11-гIа сентябрь, 1941-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь вина Багаев Муса, историн Iилманийн доктор, профессор.
15-гIа сентябрь, 1922-гIа шо. Хьалха-МартантIехь вина Индербиев Мохьмад (кхелхина 2007-чу шарахь), Нохч-ГIалгIайн АССР-н хьакъволу лор, Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман дакъалацархо.
15-гIа сентябрь, 1819-гIа шо. Инарла Сысоев коьртехь хиллачу паччахьан эскарша йохийна Дади-Юрт.
16-гIа сентябрь, 1933-гIа шо. Шелан кIоштан Гермачигахь вина Вагапов Якъуб (кхелхина 1996-чу шарахь), филологин Iилманийн кандидат, «Сарматы и вайнахи» книгин автор.
18-гIа сентябрь, 1885-гIа шо. Соьлжа-ГIалахь вина Магомаев Iабдул-Муслим (кхелхина 1937-чу шарахь), композитор, дирижер, Азербайджанан искусствийн хьакъволу деятель.
18-гIа сентябрь, 1897-гIа шо. Сиржа-Эвлахь вина Шерипов Асланбек (кхелхина 1918-чу шарахь), публицист, юкъараллин гIуллакххо, граждански тIеман дакъалацархо.
№103, шот, 12 сентябрь, 2015 шо