Хьоза
Вайн махкахь 312 кепара хьозарчех тера олхазарш ду . Церан 96 тайпа ду. Кхоъ хьалха, цхьаъ т1ехьа, биъ п1елг хуьлу оцу тайпанех долчу олхазарийн. Х1оаш, кхечу олхазарш даьхча санна, т1едарчий долуш , доцуш а, к1айн, кхечу басахь а хуьлу церан.
Церан дахар тайп-тайпанчу мехкашкахь, меттигашкахь ду, адамаш дехачу ярташкахь, г1аланашкахь, лаьмнашкахь, хьаннашкахь хин-бердан йистошкахь, , тог1ешкахь, цанашкахь, ялтийн, бецан аренашкахь. Зуламе садолу х1умнаш цара х1аллакъярна, 1аламна пайдехь лерина уьш.
Буьйсанан мокха хьоза
(Козодой)
Деха ц1ога а,т1емаш а долуш, кхокханал жимо мокха хьоза ду вайн махкахь хуьлуш . Т1ера месаш нилха а, к1еда а ю цуьнан, когаш боций, б1аьргаш баккхий бу. З1ок йоца ю, бат шуьйра ю. З1акара юххехь шина а аг1ор ют1кхий месаш ю. Буьйсанна ду цуьнан кхерстар а, лелар а. Дийнахь диттан гаьн т1ехь я лаьттахь охьахуий 1а иза. Оьрсаша «Козодой» олу цунах. Коьрта т1ехь а, белшаш т1ехь а, дег1ан дохалла а 1аьржа моханаш ду цуьнан. Дахар хьаннашкахь, буц-аренашкахь, лаьмнашкахь д1ахьо цо. Цхьаъ ша а, шишша цхьаьна а хуьлу уьш. Д1ай-схьай кхелхачу хенахь г1еранаш хуьлу церан. Баннаш лаьттахь до, буха х1ума а ца тосуш. Тойна май-июнь баттахь доккху. Беса т1едарчий а долуш, сирчу басахь ши х1оа хуьлу цуьнан. Т1ома далар раз лелхаш, хьийзаш хуьлу. Буьйсанна полларчий а, чуьркаш а, кхин йолу садолу х1уманаш а юу цо, дедда доьддушехь х1аваэхь схьа а лоьцуш.
Зорбане кечйинарг – Б.АМАЕВА
№103, шот, 12 сентябрь, 2015 шо

