Нийсонан кхиэл
Присяжни заседателийн коллегис бинчу сацамна тIе а доьгIна, Нохчийн Республикин Лакхарчу суьдо дIакхайкхийра регионан вахархочуьнца 34 шо кхаьчна волчу Бачаев Саламбекаца доьзначу уголовни гIуллакхехула йолу бехкеваран кхиэл. Иза бехке лерина РФ-н УК-н 105-чу статьян 2-чу декъан «а, ж, к» пункташца а, РФ-н УК-н 226-чу статьян 4-чу декъан «б» пунктаца а догIуш долу зуламаш дарна.
Суьдан кхеташо дIахьочу хенахь гучуделира, кхуссуш долу герз а, цуьнан гIирсаш а лечкъо Маазовца, Нагалиевца, Ималиевца хьалххе барт а бина, зулам къайладаккхаран Iалашонца 2001-чу шеран 1-чу мартехь Невран районерчу Керла Солкушино юьртана уллохь тIемагIуллакххой Жидков, Ерусланов, Воронцов вийра, ткъа цаьргара РПК-74 пулемет, АКС-74 автомат, подствольни гранатомет, царна оьшу хIоъ-молха лачкъийра. Декъий шаьш даьккхинчу орчу а доьхкина, герз юьртан паркехь дIалачкъийра.
Бехкеваран ерриге а пункташкахула присяжни заседательша цхьабарт болуш бехке лерира Бачаев.
2002-чу шеран 22-чу августехь Ростовски областан суьдо Ималиевна а, Маазовна а чохь яккха 22 а, 15 а шераш хенаш тоьхна. Нагалиев талламан органаша федеральни розыске велла.
Суьдо, Нохчийн Республикин прокуратурин пачхьалкхан бехкевархочунна хетачунна тIе а доьгIна, чIогIачу рожан колонехь яккха 16 шо хан тоьхна Бачаевна.
Шена вевзачунна тапча тоьхна
Хьалха-Мартан районан прокуроран заместитела Барабаш Дмитрийс суьде дIахьажийна РФ-н УК-н 105-чу статьян 1-чу декъаца а, 222-чу статьян 1-чу декъаца а (стаг вер, бакъо йоцуш герз Iалашдар) Дутаев Апти бехкеваран уголовни гIуллакх.
Иза къасточу хенахь гучуделира Хьалха-МартантIерчу вахархочо Дутаевс 2015-чу шеран 17-чу майхь шаьшшиъ Iалхан-Юьртан хьуьнан асанехь волчу хенахь Магомадов Рамлина доьазза «Стечкин» тапча тоьхна а, больнице вуьгучу хенахь оцу чевнех иза кхелхина а хилар.
Бехке веш волчо бехк шена тIе ца лацахь а, юьхьанцара таллам дIахьочу хенахь Дутаев бехке хилар чIагIдеш долу дуккха а тоьшаллаш гулдина талламан органаша. И тайпа зулам дарна уголовни кодексехь билгалдина пхийтта шаре кхаччалц хан тохар.
Хьашташ хьакъ ма-дду кхочуш цадича…
Пачхьалкхан хьашташ кхочушдаран декъехь талхораш хилийтарна уголовни гIуллакх долоран хьокъехь болчу республикин прокуроран заместителан Степанов Вадиман сацам къастийра Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан суьдехь.
Бинчу талламо гайтира объекташ пачхьалкхан кадастран хьесапе эцаран хьокъехь Хьалха-Мартан районан кхаа вахархочун дехар «ФКП Росреестр» ФГБУ-хь законо цу гIуллакхана хIоттийначу итт дийнал тIаьхьа къастийна хилар. И бахьанехь филиалан инженерана Дениева Амнатана дуьхьал административни гIуллакх долийра РФ-н КоАП-н 5.63 статьян 1-чу декъаца нийса а догIуш. Цунна таIзар дина гIуда тохарца.
Нехаш гулйина меттигаш цIанйийр ю
Шелковски районан суьдо къастийна бакъо йоцуш кхоьллина нехаш гулъяран меттигаш дIаяхарна тIехьажийна меттигерчу шаьш урхалла даран органо хьакъ доллу гIуллакхаш деш цахиларан хьокъехь долу районан прокуроран заявлени.
ГIуллакх къастош тидаме ийцира Шелковски муниципальни районан администрацис оцу Iалашонна къастийначу 16 объектах пачхьалкхан унитарни предприятеша пайдаоьцуш хилар. Администрацис, законан лехамаш хьесапе а ца оьцуш, вовшахтоьхна юьртабахаман Iалашонан оцу латтанаш тIехь нехаш гулъяран меттигаш.
Районан прокурора Ясуев Рустама суьде дийхира бакъо йоцуш вовшахтоьхна йолу нехаш гулъяран меттигаш дIаяхар администрацина тIедиллар. Цо буьззинчу барамехь жоп а делира прокуроран дехарна.
ХIусам долахочунна юхаерзийна
Регионан Лакхарчу суьдан граждански гIуллакхашкахула йолчу суьдан коллегис къастийра Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районан суьдо бинчу сацамна елла хилла апелляци. Эсембаева Заремас шен хIусам юхаерзор доьхуш йинчу искан лехамца боьзна бара хьалхарчу тIегIанан суьдо бина и сацам.
Эсембаевас Ахазаев Зайналбеке бина лехам нийса лерира коллегис, хIусам йохкаран-эцаран барт бух боцуш а лоруш: хIусаман долахочо суьде дIаделира схьайиллинчу акционерийн «Кавтрансстрой» юкъараллин юкъараIойлехь и хIусам къасторан хьокъехь гIишлошъяран-монтажни поездан профсоюзан комитетан а, администрацин а цхьаьний хиллачу заседанехь тIеэцначу сацаман протокол.
Цунна тIе а доьгIна, коллегис ца хуьйцуш битира хьалхарчу тIегIанан суьдан сацам.
Прокурора хьалха хIотторца…
Пачхьалкхан «Курчалойн райфинурхалла» учрежденехь пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ кхочушдаран Iалашонца закупкийн декъехь контракташ хIитторан хьокъехь долу закон муха кхочушдо Курчалойн районан прокуратуро теллича гучуделира аукцион дIаяхьаран хьокъехь йолу документаци электронни хормехь кечъярехь иза дIайолоран а, чекхъяларан а хенаш билгалъяьхна цахилар. Контрактан проектана юкъахь иштта билгалбаьккхина бацара туху долчу гIуданан билггал барам а.
И бахьана долуш районан прокуроран заместитела Ахматов Джабраила учрежденин куьйгалхочунна Эльгириев Исхакана дуьхьал административни талхораш даран хьокъехь 8 гIуллакх долийна. Цаьрца йоьзна йолу материалаш Россин ФАС-н Нохчийн Республикехь йолчу урхалле дIахьовсийна.
Ведомствон сайта тIера
хаамаш кечбинарг – Л.БАКАРОВ.
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо