Юкъаралла а, интернет-тобанаш а – некъан бохамашна дуьхьал

ДТП - копия (2)

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIе латторан департаментан офисехь дIаяьхьира «горга стол». Нохчийн Республикин некъаш тIехь бохамаш лахбаран хьокъехь цигахь дагабевлира юкъараллин организацийн а, интернет-тобанийн а дакъалацархой.

 

И лазаме хаттарш дийцаре дарехь  дакъалецира республикин ведомствийн а, министерствийн а, политикин «Единая Россия» партин регионан отделенин а, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин а, кегийрхойн организацийн а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалша.

Тайп-тайпанчу хьостанашкара некъан бохамех лаьцна керланаш талла воьлча, тIеIоттало цу хиламийн ирчачу суьрташна а, кхин ирчачу статистикин терахьашна а. Некъан-транспортан бохамаш «халкъан катастрофин» тIегIане берза гена дац.

Жимма хьалха Гуьмсехь хиллачу некъан бохамал тIаьхьа, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахаийтира, некъан бакъонаш талхочаьргара  луьра  жоп доьхург хилар.

Лакхахь билгалъяьккхинчу департаментан директоран заместитела Эльмерзаев ИсмаьIала билгалдаьккхира, цу тайпа гIуллакхаш дар чIогIа мехала  хилар.

– Вайн республикин тайп-тайпанчу ведомствоша шайн ницкъаш цхьаьнатоьхна некъа тIера бохамашца доьзна чолхе хьал хийцаран Iалашонца.  Некъан боламан хьокъехь болу муьлхха сацам, дикка ойла а еш, хьоле хьаьжжина, тIеоьцуш хилахь, некъан хьовзамийн терахьаш вайга лахлур ду. Цу тIехь болх кхидIа а бан безаш бу, – элира цо.

Таханлерчу денна бакъонашларъяран органаша боккха болх бина, некъан къепен талхораш къасторца боьзна.

Цунах лаьцна дийцира Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н УГИБДД-н пропагандин отделан лерринчу тIедахкаршкахула волчу коьртачу инспектора Кадимагомаева Лом-Iелас. Цо билгалдаьккхира, некъан бохамашца доьзна долчу хьоло ГИБДД-н белхахой  синтеме буьтуш цахилар. ХIетте а, некъашна тIехь къепе латтош мел дукха болх цара барх а, низам а, къепе а талхош болу водительш а, гIашлой а хIинца болуш бу. Иштта цо дийцира ерригроссин профилактикин гIуллакхех лаьцна а. Даханчу шерашкахь и тайпа гIуллакхаш аьхка а, Iай а бен  вовшахдетташ ца хиллехь, а, хIинца гуттар а дIакхоьхьуш бу и болх. ТIаьхьарчу бархI баттахь хиллачу некъан хьовзамийн статистика а ялош, дIадерзийра цо шен къамел.

ДТП - копия (2)

Некъа тIехь леларан культура айъаран дуьхьа интернет чохь беш болчу балхах лаьцна дийцира вевзаш волчу блогера, инстаграм чохь гIараяьлла йолчу «ДТП95» проектан куьйгалхочо Цицаев Заура.

Цо дийцарехь, таханлерчу дийнахь «ДТП95» проект чIогIа гIараяьлла, шега язвелла 30 эзар стаг а волуш. Кхузахь ала деза, къастийна долу терахь денна а совдолуш хилар. (Цу проектан Iалашо ю некъан боламан бакъенаш ца ларъеш верг, сурт я видео яьккхина, интернет чухула «нахала ваккхар»).

– Тахана нах некъаца долчу хьолан, мухха дина а, дола дан гIерташ бу. Некъан къепе а талхийна, цу проектана юкъакхаьчначун наха «мах хадийна» ца Iаш, законаца жоп дала а дезар ду,  – къастийра З.Цицаевс.

Къамелан дакъалацархоша иштта дийцаре дира некъаца берийн а, къанойн а кхерамазалла латторан хаттарш а.

Автоинспекторш а, юкъаралла а, блогерш а тешна бу, некъаца леларан къепе культурин цхьана кепе яккхаро а, иза йийцаро а некъан низам а, адамийн дахар а лоруш, кхетам болуш некъахой кхиор хиларх.

 

И.ХАСАХАНОВ

№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: