Тхан белхан накъост

ЗабуНохчийн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсаша къаьсттина тов-бецан баттахь жигара йоху вайнехан зударех йолу материалаш. Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, Нохчийчохь  Делан къинхетамца алссам бан а бу шайх довха дош ала хьакъдолу хьуьнаре зударий: цIийнананой, несарий, йижарий, лоьраш, хьехархой, Iилманчаш. Царех массарех самукъадаларца яздо тхан журналисташа. Делахь а суна тхайн коллегех Мугаева Забух яздан лиира.

 Тхуна юкъахь ма нисло хьуьнаре белхахой, дика адамаш. Царех цхьаъ ю вайн махкахь зорбане долучу  берийн «СтелаIад»  журналехь жоьпаллин секретарь болх беш йолу вайн турпалхо. Нохчийн оьздачу зудчун къегина масал ду иза. Цкъа а Забу оьгIаз яхана ца гина суна. Даима елаелла, екхаелла ю иза, собаре, гIиллакхе ю. Цуьнан тайначу амало сапаргIат доккху, цуьнца тIекаре хила дог доуьйту, нанас дена йина йиша санна иза уллера, гергара хоьтуьйту. Забуца дац «элира-бахара». Иза цкъа а цхьанне тIехьашха луьйш ца хааелла. Тхан Зорбанан цIийнехь мел верг шен верас хеташ чекхъяьлла иза кхузахь ша болх бечу ткъех шарахь. Цундела Забу а цхьанне хийра ца хета.

ТIехьа-Мартанан кIоштана юкъайогIучу ВаларгтIера ду Мугаева Забун схьаялар. Нохчийн боккхачу доьзалехь хьалакхиъна ю иза. Кхеран дас, нанас дерриге а дина къоман оьзда гIиллакхаш шайн берийн тIамарх долийта. Уггаре а хьалха уьш шаьш баьхна хьаналчу къинхьегамца напха лохуш. Къегина масал хилла лаьттина тIекхуьучу доьзална, дахарехь изза беркате харш цаьрга а билгалдаккхийта лууш. Воккханиг лара Iамийна,  жимачуьнан Iуналла дан дезий хаийтина. Шайн берашка дешийтина. ВаларгтIера №2 йолу юккъера школа кхиамца чекхъяьккхина, Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университете деша яхара Забу а. Филологан говзалла яра цо цигахь караерзо юьхьарлаьцнарг. Дешарна Iаламат тIера яра йоI. Хьехархоша дIахьочу лекцешка сема ладугIуш яра. Цундела экзаменийн зиэрашкахь цхьана кепара шогалла ца тосалуш чекхйолура. Нийсархошна юкъахь массарел тийна-таьIна яра, вайнехан зудабер хила ма-деззара. Университет чекхъяьккхина, ВаларгтIе цIайирзича, итт шарахь ша дешначу школе балха хIоьттира къона хьехархо. Бакъду, цигахь дукха болх бойла-м ца хилира кхуьнан. Университетехь доьшуш йолуш дуьйна  Соьлжа-ГIаларчу мехкадаьттанан институтан студент Алдамов Iумар вара йоIана тебаш. Институт кхиамца чекхъяьккхина, гIишлошъярхочун говзалла караэцна ваьлла, Соьлжа-ГIалахь болх беш вара иза, Забу цуьнга йоьдуш. Иза-м хIинца ву и болх дIакхоьхьуш. Цхьа йоI кхуьу цу шиннан. ХIинца-м йоьIан бераш ду. Ненанана царах йоккхайийна ца йолу. Делахь а суна кхин цхьа хIума дийца луур дара Мугаева Забун къинхетамах дуьззина долу комаьрша дог вайн махкахошна довзийта. Вайн махкахь инзаре ирча денош дара буьрсачу тIамо сийсош. Дагахь доцуш, сиркхо хьакхаелла, марвешин зуда дIаелира Забун. Цуьнан жима ши кIант буха висира. Цхьаъ пхоьалгIачу классехь, важа ворхIалгIачу классехь доьшуш вара. Уггаре а нана оьшу хан яра берийн. Забус ша йолчу схьавалийна, шен хIусамехь хьалакхиийра ши кIант, цхьана хIуман тIехь шен цхьаъ бен йоцчу йоIах къаста ца веш. Нуьцкъала амал, синаондалла оьшуш гIулч яра оцу оьздачу зудчо яьккхинарг. Цкъа мацах Фучик Юлиуса аьлла боху: «Турпалхо — оьшучу меттехь, дан догIург динарг ву!» И дешнаш Мугаева Забу евзаш цо аьлча санна хийтира суна. Вайнаха ма олу, къонах дуьйцург, лелориг галморзах ца лелхарг ву олий.  Забу евзинчу кху ткъех шарахь суна тосаделла дац  цуьнан хабар шалха даьлла. Я балха тIехь цуьнгара ледарло яьлла меттиг ца хааелла.

2004-чу шарахь дара Мугаева Забу «СтелаIад» журнале балха еача. Аьлча, цу муьрехь журналан коьрта редактор хиллачу Джанаралиев Iимрана, дехарш дина, иза схьаялийча. Университетехь цхьана курсехь дешна дара и шиъ. Iимран-м журналистикехь волу дукха хан яра. Ткъа Забу даима школехь болх бина яра берашна нохчийн мотт, литература хьоьхуш. Бакъду, цIархазмана доцуш, баккъал ненан мотт беза безаш, берашна иза марзбала лууш, болх бина цо ша йолчохь. ХIинца ша балхахь йолчу «СтелаIад» журналехь ю Забу иштта цIенчу даггара хьанал къахьоьгуш. Цуьнан беркатечу куьйгашкахула чекхдовлуш ду журналан агIонаш тIехь зорбане мел довлу йозанаш. Баккъал шен болх а, нохчийн бераш а деза дезаш, вайнехан къоначу чкъурана пайда хиларе сатуьйсуш, эсала куьг туху цо редакце мел кхаьчначу кехатах. Ондда къахьоьгу «СтелаIад» журналан хIора номер а къегина, чулацаме, самукъане хилийта. ТIех  дика ларайо иза шена билгалдаьхначу белхан декхаршца. Амма «декхарийн» гурашкахь цкъа а сецна яц Забу. Иза даима шен комаьршачу деган лаамца болх  беш ю. Ткъа цуьнан кийрахь детталуш дерг бакъйолчу нохчийн зудчун яхь йолу дог ду.

 

ГАЗИЕВА Аза.

№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: