Вайн бахархойн тайп-тайпана хаттарш кхоллало шайн бакъонех лаьцна. Уьш хуьлу граждански, административни, доьзалан, къинхьегаман, хIусамийн, налогови, уголовни бакъонех лаьцна. Юристаша царна лучу жоьпаша нахана гIо до шайн дахар нийсачу хорша дерзо. Тайп-тайпанчу дакъошкахь нехан кхоллалучу хаттаршна жоьпаш ло Соьлжа-ГIаларчу Ленински районан прокуроран лакхарчу гIоьнчас
Степанов Артем Александровича.
Со цхьанхьа а балхахь яц, хьалха болх бина а яц. Бераш лелош, цIеран гIуллакхаш деш Iийна ю. Хаа лаьара, суна пенси догIий? (Мусаева Зура, Соьлжа-ГIала)
ДогIу.
«РФ-хь пачхьалкхан пенси далар» законна тIе а доьгIна, болх ца бинчу нахана социальни пенси хIоттадо. Къинхьегаман пенсел 5 шо тIаьхьа хIоттадо иза (божаршна 65 шо кхаьчча, зударшна 60 шо кхаьчча). Социальни пенсин барам къинхьегаман пенсин коьртачу декъе кхочуш бу. Иза хуьлу 6000 сом.
Айса болх бечура дIа а яьлла, кхечу балха яха лууш ю со. Амма сан куьйгалхочо, кхин а шина кIирнах болх ца бича, заявлени буха куьг ца яздо. Со цомгаш а хилла,
«больничне» яханехь и хан цу шина кIиранна юккъе йоьдий? (Караева Луиза, Гуьмсе).
Йоьду. Балхахь волу стаг, цомгаш а хилла,
«больничне» ваханехь. Къинхьегаман кодексан бакъонаш цуьнгахьа болх беш ю. Цундела «больничнехь» хилар, болх беш йоккхуш йолу хан санна лоруш ю. Амма, цхьа хIума-м ду, балхара дIаволучу дийнахь, «больнични» дIакъевлина хила дезаш ду. Стаг цомгаш а волуш,( Къинхьегаман кодексан 8I-гIа статья) иза балхара дIаваккха бакъо яц.
Со студент ву. Аса кест-кеста библиотекера книгаш оьцу. Царна юккъера книга яйча доккха гIуда туху цигахь. Нийса дуй иза? (Межидов Муса, Соьлжа-ГIала).
Хьуна гIуда тухуш берш нийса бу.
«Библиотекин гIуллакхах» аьллачу Законан 9-чу статьяна тIе а доьгIна, книга а яйъина, библиотекина зиэн динчу муьлххачу а стага гIуда такха деза библиотекин бакъонашка хьаьжжина. ХIора библиотекин бакъо ю шен бакъонаш а хIиттош, луъучу барамехь гIуда тоха.
Масех шарна со кхечу пачхьалкхе дIаваха лерина ву. Сан машен оцу хенахь, цхьаммо лела а ца еш, лаьтташ хир ю. Оцу ханна страхованин полис эца дезий аса, сан проблемаш хир юй-те масийтта шарахь машен страховать ца йича? (Эльбиев Махьмуд, Шуьйта).
Хьо кхечу пачхьалкхе воьдуш велахь, машенна страховани яйта оьшуш дац.
«Транспорт йолчу нехан граждански жоьпаллех» Законо ма-бохху, страховани оьшу, нагахь ахь и машен лелор елахь.
Дукха хан йоццуш ас сайн дена заьIапхойн машен эцна. Цаьргара транспортан налог ца йоккху аьлла хезнера суна. Бакъдуй иза? (Дудаев Руслан, Соьлжа-ГIала).
Транспортан налогах заьIапхой мукъабахар я цабахар хIора а регионан Iедална тIехь дитина ду.
Куьйгалхошна Законо тIедуьллий белхалошна буфет я столови схьаеллар? (Исраилова Цамаева ПетIамат).
И санна гIуллакх Законо тIедуьллуш дац белхан куьйгаллехь волчу хьаькамна. Нагахь, шен куьйга кIел болчу нехан бала а кхаьчна, цо столови я буфет схьаеллахь, цунна боккха мел хир бу.
Сан кIант 11-чу классе ваьлла. Иза кхечу гIалахь доьшуш ву. Стохка директорца а, хьехархошца а девнаш хилар бахьанехь, иза школера дIаваккха кечвина ву аьлла директора. Дешархочух хIун даьлча бакъо ю иза школера дIаваккха? (Митаева Эльмира, Соьлжа-ГIала).
«
Дешарх лаьцна» Законан 19 статьяна тIе а доьгIна, 14 шарал сов ваьлла дешархо школера дIаваккха бакъо ю, нагахь школин устав а талхош, и харцахьа леллехь. Районан дешаран урхалло дерриге а дан деза иза ца доьшуш ца вита. Иштта меттиг тIехIоьттича, уггаре а хьалха школин администрацис цу хьокъехь хаам бан беза районан префектуре. Цо дешархочун деца-ненаца цхьаьна оцу беран гIайгIа бан беза.
Сан 18 шо ду. Суна чIогIа лаьа
«Д» категори йолу транспортан бакъонаш а яьхна, микроавтобус тIехь болх бан. 20 шо кхаьчча бен микроавтобус тIе болх бан дIа ца оьцу бохург бакъ дуй? (Насуханов Мансур, Шела).
Иза иштта ду.
«Некъан боламан кхерамазаллех» Законан 25-чу статьяна тIе а доьгIна, машен лелоран ерриге а категорийн бакъонаш 18 шо кхаьчча луш ю. Микроавтобус, грузовик, трамвай, троллейбус, автобус-20 шо кхаьчча. Цул сов, юкъараллин транспорта тIехь болх бан 1 шо стаж а хила еза.
Материал зорбане кечйинарг — Дудаева Билкъис
№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо