Халкъан тидамаш

Iуьйре  цIийелча, йочана хир ю олу, ткъа суьйре цIийелча йоькхана хир ю олу.

КIур ирх оьхуш белахь  йоькхана хир ю,  агIор  оьхуш белахь кхоьлина хир ю олу.

Цициг хьаьрчина  дижина делахь, йочана  хуьлу олу.

Мотт ца хуу бер «бур-бур» деш делахь, йочана хир ю олу.

Энаш долу стаг цара цIаьххьана хьовзавахь, йочана хила герга ю олу.

Сийна бIаьргаш болчун бIаьргаш сов къегина белахь а, йочана хуьлу олу.

Цициго аьтту тIодаца муцIар  йилча йоькхана хуьлу олу, ткъа аьрру тIодаца йилча йочана хуьлу олу.

ЖIаьла лайлахь керчича дарц долу олу.

Къийгаш Iуьйранна маьхьарца меттахъевлча,  йочана хуьлу олу.

Котамаш екча а, йочана хуьлу олу.

Синтар дуьйчу хенахь буьйсанна беттаса кхетахь, стиглахь дуккха а седарчий долуш хилахь, дийначу синтаро хьийкъина стом латабо олу.

Зингатийн бен бохийча, йочана хуьлу олу.

Бийна лаьхьа коьллаш тIе  я керта тIе хьалаоьллича,  йочана хуьлу олу.

ГIенах сирлачу хих ваьлча, къинойх цIанло олу.

ГIенах церг яьккхича, чоьхьарниг ле олу, ткъа кхела яьккхича, арахьара стаг ле олу.

ГIенах боьха хIума гича, хьагI ю олу.

Куьйган кераюкъ кIамъелча, тIе рицкъ догIу олу.

Коган кераюкъ кIамъелча, некъ бо олу.

Меран буьхьиг кIамбелча, даггара кхаъ кхочу олу.

Диъ га долу буц гIевланга а йиллина  дIавижча, хин йолу зуда го олу.

ТIера хеча гIевланга йиллича, вон гIенаш го олу.

Дуьххьара буьйса йоккхучу цIийнан еа маIIехь тIера охьаяьхна хIуманаш а ехкина, охьавижча, хьайга йогIу йолу йоI го олу.

Котаман IаддаргIа (букъа даьIахк) гIевланга а йиллина дIавижча, еза йоI гIенах го олу.

Аьтту бIаьрг бегийча, халахетар хуьлу олу.

Аьрру бIаьрг бегийча, хазахетар хуьлу олу.

Мера кIело кIамъелча, жижиг дуу олу.

Аьтту лерг дегийча, зуда ялайо олу, ткъа аьрру лерг дегийча, зуда  дIайоьду олу.

Лергаш  догуш  велахь,  цхьаммо  вочу агIор хьехаво олу.

КIесар кIаг кIорга хилча, харц лоь олу.

БIаьрган негIар тIехь сурх яьлча,  бIаьрмециг ву (ю) олу.

Куьйга корта а лаьцна Iаш хилча,  нана ле олу.

Хиъна Iаш когаш ластийча, нана ле олу.

Зорбане кечйинарг – Б.СУЛТАНОВА

№103, шот, 12 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: