ХIокху деношкахь Кунта-Хьаьжин цIарах йолчу Россин исламан университетера студенташ, шайн коьртехь университетан ректор Мутушев Iабдурахьим а волуш, вайн республикерчу масех зияртехь хилира. Уггаре а хьалха уьш кхечира Иласхан-юртарчу Кунта-Хьаьжин ден Киши-Хьаьжин, вешин Моцин зиярте. Цаьрца цхьаьна вара Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директор Дадаев Ризван-Хьаьжа. Цо студенташна дуккха а дийцира эвлаяан дахарх а, цуьнан мурдех а, гергарчарех а лаьцна.
Цул тIаьхьа уьш кхечира Кунта-Хьаьжин ненан Хедин зиярте, Эртана. Цигахь гулбеллачара зуькарш дира, Везачу Деле дерриге а нохчийн къомана къинхетам а, беркат а доьхуш доIа дира.
I.Мутушевс дийцира шаьш хIора шарахь студенташца цхьаьна зиярте даханчул тIахьа бен университетехь занятеш йолош цахиларх лаьцна.
Кху шарахь зиярташкахь хилира 200 студент, царех дукхахберш хьалхарчу курсера бара. Царна юкъахь зиярте дуьххьара баьхкинарш а бара. Вай, Къуръано бохург а деш, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) суннаташ лардеш, тIарикъатан некъа тIехь кхио деза вайн тIекхуьуш долу чкъор, билгалдаьккхира Мутушев Iабдурахьима.
Шен вистхилар дерзош, ректора студенташна тIедиллира дешарехь кхиамаш бахар, вайн шайхийн а, устазийн а хьакъдоллу тIаьхье хилар а.
Студенташа баркалла элира вузан куьйгаллина, оцу езачу меттигашка кхача шайн таро хилийтарна.
А.ТУРШИЕВ
№103, шот, 12 сентябрь, 2015 шо