Дош эвхьаза даьлла хIокху заманахь. Лахбелла дешан мах. Вайн дайша чIогIа лерам беш хила дешан. Атта дош олуш ца хилла. Аьлча шайн дош лардеш хилла. Доккха эхь, йоккха ледарло хилла дош цалардар, дош шалха далар. «Дош дацара ахь дуьйцург-м» – алар чIире хилла. Оцу дайн тIаьхьенаш йолчу вайх цхьаболчара тахана ма лахбина-кхуьнан мах. ХIинцца цхьаъ дуьйцу, юхахьаьжна валале – кхин. Иштта бакъдерш денна нисло. Иза чIагIдеш масех масал дало лаьа. Тхан лулахочуьнга юхалург ахча деха веара цуьнан накъост. Тхо теш а хIиттош, цо чIагIо йира: «Султан, сихха ткъабIе туьма оьшуш хьал дара. ХIара нах теш а болуш, ас дош ло хьуна нийсса бутт балале хьан ахча юхадерзо, вешийла дехьа суна».
Иштта дехар дича хала ду ша санна волчу къонахчунна гIо ца деш Iан, цуьнан дехар жоп ца луш дита. Цундела Султана элира: «Ахь доьхуш долу ахча вайгахь ду. Ас иза хIинцца чу а вахана схьа а дохьур ду. Iусман, ахча шайтIа ду. Цо цамоьттург дойту. Иза долуш а, карара хедаш а меттиг йогIу. Цхьана баттана доцуш, шина баттана ахча лур ду ас хьоьга, вайшинна юкъахь долчу хьошаллин дуьхьа. Варийлахь, нийсса ши бутт баьлча юхадерзаделахь иза. Вайшиннан гергарло хIара кIеззиг хIума бахьанехь хер ма делахь».
– Ахь хIун дуьйцу, Султан. Со ца вевза хьуна. Ас аьллий – чекхдаьлла-кх, – элира Iусмана.
Меллаша чу вахана, цIе тоьхна ахча а дохьуш цу сохьта схьавеара иза. Дагардина вукхуьнга дIаделира.
– Ахь а дагардел, – олуш.
– ХIунда? Ахь хIинцца…
– ХIан-хIа. Дагардел ахь!
Iусмана дагардира. Цо дехнна ахча дара Султана цуьнга дIаделларг. «Дала беркат дойла. Хьайн гIуллакх де», – элира Султана.
Важа дукха сиха дIавахара. Цул тIаьхьа бутт а белира, шиъ а, кхоъ а. Iусман кхин гучу а ца велира. Ур-аттал хабар а ца даийтира…
Вай кхуззахь дуьйцург ахча хилла Iаш дац. Вай дуьйцург къонахчо, тешаш а хIиттош делла дош цалардар ду. Ма эхь ду иза!
Кхин а цхьа масал. Муса машен эца базара вахара, Соьлжа-ГIалара Чурт-ТогIи воьдучу некъаца йолчу машенийн базара юккъехула хIара дIасалелаш волуш кхуьнга цхьаъ кхайкхира:
– Муса, ва Муса, – аьлла. ДIасахьаьжча шен юьртара Iумар гира цунна. ХIара шен юьртахочунна тIевахара. Салам делла, хьал-де хаьттина ваьлча, вахар-вар хьахаделча хиира Iумар шен машен йохка веана хилар.
– Со цхьа гIеххьа йолу машен езаш веанера, мехах нисъелча оьцур яра ас, – элира Мусас.
– Хьо реза велахь хIара сайниг-м ю хьуна. Ас 150 эзар соьмах хьуна дIа а лур ю-кх, кхин гIолехь ерг хьуна ца караяхь. ДIасаволалой кхечу машенашка а хьажа, хьайна лаахь, – элира Iумара.
– Дика ду хIета. Жимма бIаьрг тоха ас, ахь аьллачун ойла а еш, – аьлла машенашна юккъехула дIавахана къайлавелира Муса. Амма дукха хан ялале веана Iумарна хьалха дIахIоьттира.
– Со-м кхин лоьхуш а ма ца лийли. Ахь машен дика лелайо хьан машен йохийна а, дIатоьхна а яц, вайшиъ вевзаш а ву, нагахь хьо реза велахь, ахь аьллачу мехах хьан машен оьцур ма яра ас, – элира Мусас.
– Ас 140 эзар совнах йоьхки-кх хьуна. Схьалол ахча, – сихо йира Iумара.
Кисанара схьадаьккхина бІе шовзткъа, эзар соьмийн цIен кехаташ дагардина машен юхкучуьнга дIаделира хIокхо. Вукхо дагардина ахча кисана диллира. ХIинца машенан догIанаш схьаделчхьана йохк-эцар чекхдолуш дара. Амма Iумара уьш дIа ца луш, вела а къежна элира:
– ХIокху хьан машенахь нийсса эха сохьтехь цхьана метта а кхетта схьаван мегар дарий со? Кхечу машенна дийцина захало дара сан.
– ГIохьа тIаккха. Дукха хьиэ ма лолахь. Делкъа ламаз хенахь цIахь хила везаш ву хьуна со.
– Нийсса ах сахьт даьлча со кхузахь хилча тоьий хьуна?
– Тоьа. ГIохьа. Мусега, – элира цо лелочух, дуьйцучух дика кхеташ воцчу Мусас.
…Шарал дахделла ах сахьт, юха кхин ах сахьт, цул тIаьхьа ши сахьт дIаделира. Амма Iумар схьа ца веара. ТIаккха сихха такси а лаьцна церан цIа вахара Муса. Кертахь гуш машен яцара. Мохь тоьхча, араяьлларг Iумаран хIусамнана яра.
– Iумар цIахь вуй? – хаьттира хIокхо, ша муха хотту а ца хууш.
– Базарара цIа ма веъана, сихха тIера бедар а хийцина, Пятигорске воьду аьлла дIавахар-кха, цхьа сахьт гергга хьалха.
– Машенахь вахара иза?
– Вахара.
– Ас эца ма эццера иза цуьнгара…
– Ахь муха оьцу иза? Цуьнга и хьан йохкуьйту?
– Ца хаьа. Ас 140 эзар сом дIа-м делла цунах.
– Деллехь, Пятигорске тIаьхьа а гIой, схьадаккха ахь. Суна цунах хIумма а ца хаа хьуна, – шек йоцуш дIахьедира Iумаран хIусамнанас…
Юхалург Султана делла ахча а, Мусас машенах делла ахча а юхадерзийна. Наха шайн хIума ца юьту. Вайна юкъахь и мекарлонаш, хIилланаш, харцо чекх ца йолу. Делахь а вай дуьйцург иза дац. Вай дуьйцург кхин ду – стага шен дош цалардар, стаг шен дешан да цахилар, стага шех тешам байъар. Дош цалардар мунафикъийн амал ю, билгало ю. Делахь-хIета, бусалба дино магош дац, вайн халкъан амалца, вадца, гIиллакхашца догIуш дац стаге шен дош цалардар. Уггаре а коьртаниг къона ву ша бохуш лелаш волчо шен дош, ур-аттал берана деллехь а, лардан деза. И лардеш воцург ма дарра дийцича ша къонаха ву, стаг ву ала бакъо йолуш а вац. И хаа деза вайх муьлххачунна а. ТIаккха вай лакхахь далийнарш санна долу осала хIуманаш оьгур дац вайна юкъа.
Хь.САИДОВ