Дайша лелийнарг карладоккхуш

Нохчийн Республикерчу куьйги говзаллин декъехь къахьоьгуш болчу пхьераша вошахтоьхна Декоративни-прикладни исбаьхьаллин говзанчийн ассоциаци. Цуьнан Iалашо ю вайн республикера пхьераш цхьаьнатохар, уьш вовшийн бевзаш, церан вовшийн уьйр хилийтар. Ассоциацин говзанчаша дакъалоцу Халкъан кхоллараллин туьшо,  вовшахъеттачу фестивалашкахь, конкурсашкахь. Иштта Соьлжа-ГIаларчу Журналистийн скверехь 8-чу сентябрехь дIабаьхьира куьйга говзаллин «Пхьеран суй» гайтам. Иза вовшахтоьхнера Ассоциацин декъашхоша Нохчийн Республикин культурин министерствоца, Соьлжа-ГIалин мэрица цхьаьна.

IMG_7444

Гайтам схьабелларехь  дакъалецира культурин министран заместитель Милькиев Рустама,  этнографа Хасиев Сайд-Мохьмада, кхечу  хьешаша. Куьйгийн говзанчийн Абкаров Айсан, Ясаев Хьасенан, Абдулаев ИбрахIиман, Дудаев Бесланан, Дуцаев Сайханан, Мутулаев Юсупан, СолтымурадовгIеран Iелин, Лом-Iелин, Бакараева Зульфиян, Идрисова Азин, МакаловагIеран Яхин, Хедин, Умарова Элинин тIергIах, туьтех дина исбаьхьа суьрташ а, керамиках, гипсах, дечигах, куьзганах йина тайп-тайпана хIуманаш а яра гайтаме яьхнарш. Масала, бIаьвнийн, адамийн, вайна гонахарчу Iаламан суьрташ.

IMG_7459

Гайтам вовшахтухуш къахьегначу, кхийра пхьегIийн, суьрташ дахкаран  говзанчас Бакараева Зульфияс элира:  «Оха хIара гIуллакх дIадолоран Iалашо ю вайн дайн говзаллаш денъяр, этнографийн вовшашца уьйр хилийтар, тIейогIучу хенахь пхьераша дан деза гIуллакхаш дийцаре дар, вайн къоман дика агIонаш карлаяхар. Лаккхарчу корматаллин тIегIан тIе довла гIерташ къахьоьгуш ду тхо. Вайна гонахарчу халкъийн тIегIане дIакхача къахьега деза. ХIунда аьлча церан дика кхиъна йогIу и говзаллаш. Пайда бохьу гIуллакх доцу дела кегийрхошна ца лаьа цу декъехь къахьега. Халахеташ делахь а, куьйган говзаллаш де-дийне мел долу юкъара дIайовлуш, хIаллакьхуьлуш ю. ХIара-м тIаьхьа дийр дара ас, цкъа цхьана балха а вахана сом доккхур ду ас олий, дуьс-дуьсуш и хIуманаш дуьсу.

ТIейогIучу хенахь, шех эца доккха беркат долчу Хасиев Сайд-Мохьмадах дага а довлуш, тхайн белхаш дIабахьа дагахь ду тхо».

З.Бакараевас дийцарехь, Соьлжа-ГIалахь иштта гайтамаш сих-сиха (хIора мукъачу деношкахь) дIабахьа дагахь бу уьш. И гIуллакх дIадахьаро говзанчашна гIодийр ду церан белхаш нахана бовзийта, бохка, иштта кегийрхошна мастер-классаш яла.

Пхьераша шайн говзаллаш жимчохь дуьйна кхиийна хилар гуш ду церан белхашкахь. Дукха гIирсаш гулбан безаш, харжъян езаш, къахьега дезаш гIуллакх ду иза.

Нохчийн къоман исбаьхьаллин говзаллаш вайн культурех къаста йиш йоцу цхьа агIо ю. Гайтамо гIо до вайн къоман хьалх-хьалха заманашкахь хилла йолу, амма тахана, халахеташ делахь а, йицъелла йогIу куьйган говзаллаш карлаяха, Iамо, кегийрхошка дIакховдо.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан суьрташ

№103, шот, 12 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: