Тоьллачу хьехархошна – совгIаташ

P1010456u

Соьлжа-ГIалахь Профсоюзийн цIийнехь республикин хьехархоша   дакъалаьцначу конкурсийн  жамIаш  дар  дIадаьхьира  кIирандийнахь, 24-чу ноябрехь.

Нохчийн Республикин Дешаран  белхахойн  профсоюзо  вовшахтоьхнера  школийн агитбригадашна   юккъехь а, хьехархойн  литературин говзалла  къовсарехь а  йолу конкурсаш.

Цу гIуллакхан мах хадон  вовшахтоьхначу  жюрино бинчу   белхан   жамIаш дара  кхузахь  довзийтинарш.

Мероприяти  дIайолалуш, иза  дIахьош болчу – Нохчийн Республикин хьакъ  волчу артиста  Аюбов Мусас а, «Грозный» телевиденин телеведующи йолчу Давлетмирзаева  Мадинас а дош  делира  Республикин  Дешаран белхахойн  профсоюзан председательна Герзелиев  Хизарна. Цо  шен  къамелехь  лаккхара мах  хадийра  вайн республикин  хьехархойн, дийцира, шайн  белхан  корматалла хилла ца Iаш, церан сценин а, литературин  а  говзалла  хиларх  лаьцна. Герзелиевс  гулбеллачеран  тидаме  диллира хьехархоша профсоюзийн  дахарехь  жигара  дакъалоцуш  хилар. Шайн  белхан  бакъенаш  ларъярехь уьш  къаьсттина сема бу, цундела  профсоюзан  организацица уьйр  гуттар а латтайо  цара. Къамел дерзош,  кхуза   баьхкина   зударий-хьехархой Россин  Нанойн денца  декъалбира  цо.

Билгалдаккха  догIу, школин  агитбригадийн конкурс вайн  республикехь  дуьххьара  дIахьош хилар. Цигахь дакъалоцуш  174  хьехархо  вара  республикин   15 районера. Литературин  конкурсехь дакъалоцуш 150 сов  хьехархо  вара.

Цул тIаьхьа литературин  конкурсехь  тоьллачу  хьехархошна совгIаташ дира. Царна  юкъахь  конкурсан  лауреаташ а, дипломанташ а  бара. Толам  баккхарна  дипломаш  даларал сов ахчанан  совгIаташ а  делира.

Цул тIаьхьа, агитбригадийн  конкурсехь  тоьллачарна   совгIаташ  делира. Агитбригадин цхьа а декъашхо совгIат  доцуш ца витира Дешаран белхахойн  профсоюзан   куьйгалло.

Жюрино билгалбехира  конкурсехь, къаьсттина  жигара  дакъа а лоцуш,  шайгара  лаккхара  говзалла  гайтина, доккха похIма  йолу  агитбригадаш: Грозненски  районера Первомайски юьртан  юккъерчу школин а,  Гуьмсан   районера  цхьаьнатоьхна а, Соьлжа-ГIалара  Ленински районерчу школийн   цхьаьнатоьхна а, Теркан  районера  Іели-Юьртан юккъерчу  школин  а,  Невран районера  Рубежное станицин юккъерчу  школин  а.

СовгIаташ  далар  дIадирзинчул  тIаьхьа агитбригадин  декъашхоша концерт  елира. Цара лехначу  эшарийн а, забаречу сценкийн  а  номерш  профсоюзан а лерина яра. Шайн  чулацамечу эшаршца  билгалъелира Гуьмсан  районера цхьаьнатоьхна тоба.

Текстийн а, музыкин а  автор волчу  Асхабов  Iабдул-Iазиза  дика кечйинера  шайн  агитбригада.

Жюрино  леррина совгIат  даларца билгалбаьккхира  цу похIмечу хьехархочун къинхьегам.

Конкурсийн жамIаш  дарал совнаха, литературни   конкурсехь  толам  баьккхинчеран а, дакъалаьцначеран а говзарш  тIехь  йолчу  «Дахаран  зIийдагаш»  («Ростки  жизни»)  киншкин  презентаци  а  хилира   кхузахь. Цхьаьнакхетар дIахьош  долчу  Асхабов  Мусас а,  Давлетмирзаева Мадинас а масех  авторан  стихаш йийшира.

Иштта чекхделира хьехархойн  литературин а, сценин а говзаллаш гайтаран конкурсийн жамIаш дар.

М.АРСАНУКАЕВ

Авторан сурт

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: