1990-чу шарахь керла редактор веара «Ленинан некъ» газете. Иза республикехь дика вевзаш волу поэт Абдулаев Леча вара. Ша болх бан волавеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна редакцехь хийцамаш бан волавелира иза. Уггаре а хьалха хийцира газетан цIе. Х1етахь дуьйна газетан ц1е «Даймохк» ю. Редакце баьхкира лаккхара дешаран заведенеш чекхъяьхна а, кхечу газеташкахь еххачу хенахь болх бина а болу лаккхара корматалла йолу журналисташ. Царех цхьаъ вара Юнусов Хьамзат.
Цхьаьна болх беш, хан яларца Хьамзат герггара вовза таро хилира.
Хь.Юнусов вина 1956-чу шеран 26-чу августехь Киргизски ССР-н Ошски областерчу Сулюкта гIалахь. Ялх бер дара Хьамзатан ден ИбрахIиман а, ненан Хедиштан а. Цаьрга массаьрга а лаккхара дешар чекхдаккхийтина, шаьш ма-хиллара, оьзда кхиийна, дахаран новкъа бехира цара шайн доьзалш. Веа вашас хаьржира уггаре а сийлахь, массарна а оьшуш йолу гIишлошъяран корматалла. Уьш промышленни а, энергетически а, граждански а объекташ еш бу. Ткъа Хьамзатан цхьаъ бен йоцу йиша школехь берашна нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш йолу ткъе итт шо сов хан ю.
1963-чу шарахь Хьамзат Нажи-Юьртан районерчу Шоьна юьртахь кечам баран классе деша вахара. ТIехдика доьшуш вара кIант. Хьехархошна билгалделира цуьнан дешарехь кхиар хьалхарчу классехь хьоьхучул лакхара хилар. Цундела иза кечам баран классера, хьалхарчу а ца вохуьйтуш, шолгIачу классе дIаийцира.
1967-чу шарахь ЮнусовгIеран доьзал Гуьмсан районерчу ( Нойбера юьрта) охьабеара. 6–8-чуй классашкахь меттигерчу школехь дийшира. Юккъера дешар чекхдаьккхира 1973-чу шарахь (Ойсхарарчу юккъерчу) школехь. Ала деза Хьамзат школехь дика дешарца билгалваьлла хилар. Цо жигара дакъалоцура школин а, юьртан а юкъараллин дахарехь. Школехь комсомольски организацин секретарь а, цигахь дIахьочу дерриге а юкъарчу гIуллакхашкахь жигара дакъалоцуш а вара.
Оццу шарахь Ойсхарчу юккъерчу школехь лаборантан болх бан волавелира.
1974-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультете деша вахара. Цигахь кIаргдира цо оьрсийн а, нохчийн а меттан хаарш. Университетехь а жигара дакъалоцура юкъараллин дахарехь.
Университетехь доьшуш, кхо шо чекхдаьллачул тIаьхьа студенташка хаам бира дешаран заведенехь дешаран кхо курс чекхъяьллачул тIаьхьа церан Москван, Ленинградан ( хIинца Санкт-Петербург), Свердловскан (хIинца Екатеринбург) университеташка журналистикин факультете деша баха таро хиларх. Школехь доьшуш волчу хенахь дуьйна литература езаш а, шен кхоллараллин ницкъаш зуьйш а, цу тIехь, накъосташа дийцарехь, башха баккхий бацахь а, амма язбина белхаш дика нислуш а, хиллачу Хьамзата, кхин ойла ца еш, ондда сацам бира яьллачу оцу таронах пайда а эцна, Ленинградски университетан журналистикин факультете деша ваха. И сацам тIеоьцуш, цунна дагадеара университетехь доьшуш волчу хенахь нохчийн гоьбевлла болчу яздархошца Музаев Нурдица, Сулейманов Ахьмадца, Айдамиров Абузарца, Дикаев Мохьмадна, Сулаев Мохьмадца, дуккха а кхечаьрца а шен хилла цхьаьнакхетарш, церан кхоллараллин дашах, нохчийн юкъараллехь болчу церан сий-ларамах ша хьегар.
Ленинграде деша ваха сацам хиллачул тIаьхьа Хьамзат нохчийн маттахь арадолучу «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») а, «Комсомольское племя» а газеташка яздан волавелира. Цунна дика дагайогIу хIетахь ша «Комсомольское племя» газете дуьххьара язйина хилла «Суна дукхадеза хьо, дахар!» цIе йолу статья. Цу тIера дIаболабелла лору Хьамзата шен журналистикин кхоллараллин болх.
1977-чу шарахь Хьамзат Ленинградерчу А.Ждановн цIарах йолчу университетан журналистикин факультетан кхозлагIчу курсе деша вахара.
– Суна тахана санна дагадогIу со университете деша воьдуш, сайга поэта Музаев Нурдис аьлларг, – дагалоьцу Хь.Юнусовс: «Хьамзат, – элира Нурдис, – хьо университетехь волуш а дика доьшуш ву. Дешарх дика кхеташ а ву. Со тешна ву цига дIавахча а, ахь дика доьшург хиларх. Амма шех дипломаш ца луш кхин цхьа дешар а ду хьуна. Иза ду хьо Ленинградехь хиларх ахь говза пайдаэцар. И гIала мехкан а, дуьненан а культурин йоккха центр ю. Иза а, цуьнан культура а йовза хьажа, иза хьайн хиндолчу дерриге а дахарехь оьшур ду хьуна». Цуьнан хьехам ас кхочуш а бира.
Хьамзата дика дийшира университетехь. Корматаллехула йолу пачхьалкхан экзамен а , дипломан болх а тIехдика мах хадош, чекхбаьккхира. Иштта дика доьшуш, чекхваьлла студент дIавахийта ца лууш, дешаран учрежденин куьйгалло дийхира цуьнга цигахь аспирантурехь деша сацар. Амма Хьамзат цигахь виса реза ца хилира. Цунна хаьара ша деша хьажийначу республикехь корматаллин кадраш оьшийла. Бакъду, республикехь арадовлуш долчу газеташкахь кхуьнга башха хьуьйсуш-м ца хиллера. Массанхьа а «паргIат меттигаш ца хуьлура». ХIетахь КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкоман зорбанан декъан заведующи хилла Нашхоев Руслан юкъагIортар бахьана долуш «Комсомольское племя» газетехь корреспондентан балха хIотта таро хилира Хьамзатан.
1980-чу шеран ноябрера 1982-чу шеран апреле кхаччалц Советски эскарехь гIуллакх дира. Цигара цIавеара, лейтенантан чин а долуш.
1982-чу шеран майхь дуьйна Веданан районерчу «Колхозан дахар» газетехь юьртан бахаман отделан заведующин болх бира. 1986-чу шарахь оццу газетехь жоьпаллин секретаран балха хIоттийра иза. 1989-чу шарахь Веданан районан Советан депутат а хаьржира.
1990-чу шарахь ваха Соьлжа-ГIала охьавеара Хьамзат. «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газете балха а х1оьттира. Юьхьанца корреспондентан, тIаккха отделан заведующин, ткъа 1991-чу шеран сентябрехь дуьйна коьртачу редакторан заместителан белхаш бира.
1995-чу шеран майхь дуьйна Россин Федерацин Правительствон Нохчийн Республикехь хиллачу векалаллин пресс-службин коьртачу говзанчин, «Российски газетан» Нохчийн Республикехь волчу корреспондентан белхашкахь Iийра.
1996-чу шеран январера 2000-гIа шо кхаччалц республикин «Барт» газетан редакторан заместителан, цул тIаьхьа финансийн министерствехь болх бира, «СтелаIад» журналан коьртачу редакторан заместитель хилира. ТIаккха Регионашна юкъарчу гIо даран «Нохчийн культурин, дешаран туш» организацехь – лакхара Iилманан белхахо. 2003-чу шеран мартера 2006-чу шеран январе кхаччалц – «Нурэнерго» ОАО-н юкъараллица а, шуьйрачу хаамийн гIирсашца а бечу белхан отделан хьаькаман заместитель, «Нохчийн Республикин энергетика» журналан коьртачу редакторан заместитель.
2006-чу шеран февралехь республикин «Вести республики» газетан редактор хIоттийра Хьамзат. Кхузахь таро хилира цуьнан шен корматталин а, хьуьнаран а таронаш гайта. ХIетахь «Динамо» стадионна юххехь цхьана пхоьазза тIекIелдинчу цIеношкахь жимачу кхаа кабинета чохь яра редакци. Белхан хьелаш ледара дара. Тоьуш бацара лартIехь газета арахеца оьшуш болу гIирсаш, оргтехника. Ткъа уггаре а коьртаниг – редакцехь кIезиг бара гIуллакх дика девзаш болу журналисташ. Газета кIиранах шозза арадолуш дара. Цу тIе цуьнан йиъ бен йоцчу агIонна тIехь зорбатоха езаш яра республикин Iедалан органийн а, официальни а материалаш. И бахьана долуш таро ца хуьлура газета тIе республика меттахIотточу уггаре а жоьпаллин хенахь алссам болу хаамаш кхачам боллучу барамехь зорбатоха.
Хьамзата тIетаьIIина къахьийгира долуш долу кхачамбацарш дIадахарна тIехьажийна. Йоццачу хенахь хийцина, тобира кIиранах пхоьазза арадолучу газетан чулацам, иза кечдар.
2007-чу шеран гуьйранна дуьйна кIиранах пхоьазза арадолучу, газето сихха а, нийса а гайта долийра Нохчийн Республикин юкъараллин-политически а, социально-экономически а, ийманан-оьздангаллин а дахар. Цо шен агIонашна тIехь алссам яздан долийра нохчийн меттан, Iилманан, дешаран, культурин гIуллакхех лаьцна. Газета а, цуьнан белхахой а билгалбехира республикин а, региональни а, Ерригроссин а совгIаташца.
2013-чу шеран октябрера 2015-чу шеран марте кхаччалц Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьехамчин болх бира Хьамзата, шен белхан доккха зеделларг министерствон а, цунна чудогIучу дакъойн а белхахошна комаьрша дIа а луш. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Iуналлехь йолчу Экспертни советан жоьпаллин секретарь а волуш, цо дуккха а гIуллакхаш дира нохчийн литературни мотт кхиорна.
2015-чу шеран мартехь Къоначу корреспондентийн къоман школин директор хIоттийна Хьамзат. Школин куьйгалхо хилла ца Iаш, цо дуккха а ницкъаш дIало цуьнан дешархошна журналистикин баххаш Iаморна а, уьш ийманехь, гIиллакх-оьздангаллехь кхетош-кхиорна а.
Суна дика дагайогIу Хьамзат «Ленинан некъ» газете балха веана хан. Ас хазахеташ йоьшура цо язйина материалаш. Цуьнан йоза, могIа тай тоьхча санна нийса болуш, элпаш локхаллехь-лохаллехь дерраш а цхьабосса долуш, хаза хуьлура. Ткъа язйина материал муттах, мазах буьзна стом санна, дош шен меттехь долуш, говза язйина хуьлура. Цуьнга цхьабосса дика язлора муьлххачу а жанрехь: хуьлда иза проблемни статья, репортаж, я фельетон. Къаьсттина дика нислора цуьнан публицистически статьяш. Хамзатана дика хаьара ша язъян ойла йолчу материалан тема харжа а, цунах лаьцна говза яздан а.
Ша язйина ца Iаш, Хьамзат дика лараво политически а, исбаьхьаллин а литература нохчийн маттера оьрсийн матте гочъярца а. Нохчийн а, оьрсийн а литературин меттанаш кIорггера хааро гIо до цунна и болх лаккхарчу корматаллица кхочушбан. Цо хIинцале нохчийн маттера оьрсийн матте гочйина цхьамогIа романаш а, повесташ а, дийцарш а. Цул совнаха, нохчийн а, оьрсийн а меттанашкахь йолчу дуккха а исбаьхьаллин а, дешаран а, дешаран-методически а, Iилманан-популярни а книгийн редактор а ву Хьамзат. Цо иштта вовшахтоьхна, арахеца кечйира «Президентан муьраш», «Закон а лардеш даха», «Седарчий» «Нохчийн поэзин жовхIарш» ц1е йолу книгаш.
Хьамзат миччахьа а болх беш хилча а, белхан накъосташа а, иза вевзачара массара а сий деш а, лоруш а, цаьрца тарлуш а чекхваьлла. Гуттар а ша санна оьзда доттагIий хуьлу цунна юххехь. Иза мичча хенахь а кийча ву оьшучунна гIо-накъосталла дан.
Хьамзата дуккха а шерашкахь хьанал бина болх билгалбаьккхина пачхьалкхан а, ведомственни а дуккха а совгIаташца. Нохчийн журналистика кхиорехь хьуьнарш гайтарна а, дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а республикехь массарел а хьалха 2006-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъ волу журналист» аьлла сийлахь цIе тиллина Хьамзатана. Цунна иштта совгIаташ дина «Нохчийн Республикина хьалха хьуьнарш гайтарна» мидалца а, Нохчийн Республикин Парламентан Сийлаллин грамотица а, «Нохчийн Республикехь парламентаризм кхиорна» орденца а. «Журналистика» номинацехь Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цIарах йолчу республикин «Иэсан новкъа» конкурсан лауреат а ву.
1980-чу шарахь дуьйна СССР-н, Журналистийн союзан а, 2007-чу шарахь дуьйна Россин Федерацин Яздархойн союзан а декъашхо ву.
Хьамзата а, лаккхарчу корматаллин хьехархо йолчу цуьнан хIусамнанас Ровзана а кхиийна шаьш санна оьзда ши кIант а, йоI а. Цу шимма дуккха а ницкъаш дIабелла, цара лаккхара дешар а Iамийна, корматаллаш караерзорна: воккхах волчу кIанта Расула тIехдика доьшуш, Нохчийн пачхьалкхан университетан юридически факультетан «Социальни болх» отделени чекхъяькхина, йоIа ПетIамата – оццу университетан «Журналистикин» факультет, кIанта Мохьмада – экономикин, хаамийн технологийн Грозненски колледж. Дика-вуон вовшашца доькъуш, бертахь бехаш бу Хьамзатан доьзал. Дала гуттар а могашалла, ирс, аьтто, зовкх латтадойла, Хьамзат, хьан хIусамехь.
С.МАГОМАЕВ
№103, шот, 12 сентябрь, 2015 шо

