АБУЕВА Румиса Октябрьски районан Мичуринан поселкехь ехаш-Iаш ю. ГIиллакхе, оьзда, хила ма-еззара нохчийн зуда ю Румиса. Иза евзачара дикачу агIор бен цунах дош олуш ца хезна суна. Муьлххачу адамашца бийца юкъара мотт карабо Румисина. Мичуринан поселкерчу №16 йолчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархо а ю иза. Шен дешархошна дукхаезна ца Iаш, церан наношна а дукхаеза Румиса . Иштта зуда, хьехархо тхайн поселкехь хилар доккха совгIат ду аьлла хета суна. Дала дукхаяхайойла иза. Ша санна гIиллакхе, оьзда кегийрхой кхин дуккха а кхиабойла цо.
Дадаханова Луиза, Мичуринан поселкан яхархо
ДАКАЕВА Маруса Гуьмсан районан Гезлой-Эвлара яхархо ю. Итт беран нана ю иза ( пхи кIант а, пхи йоI а). Доьзална уггаре а оьшучу хенахь, тIера хIусамда а кхелхина, байш лелош йисира иза. ТIехIоьттинчу халонех ца къехкаш, шен доьзална тIеюха, кога юха, баа кхача латтийна цо. Дика нана, оьшучохь дика хьехамча хилла схьайогIуш ю иза. Доьзал а бу гIиллакхе, оьзда. Иза иштта хир дацара, Марусас жимчохь дуьйна царна уьш хьоьхуш ца хиллехь. Юьртахь массарна а езаш, гIиллакхе, яхь йолуш, диканехь-вуонехь цхьабосса дакъалоцуш ю Маруса. Юьртахой цецбуьйла, тIехь хIусамда воццушехь, иза иштта дика ларорах. Дела реза хуьлда цунна. Дала сий дойла нохчийн ишттачу зударийн.
Вегиева Макка, Гезлой-Эвлара яхархо
МАЧАЕВА Товсари Грозненски районан Октябрьски юьртан яхархо ю. Цигарчу юккъерчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш ю иза. Товсари евзачаьрна массарна а хаьа, иза муха оьзда зуда ю. Цхьа хьалхалера вайн денаной, наной санна, зуда ю иза. Хаза, аьхна иза йистхуьлуш, дагчохь синтем кхоллоло. ЦIена нохчийн зудчун васт ду цуьнан. Цундела, Товсари евзачарна а, цуьнан дешархошна а дукхаеза, лору иза. Иштта ца хуьлийла а дац. Нохчийн зудчун хазачу гIиллакхаша, оьздачу матто тIедожадо шеца гIиллакхе хилар. Товсари оьзда хьехархо санна евзина ца Iа юьртахошна, иза дика нана а ю. Цуьнан доьзал бу цо дика Iамош. Дела реза хуьлда цунна. Дала и санна болу зударий ма эшабойла вайн къомана.
Джавотханова Луиза, Товсарин хилла дешархо
№103, шот, 12 сентяблрь, 2015 шо