«Столица плюс» газетан керла редактор

  Кху деношкахь Нохчийн  Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джабулатан т1едилларца цуьнан заместитела  Гудаев Лоьмас  а, республикин журналистийн союзан председатела Хатуев Ислама а «Столица плюс»  газетан редакцин  коллективана  шайн керла  коьрта редактор вовзийтира.

 123

– 2002-чу шарахь дуьйна кху газетехь коьртачу редакторан болх бина йолу Абубакарова Марина дика белхахо а, накъост а хилла лаьттина массарна а. Газетана а, белхахошна а сагатдеш, цкъа а цхьанна а эшам ца беш, даггара болх бина цо. Шех ала диканиг бен ца дуьтуш чекх а яьлла, – элира шен къамелехь Л.Гудаевс. –  Цуьнан  шен лаамца  Марина  редакторан  декхарех мукъайитина, цуьнца доьзна газетан коьрта редактор чIагIвина Закриев Iийса.  ХIара вайна массарна а вевзаш ву. Журналистикехь кхуо болх бен дуккха а хан ю. Кхуьнан гIоьнца газет шен  чулацамца   керлачу тIегIане дериг  хиларх тешна а ду вай.

I.Закриевс кхул хьалха белхаш бина  «Нана» журналехь а, «Вести республики» газетехь а, кхийолчу меттигашкахь а, этнокультурин «Национальный колорит» журналан проектан автор а хилла.

Редакторан дарж шех  тешорна  баркалла  а олуш,  1.Закриевс  билгалдаьккхира:

– Редакцехь дика белхахой  бу, шайна тIедехкинчу декхаршца дика  ларор болуш. ТIейогIучу хенахь, тхайн ма-хуьллу, болх кхин а дика бан хьовсур ду тхо. Цхьацца керла рубрикаш,  дика ешархойн конкурсаш а еш, газетан электронни кеп керлачу тIегIане а йоккхуш, болх бийр бу. Иштта социальни сеташ чохь болх жигара дIакхехьа дагахь а ду тхо.

Цул тIаьхьа, редакцин белхахоша довха дешнаш элира шайн хиллачу коьртачу редакторх М.Абубакаровах лаьцна. Иза муха куьйгалхо хилла а, цо муха Iуналла дина а дийцира. Керла редактор а иштта хир ву аьлла дегайовхо  хилар а хаийтира.

 

Хь.АВХАДОВА

№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: