ХIокху шарахь Шуьйтан районан къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделан болх тIехьажийна бу социальни гIийла бохку бахархой ларбаран а, доьзалийн, берийн, баккхийчеран чкъуран, заьIапхойн хьал тодаран а декъехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хьалхахIиттийна долу декхарш кхочушдарна. Социальни гIуллакхаш кхочушдар отделан балхахь гуттар а дан а дара, дан а ду хьалхарчу рогIера декхарш. Бакъду, кхузахь биц ца бо коррупцица къийсам латторан болх.
Шуьйтан районан къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделехь белхан тобанан кхеташо хилира. Цигахь дийцира юкъараллин кхераме сакхт хиларе терра, пачхьалкхан-граждански балхахь коррупци хилийта мегарг цахилар. Къинхьегаман, социальни кхиоран отделан хьаькама Э.Мурдаловс билгалдаьккхира коррупци политикин, пачхьалкхан урхаллин декъехь юкъараллин кхераме хилам, законаш а талхош, долаллин а, долаллин йоцу а гIоленаш хиларе кхачарна Iедалан векалша шайн белхан декхарех зуламе пайдаэцар ду.
Кхин дIа Э.Мурдаловс дийцира планаца дан билгалдина дерриге а гIуллакхаш шен хенахь кхочушдеш хиларх лаьцна, иштта анализ а йо, хIора кIиранах таллам а латтабо коррупцица къийсам латторехь гIуллакхаш кхочушдарна тIехь. Отделехь дерриге а хьелаш кхоьллина коррупцин хьокъехь хьашт долчу органашна сихха хаам бан бахархойн таро хилийтарна. Лелош ду бахархойн аьрзнаш а, предложенеш а хьесапе оьцуш долу журнал. Отделехь гучу ца яьлла коррупци хиларан цхьа а меттиг.
Шуьйтан районерчу прокуроран гIоьнчас А.Таймасхановс билгалдаьккхира коррупцица къийсам латторехь дIахьочу политикица нийса а догIуш, Россин Федерацин а, Нохчийн Республикин а законаш кхочушдарна тIехь латтош болу таллам чIагIбан безаш хилар.
– Коррупци цахилийтарна, – билгалдаьккхира цо, – лакхаяккха еза социальни хьашташ кхочушдаран дикалла, кхачо ян еза белхахошкара коррупцин бакъдерш гучудийларшца боьзна болу бахархойн хаамаш дIаязбарна.
Иштта билгалдаккха деза белхан тобанан куьйгалхочо учрежденин белхахошца коррупцех лаьцна хIора кварталехь семинар дIахьош хилар. Коррупцина дуьхьал къийсам латторан декъехь учрежденин балхахь жигара дакъалоцу юкъараллин организацеша а, бIаьхоша-интернационалисташа а, чернобыльхоша а.
Р.ЮНУСОВА
№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо