«Россельхознадзоран» Нохчийн Республикехула йолчу урхалло хаам бо 2-чу эха шарахь бахархой тIеэцаран графикца нийса а догIуш, Россин Федерацин Президентан Нохчийн Республикехь йолчу Приемнехь бахархой тIеоьцург хиларх лаьцна.
Бахархой тIеэцаран де а, хан а – 2015-чу шеран 23-чу сентябрехь 10:00 сахьт даьлчахьана 17:00 сахьт даллалц.
ТIеэцар дIахьош йолчу меттиган адрес:
Соьлжа-ГIала, Старопромысловски некъ, №7, Россин Федерацин Президентан Нохчийн Республикехь йолу Приемни.
Бахархой тIеоьцу «Россельхознадзоран» Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин куьйгалхочо Хасиев Хожа-Ахьмада.
«Россельхознадзоран» Нохчийн Республикехула йолу урхалла.
№102, еара, 10 сентябрь, 2015 шо