Лулахошкара керланаш

 

Дуьненаюкъарчу

 

фестивалан толамхо

 

НАЛЬЧИК

 

. Дукха хан йоццуш Крымехь чекхъяьллачу

«Славянские традиции» аьлла йолчу дуьненаюкъарчу литературин VII-чу фестивалехь толам баьккхина кхузарчу яздархочо, кинодраматурга Терехов Игора.

Цо фестивалан жюрин кхиэле йиллинера дукха хан йоццуш Нальчикехь арахецна йолу шен ши книга

«Прогулки с ангелом», «Зимний сад камней». «Жима проза» номинацехь толамхо а лерина, И.Тереховна диплом а, «Ника» статуэтка а, фестивалан мидал а елира. Цо иштта дакъалоцур ду Прагехь д1ахьон йолчу литературин фестивалехь а.

Билгалдаккха деза

«Славянские традиции» фестиваль Крыман Щелкино г1алахь 2007-чу шарахь дуьйна д1ахьош хилар. Цигахь дакъалоцу Россин, Украинин, Белоруссин, Чехин, кхечу мехкийн тайп-тайпанчу къаьмнех болчу яздархоша, поэташа. Амма Кавказерчу яздархойх И.Терехов дуьххьарлерниг вара.

нальчик

Фестиваль д1ахьош хиллачу масех дийнахь литераторша къийсам латтийра   ишттачу  номинацешкахь: проза, безаман лирика, парг1атчу темина стихотворени, авторски эшар. И цхьаьнакхетар вовшахтоьхначара цуьнан дакъалацархошна йовзийтира цхьайолу дагалецаман меттигаш: Коктебелехь долу Волошин Максимилианан ц1а-музей, Ширачу Крымехь долу Грин Александран ц1а-музей а, цуьнан каш а, Паустовский Константинан, Цветаеваг1еран Мариян, Анастасиян ц1енош-музейш а.

 

ГIалин а, республикин а

 

Де билгалдоккхуш…

 

ЧЕРКЕССК

 

. Даздарш д1адахьарехь дакъалоцур ду г1алин мэра Тамбиев Руслана кхайкхарца бог1у болчу Россин телевиденин хьалхарчу каналан журналисташа, ша аьлча

«Играй, гармонь» передачин куьйгалхочо Заволокин Захара а, цуьнан тобано а. Кхарачойн а, чергазийн а ФОЛЬКЛОР, къоман культура, церан х1усамаш, къоман духар гайтарна лерина дуккха а материалаш гулйина журналисташа.

Оцу дийнахь музыкин коьрта г1ирс хилла д1ах1уттур бу к1айн пондар. Телепередача чекхйолуш х1аваан лоппага т1ехь иза стигла хьалаг1ур бу.

Даздарш д1ахьочу хенахь

 

«Играй, гармонь» аьлла йоккха гала-концерт х1отто билгалдина. Иза хир ду «Баьццара г1айре» ц1е йолчу паркехь.

 

Ветеринараша гIо дира

 

СТАВРОПОЛЬ

 

.  Къора тухуш даккхий зенаш дира крайн Нина юьртана а, кхечу меттигашна а. Амма бахархой шаьш цхьа ца бисира хиллачу бохамна хьалха. Уггаре хьалха орцахбевллачарна юкъахь бара крайн ветеринарни урхаллин белхахой. Масех дийнахь цхьа б1е эзар соьмал сов ахча гулдира цара юьртана г1оьнна.

Оцу ахчанах 468 шифер эцна. Иза д1асайоькъур ю ц1енойн тхевнаш меттах1итторна.

 

Сайташ тIера
хаамаш кечбинаргЛ.МАГОМАЕВ

 №103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: