Берашна дукхавеза иза

Генахь Iаш волчу вешел а, уллехь Iаш волу лулахо гIоли ву, олуш нохчийн кица ду-кх. Иза иштта дан а ду. Дика лулахо хилар баккъал а доккха беркат ду. Ишттачарах цхьаъ ву Грозненски районан Радужни юьртан вахархо Нуриев Нурди. Иза вина 1937-чу шеран 9-чу майхь Веданан районан Гезинчу юьртахь. Жимчохь дуьйна а дукха  халонаш лан дезна Нурдин: нохчийн, гIалгIайн къаьмнаш махках дохучу хенахь Даймахках ваккхар, цигахь дех-ненах къастар. Доцца аьлча, цхьа а воккхавийр волуш бералла ца хилла воккхачу стеган.

IMG-20150802-WA0084

Халонах ца къехкаш, тайп-тайпана белхаш бина Нурдис. Иза даима а хилла хьанал рицкъ лохуш.

Карарчу хенахь кхоъ йоI а, ворхI берийн бер а ду Нурдин. Цхьаъ бен воцу кIант тIаьххьарчу тIамехь вийра цуьнан. И бохам чIогIа хала лайра цо,   дуьйцу воккха стаг вевзачара.

Нурди лулахоша лоруш, къаьсттина берашна  дукхавезаш воккха стаг ву. Цуьнан адамаллин лаккхара мах хадабо цара. Цхьа шатайпа цIена адам ду иза. Иштта ца хилча, берийн доттагI а хир  вацара цунах. Нурдин хIусамехь даима а аьлча санна, бераш хуьлу,– шайн гергарнаш, луларнаш. Мел хала амал йолчу бераца а бийца мотт карабо цунна. Шайн «воккхачу» доттагIчо дечу  хьехаршка, дуьйцучу туьйранашка,  забаршка, дийцаршка лерина ла а дугIу бераша. ХIинца а, ша воккха вара аьлла ца Iаш, лулахошна, гергарчарна гIо дан лууш хуьлу иза. Доккха беркат ду иштта адамаш юьртахь, урамехь хилар.

 

ДАНСАЛИКОВА Аза

№103, шот, 12 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: