Нохчийн Республика, Тюменски область, Алтай Республика, Томски область хьалха ю Россин халкъан фронтан а (ОНФ), «Могашалла» фондан а эксперташа кечйинчу «Россехь медицински гIо даран дикалла а, и гIо кхачар а» рейтингехь. Россин халкъан фронтан форумехь медицински гIо даран дикаллин а, цуьнга кхачаран а гIуллакхаш дийцаре деш хиллачу секцин кхеташонехь цунах лаьцна хаам бира Медицински хьашташ кхочушдаре хьовсаран «Могашалла» фондан директора Гаврилов Эдуарда.
«2014-чу шеран рейтингехь хьалха йолчарна юкъаяхана Тюменски область (49,5 балл), Нохчийн Республика (46 балл), Буряти Республика (45), Томски область (45). ЮьхькIоме доцу жамIаш гайтира Жуьгтийн автономни областо (19), Брянски областо (21), Чукотски автономни округо (26), Костромски областо (27)», – элира Э.Гавриловс.
Цуьнца цхьаьна билгалдоккхуш ду жигара карта кечдечу хенахь 2013-чуй, 2014-чуй шерашкахь могашалла Iалашъярца боьзна болчу Росстатан 11 гайтамах а, маьхза медицински гIо даран пачхьалкхан чIагIонийн территориальни программех а пайдаэцна хилар.
«Дика гайтамаш болчу регионашкахь хаалуш ду бахархошна юкъахь дестарийн цамгарех а, цIийн-пхенийн, кхечу цамгарех а нах, царна юкъахь къинхьегамна хьуьнаре болу хенаш ерш а тIехь, балар лахдалар. Ткъа бахархошна лоьрашца а, юккъерчу медицински персоналаца а кхачояр цигахь планаца билгалдинчу барамехь ду», – элира Гаврилов Эдуарда.
Л.МАЛАЕВ
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо