Хонкаран къилба-малхбалехь курдийн боевикаш стомара полицейскешна тIелетира. И тIелатар дар бахьанехь 12 полицейски вийна, 4-нна чевнаш йина.
***
Иракан къилбаседехь «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша 127 бер а, кхиазхо а лачкъийна. Уьш мичахь бу а, царах хилларг а хууш дац.
***
Великобританин Парламентан лахарчу палатин (палата общин) декъашхоша дIахьедина шаьш Великобритани Евросоюзана юкъара дIаяларехьа махкахь референдум дIаяхьарехьа хилар.
***
ХIара шо доладелчахьана дуьйна Герггарчу Малхбалин а, Африкин а мехкашкара лаххара а 378 эзар мигрант веана. ТIаьхьарчу хенахь уьш тIехдукха гулбелла Сербехь, Венгрехь, Испанехь, кхечу пачхьалкхашкахь.
***
Минскехь Контактни тобанан дийцарш хиллачул тIаьхьа дIадаьхьира йийсар бина хиллачу эскаргIуллакххойх цхьаберш паргIатбахар. Донецкана дIавелира йийсарахь хилла виъ ополченец, ткъа Украинна – ши салти.
***
Болгарин а, Желтойчоьнан а куьйгалло, Iамаркан лаам кхочушбеш, Шемин бахархошна гуманитарни гIо эцна доьлху Россин кеманаш шайн махкахула дIасадахар дихкина.
***
Таджикистанерчу Вахдат гIалина тIелетта хиллачу инарлин Назарзадин террористийн тобанех дукхахберш хIаллакбина, бисинарш схьалоьцуш бу. Стомара, масала, 24 зуламхо каравалийна.
***
ТIаьхьарчу шина шарахь Украинера 100 эзар стаг Iан-ваха веана луларчу Белоруссе. Царах цхьа а шайн махка юха дIаваха лууш а вац.
***
Молдовин Президента Тимофти Николаес дIахьедина Кишиневехь митинг дIахьош болчеран лехам кхочуш а бина, ша отставке гIур вац аьлла.
***
Тахана дIадуьйладелла Россин а, Белоруссин а тIеман Iамораш. Уьш дерзош ду хIокху беттан 16-чу дийнахь.
***
Россин Президент В.Путин Москвахь цхьаьнакхийтира Калужски областан губернаторан декхарш кхочушдеш волчу А.Артомоновца.
***
Гродно шахьарахь Россин премьер-министр Д.Медведев цхьаьнакхийтира ЕАЭС-на юкъайогIучу пачхьалкхийн премьерашца. Цара дийцаре дира вовшашца йолу экономикин зIенаш чIагIъяран гIуллакхаш.
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо