Ялх стаг цIарах кIелхьараваьккхина

Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу Маяковскийн городокехь дуккха а хIусамийн цIеношкахь цIе яьлча, дейтта шо кхаьчначу кхиазхочо бохамах кIелхьараваьккхина ялх стаг, царех кхоъ бер а долуш..

kids

Тепишев Адам школера цIа вогIуш, цIенойн доьалгIачу гIат тIерачу корах арабуьйлуш кIур гира цунна. Лулахоша кIанте хаам бира йогуш йолчу хIусамехь бераш хиларан хьокъехь. КIант, кхин ойла ца еш, берашна гIо дан сихвелира.

Ерриге а подъезд кIуьрах юьзнера. Адама дийцарехь, школехь лучу балхана а, дахарна а кхерам ца хилийтаран урокаша (ОБЖ) гIо дира цунна хIусамна тIекхача:  охьа а теIаш, дIаоьхура иза, юьхьа дуьхьал коч лецира, садеIар а лагIдира.

Цхьадика, хIусаман неI йиллина хиллера. Чохь буькъа  кIур хилар бахьана долуш чуьра хIуманаш  халла бен ца къаьстара. Бераш чIогIа кхераделла а, шаьш хIун дан деза ца хууш а дара. Адама цаьрга элира, юьхьа дуьхьал кучамаш лаца, тIаккха вовшийн куьйгаш а лаьцна, бераш кхерамечу хIусамера арадевлира.

ХIусамехь цIе яьлча, баккхийчарех цIахь цхьа а вацара: да балхахь вара, ткъа нана школе даха кечдеш, берашна тIеюху хIума эца араяьллера.

Дукха хан ялале цIе яьллачу метте баьхкира Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу гIаролан №5 йолчу цIе яйъаран-кIелхьарадахаран декъан белхахой. Цигахь хиллачара дийцарехь, цIийнан берриге а бахархой шайн хIусамашкара арабевлира. Цул тIаьхьа газах, кIуьрах ларбаран гIаролхой цIе яйа буьйлабелира.

Амма дукха хан ялале гучуделира йогучунна дуьххьал  йолчу хIусамехь ши шо кхаьчначу йоIаца цхьаьна зуда йисина хилар – кIур IаьIначу подъезде яла ца хIоьттинера и шиъ. Кхин цхьа стаг а висина хиллера кхозлагIчу гIат тIехь йолчу хIусамехь. ЦIе яйаран декъан белхахоша уьш арабехира садеIа таро йоцчу меттехь садеIалучу леррина болчу гIирсашца.

ЦIе сихха дIаяйъира. Кху сохьта къастош ду цIе яларан бахьана.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин хьаькама Яхъяев Руслана дийцарехь, къоначу турпалхочо шегара гайтина хьуьнар тидам ца беш дуьтур дац.

– Карарчу хенахь жимачу стагана «ЦIе яьллачохь хьуьнар гайтарна» аьлла долу ведомственни совгIат дан кехаташ кечдеш ду. Иза иштта «Бераш-турпалхой» номинацехь «Къонахаллин седарчий» фестивалан дакъалацархошна юкъа а вахийтина, – хаам бира Яхъяев Руслана.

Россин МЧС-н Нохчийн Республикехула йолчу Коьртачу урхаллин пресс-служба

№103, шот, 12 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: