ТIеэцна сацамийн проекташ

Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара дIаяьхьира Правительствон рогIера кхеташо. Цигахь хьаьвсира нормативно-бакъонийн актийн бархI проекте.

«Сацамийн хьаьвсина йолу проекташ белхан тайп-тайпанчу дакъошкахь хьашташ кхочушдаран дикалла лакхаяккхарна а, бахархойн социальни гIолацарна а тIехьовсийна а, ткъа иштта бюджетни, лаьттан, административни законодательствох лаьцна а ю.

Хьалха хьаьвсинчу гIуллакхех цхьаъ дара «2015-чу шеран хьалхарчу эха шеран республикин бюджет кхочушъяран хьокъехь йолу отчет чIагIъяран хьокъехь» болчу Нохчийн Республикин Правительствон сацаман проект йийцаре яр. Проект цхьабарт болуш тIеийцира министрийн кабинето.

Правительствос иштта тIеийцира «Нохчийн Республикин муниципальни районашкахь а, гIаланийн округашкахь а, гIаланийн поселкашкахь а долахойн гIолацаран туьшаш яхкаран хьокъехь» болу сацам. ТIеэцначу нормативно-бакъонийн актана юкъадогIу билгалъяьхначу бахархой бехачу меттигашкахь дуккха а хIусамаш йолчу цIеношкахь долахойн гIолацаран туьшаш яхкар а, церан болх вовшахтохар а. ГIолацаран туьшаш яхкаран коьрта Iалашо ю бахархойн хьашташ кхочушдаран дикалла а, экономически санехь хилар а лакхадаккхаран пайдехь кеп юкъаялор а, хIусамийн-коммунальни бахам Iалашбар а. Документа тIехь иштта билгалдоккхуш ду гIолацаран туьшаш республикин муниципальни районашкахь а, гIаланийн округашкахь а, гIаланийн поселкашкахь а йохкуш а, цара шайн болх маьхза кхочушбеш а хилар.

Ша аьлча, туьшийн говзанчаша хIусамийн долахойн накъосталлийн (ТСЖ), территориальни юкъараллин шаьш урхалла даран а (ТОС) гIуллакхех лаьцна хIусамийн долахойн хаамийн-методически а, вовшахтохараллин а гIолоцур ду. ХIусамийн-коммунальни декъехь консультацин кхидолу хьашташ а кхочушдийр ду.

Кхеташонан жамIехь, даккхий доцу нисдарш а деш, тIеийцира сацамийн юкъаялийна йолу проекташ.

 

С.МИДАЕВ

№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: