууш а долуш, цхьана гIалара физматан ерриге выпуск фастфудан кафе чу болх бан яхара. Ширачу говзанчех тешна лаьтташ яра школа. Тахана царах а дIакъаьсташ ю иза.
Базови ЕГЭ юкъаяккхар – ца девлла дина хIума ду, дуккха а шерашкахь дIадахьа йиш а яц иза. Дахдахь, школийн выпусникашна хала хир ду кху тайпана тIедиллар кхочушдан а: «Локъамах 13 сом доьху. Маса локъам эцалур ю 10 туьманах?» Цуьнца цхьаьна тахана Iилманан цхьана а декъехь кхиаме кхачалур вац, керла технологеш а кхиалур яц корматалле математикаш, физикаш, моделированин говзанчаш, программисташ вайн бацахь. Вайн хьехархойн институташкара дIайовлуш ю физикин факультеташ. Лахара баллаш йолу абитуриенташ бу деша богIурш. Хьалхо Поволжьерчу цхьана университетан профессоро латкъам бира: «Iаламат чIогIа хала ду кхаа предметана 100 балл яьккхинчарна хьеха». Цхьана предметана яьккхина 100 балл яц юьйцург, кхаа предметехула яьхнарш вовшахтоьхча хуьлурш ю.
– Дуккха а математикин школаш дIакъевлина пачхьалкхехь. Ма-дарра аьлча, кхечарах дIауьйш ю уьш, шайн башхаллех хедаш. Хаттар хIутту: оьшуш ю я яц оцу тайпана йолу леррина школаш?
– Оцу тайпана школаш хила еза аьлла хета суна. Хьуьнаре стаг дикачу хьехархошка Iамавайта веза, похIма долу дешархо массарна йолчу школехь къорза къиг санна къаьсташ хуьлу. ЧIогIа хала ду ша-шена математика Iамо. ХIун ю математика? Логикан зIенаш хIитто хаар, нийса жамI дар. Математикин олимпиадашкахь дукхах долу тIедахкарш кху дешнашца дIадуьйлало: «ТIечIагIде, … хилар» (Докажите, что…). Ойла нийса ечух кхетарг, цуьнан нийса мах хадориг похIма долу хьехархо ву. Цуьнца цхьана со реза вац, школаша-интернаташа ерриге пачхьалкхера хьуьнаре дешархой шайна тIекIабарна. Цхьана кIожахь (глубинка) волчу хьехархочо-хIайттархочо хьацарца хьоьгучу къина тIера гIаймакх (сливки) схьаэцар ду иза.
– Цхьадолу бераш берийн бошмашкахь шаьш долуш дуьйна а пхеа цифрах лаьтташ долу тIерахьаш тIетоха а, эца а хууш хуьлу. ПохIма хиларан билгало юй иза?
– Хьесапан упражненеш ян хаар (арифметикехула долу хьуьнарш) математикехула долу хьуьнарш санна лоруш хаало, дукха хьолахь. Математикехула долу хьуьнарш – и стаг дуьнен тIе волуш дуьйна а Дала цунна делларш ду. Цара гIо до керла тIедиллар кхочушдаран некъ беккъа шен ницкъаца лаха. Бер билггал хьуьнаре ду я дац къасто йиш ю иза 2-3-чу классашкахь доьшуш долчу хенахь а. Масала, дакъош (дроби) ца девззашехь, цо кхочушйийр ю иштта задача: «4 Iежан а, 3 кхуран а йозалла цхьатерра ю. ТIаккха муьлхарниш хуьлу еза: 5 Iаж я 4 кхор?» Математике кхоллараллин некъаца хьоьжучо иштта ойла йо: 4 Iажжий, 3 кхоррий цхьатерра беза хуьлуш хилча, Iежаш бай бу кхорел. Цхьана тIегIанна тIехь лаьттачу терзанан кедех цхьанна чу Iаж биллича, вукхунна чу кхор биллича, Iежаш дай хир ду». Юьхьанцарчу классашкахь доьшуш болчу дешархошна шира задачаш кхочушъечу хенахь стандарте боцу некъаш карош меттигаш хуьлу. Говзачу хьехархочунна бен хуур дац ишттачун мах хадо.
Аутисташна юкъахь къегина (дика) математикаш хила тарло бохург бакъ дуй?
– Суна ишттаниш нисбелла. Жимачу стагана гонах болчара цуьнан хьуьнарш ларахь, цунах кхеташ хилахь, цуьнан тIалам бахь, аутизм хенан йохалла жим-жима юхайолу.
– Гонах болчаьрца йолу юкъаметтиг хала карош хилча, аутистах болу пайда а (иза мел кIорггера хаарш долу говзанча хиларх) кIезиг хуьлу-кх?
– Гонах болчаьрца юкъаметтиг даима дика нислуш а ца хуьлу. Аутист, цхьа чолхе хаттар талларан гIуллакхо ша дIа лаьцча, дерригенах дIа а хаьдда, Iилманан къайле дIаелларе кхача а тарло. Коьртаниг – цунна юххехь, накъосталла деш стаг хилар ду. Цуьнан кхиам дуьненна а бовзийта хуудерг ву вай вуьйцург. Перельман Григорий Iамийначу вевзаш волчу математикна Рукшин Сергейна хетарехь, хьуьнаречу берашца беш болу болх урокашкахь а ца беш, классал арахьа бан беза.
– ХIора школехь математикин кружокаш дIайиллича дика хир дацара?
– Уггаре а хьуьнаречу берашца классал арахьарчу хенахь къахьега деза. ХIора школехь математикин кружокаш дIаеллар оьшуш ца хила а мега. Цхьана гIалахь цхьаъ я масех дIаеллар гIолехь ду, цигахь Iама богIур бу тоьлла дешархой. Оцу кружокашкахь, тIедахкарш кхочушдаран стандартан алгоритмаш ца Iамош, бераш шайна ца девзачу хьолехь ойлаян Iамо деза, шайна керла долу тIедахкарш кхочушдайта деза цаьрга. Оцу кепара болх бан охIла болу хьехархой дукха а ма бац. Аьлларг тIечIагIдо, Ерригроссин олимпиадин муниципальни а, региональни а муьрашкахь (дакъошкахь) язбина белхаш талларан дикалла лахара хиларо. Цхьайолчу регионашкахь дешархошца дIахьочу балха юкъа озабо университетийн хьехархой-жигархой а, лакхарчу тIегIанан математикин олимпиадашкахь толамхой хилла болу студенташ а, аспиранташ а. Иза нийса некъ бу. ДоггIучуьра аьлча, студенташа дешархошца бечу белхан эвсаралла лакхара хуьлу, хьехархоша бечу белхачул а.
– МГУ-н ректоро билгалдаьккхина, математикехула йолчу ЕГЭ-на юкъа барта дакъа дало а мегар дара аьлла. Цо аьлларг муха хета хьуна?
– Физикехула а, математикехула а барта экзаменаш ца ян сацам бина фихтехо. Цуьнан бахьана ду, уьш мелла а нийса дIаяхьа йиш яц бохург (тайп-тайпанчу хьехархоша цхьана жоьпан мах тайп-тайпана хадабо, даьлла гIалат чIогIа доккха лоруш я башха доккха гIалат дац иза, олуш; амма коьртаниг ду, барта экзаменашкахь тайп-тайпанчу абитуриенташна тайп-тайпана тIедахкарш деш хилар). ЕГЭ дIахьучу хенахь (хьалха) вовшахтохараллин агIонца доьзна гIалаташ дуьйлуьйтуш хилла хилар а ду цуьнан цхьа бахьана. Дагна там беш ду, кху тIаьхьарчу шина шарахь дIаеллачу ЕГЭ-н жамIаш абитуриентийн хаарийн тIегIанца цхьаьнадогIуш хилар.
– Вайн дешархоша дуьненаюкъарчу массо олимпиадехь, цхьа математика йоцчохь, дашо мидалш яьхна. ХIун бахьана ду оцу Iилманехь вайн кхиам цахиларан?
– Ишта нисделла иза. Финалан кхаж тасарехь жюрихь волчу бIе стагах шимма кхечу кепара кхаж тесна хиллехьара а, сурт кхечу кепара хилла хир дара, вайн дешархоша кхоъ дашо мидал а йоккхуш. Вайн тоба а цигахь кхоалгIа хилла хир яра. Цул сов, олимпиадин жамIаш даима а нийса хуьлу ала а йиш яц. Кхечеран йоцу цхьа вуон башхалла ю дуьненаюкъарчу математикин олимпиадин: иза хIинца а дIахьош ю чекхдаьллачу бIешеран 70-чу шерашкахь хIиттийначу ширачу бакъонашца. Цу хенахь бацара вайн заманахьлера хаамаш дIасабахьийтаран гIирсаш. Дешархошна хаттарш-тIедахкарш тобанийн куьйгалхоша кечдо къовсадаларш дIадахьа масех де дисинчу хенахь. Вайн ала йиш яц, цхьаьн-цхьаьнга и тIедахкарш хенал хьалха дIа ца кхаьчна аьлла. Олимпиадин исторехь дисквалификацеш хилла ма ю. Олимпиада дIаяхьаран бакъонаш хийцарна тIехь беш болх бу тахана.
Ивойлова Ирина.
«Российская газета», №759, 25.08.2015 шо.
Гочйинарг – А.Гайтукаев
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо