Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву Африкин а, Герггарчу Малхбален а мехкашкара тIамах бевдда лелачарна гIо дарна берриге а ницкъаш тIебахийта. Иза бусалбанийн пачхьалкхийн куьйгалхошка кхайкхира, цхьаьна а гулделла, и гIуллакх къасторе.
Цо дийцарехь, Малхбузено питанаш туьйсуш, исламан мехкашкахь чоьхьара къийсамаш хилар бахьана долуш, бIеннаш эзарнаш адамаш хIаллакьхуьлуш ду.
«Ткъе цхьолгIа бIешо! Малхбузено а, США-с а лекхачу трибунашна тIера маьхьарий детта демократин хьокъехь, цара чIагIдо адаман дахарал деза хIумма а цахилар. Амма дечу гIуллакха тIехь цара гIо до Афганистанехь, Иракехь, Шемахь, Палестинехь, Ливехь, Йеменехь, Алжирехь, Суданехь, Сомалехь, бусалбанаш бехачу кхечу мехкашкашкахь а иттаннаш миллионаш нахана бохамаш хиларна. США-с а, Европо а дохийна и мехкаш, хIаллакйина церан экономика, питанаш тесна цигахь еххачу хенахь къовсамаш хиларна, церан догдиллина болу бахархой тIамах бевдда леларна тIебалийна», – элира цо.
Кадыров Рамзана иштта билгалдаьккхира тIемех а, мацаллех а бевдда, бIеннаш эзарнаш нах Европе кхача гIерташ хилар.
«Амма уьш Средиземни хIорда буха оьхуш, автофургонашна чохь садукълуш, хIаллакьхуьлу. Африкин а, Азин а эзарнаш, эзарнаш бахархошна кешнаш хилла дIахIоьттина хIорд. ООН-н Генеральни секретара Пан Ги Муна а, Европин мехкийн президенташа а, премьераша а боху «шаьш чIогIа гIайгIа йолуш ду». Проблема кхоьллина долчу бахьанех лаьцна а ца дуьйцуш, цуьнан тIаьхьенашца къийсам латторца къасталур яц иза. Билггал иза деш ю Европа», – элира цо.
Республикин Куьйгалхочо иштта билгалдаьккхира Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бусалбанаш вовшашна гIо даре а, гIолацаре а кхайкхина хилар. Бусалбанийн мехкийн куьйгалхой декхарийлахь бу гуманитарни проблема кхочушъярна юкъабаха.
Кадыров Рамзана билгалдаьккхира, герзаш а карахь къийсамаш хилар бахьана долуш, иттаннаш эзарнаш бусалбанаш – зударий, баккхий нах, бераш, кегийрхой – хIаллакьхуьлуш хилар. «Оцу хьелашкахь исламан мехкийн куьйгалхойн бакъо яц бист а ца хуьлуш, юьстахбевлла Iен, тергамхой хилла латта. Къематан дийнахь цунах жоп дехар луьра хир ду.
Со кийча ву хьал хийцарна гIо дарна, оцу мискачу нехан гIолацарна берриге а ницкъаш тIебахийта. Цундела со Турцин, СаIудийн Аравин, ОАЭ-н, Катаран, Оманан, Бахрейнан, Кувейтан, Иорданин, Индонезин, Малайзин, Казахстанан, Туркменин, Узбекистанан, Азербайджанан, Таджикистанан, бусалбанийн дерриге а кхечу мехкийн куьйгалхошка кхойкху динехула болу вайн вежарий ларбан дIахIиттаре», – элира Кадыров Рамзана.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира, «нагахь санна тахана Малхбузен акхараллин политикина дуьхьал ца хIиттахь, кхана зулам муьлххачу а исламан махка дан тарлуш хилар».
«Со кхойкху шуьга и гIуллакх дийцаре даре, иза къасторан юкъара некъ билгалбаккхаре, иза дарца эзарнаш эзарнаш нехан дахар кIелхьарадаккхаре. Кхана тIаьхьа хила тарло», – жамI дира Кадыров Рамзана.
С.ДАНАЕВ
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо