ТIеман шерашкахь хала хенаш хиллехь а, хIинца дин лело а, и кIорггера довза а, Къуръан Iамо а маьрша ду вай. Цу декъехь вайн республикехь болх беш дуккха а хьуьжарш ю. Царах цхьаъ ю Соьлжа-ГIалара «Аль-Къуръан» цIе йолу хьуьжар. Иза схьайиллина 2006-чу шарахь. Хьуьжарехь 3 дешаран чоь ю. ЙоьIарийн а, кIентийн а 7 тоба ю, хIора тобана юкъахь 25 дешархо хуьлу. Уьш кхаа сменехь Iамош бу. Хьуьжаран хьехархой дешархошна «Таджвид» Iилма кIорггера Iаморехь къахьоьгуш бу. Иза Къуръан доьшучу хенахь, меллаша а, сиха а дешаран бакъонаш шеца йолу Iилма ду. Иштта, ламаз нийса муха дан деза а Iамаво цигахь. Хьуьжарехь доьшуш бу шайн балхахь а, некъахь а болу нах, масала, лоьраш а, школашкара хьехархой а. Билгалдаккха лаьа, цу хьуьжарехь 78 шо долу мутаІелам хилар. Цо гойту, ханна воккха хиларо муьлхха а Iилма Iаморехь новкъарло еш ца хилар. Хьоьхуш дерг сиха дIалоцурш а, мелла а тIаьхьабуьсурш а хуьлу дешархошна юкъахь. Цундела, лерина вовшахтоьхна цхьа тоба ю, цу юкъахь Iемаш бу программина тIаьхьа ца кхуьушберш. Хьуьжарехь дешаран 3 курс ю, цхьа курс кхаа баттахь чекхйолу. Дукхахьолахь, аьхкенан каникулашкахь дуккха а дешархой хуьлу хьуьжаре оьхуш. Вайна ма-хаъара, ламаз уггаре а дезачу фарз лерина ду. Хьехархоша шаьш яздина дешаран жайнаш ду. Цаьрца болх бо цара шайн дешархошца. Хьуьжарехь дезачу деношкахь цхьаьнакхетарш а дIахьо. Кьаъсттина цара даздеш дерг – иза Мархин а, ГIурбан а Iийда ду. ХIокху шарахь ГIурбан Iийда долчу дийнахь берриге а дешархой схьа а гулбина, мовлад доьшуьйтуш, царна хьехам а беш, цхьаьнакхетар хилира. Цуьнан коьрта Iалашо яра – Марха дастарна санна ГIурбан Iийданна нехан тидам тIебахийтар. Билгалбаха лаьа, хьуьжарехь шайн ницкъ ма-кхоччу, къахьоьгуш болу белхахо: хьуьжаран директор Хажбахмадов Хьамзат, завуч Губашев Гилани, хьехархой – Муцагов Ахьмад, Лобазанов Рамзан, Гараев Суфъян, Гажаева Iайша, Махамаева Асет, Гараева Марет. Даггара Дела реза хила ала лаьа царна, цара вайн тIаьхье ийман долуш, ламазца а, мархица а хилийта къахьегарна.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт