Дийцаре дира кегийрхой кхетош-кхиорехь цхьаьнагIуллакхашдар

IMG_9905

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствехь хилира Къилбаседа ХIирийчоьнан Мазлакан кIоштахь йолчу нохчийн къоман культурин «Маршо» юкъараллин куьйгалхо Хатаев Нурди а, «Дуьненаюкъара ницкъцабар» юкъараллин организацин директор Сухов Владимир а. Хьешашца хиллачу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместительша Абдулмуслимов Сайд-Селима, Гудаев Лоьмас Нохчийн Республикин Куьйгалхочун гIоьнчас Алиев Тимура, къоман политикин департаментан директора Вахидов Iилмана, иштта кхечара а.
Дийцаре дира дешаран а, ийманехь кхетош-кхиоран а декъехь кегийрхошца бечу балхахь цхьаьнагIуллакхашдар.
Сухов Владимира билгалдаьккхира къаьмнийн – культурин юкъараллашлахь къаьсттина жигара болх беш ерг «Маршо» юкъаралла хилар. Тайп-тайпанчу къаьмнийн кегийрхошна юкъахь цхьа Iоттабаккхаме хьал кхолладелча, уггаре а хьалха орцах йолуш ю иза. Коьртаниг – иштта хьал ца кхолладалийтарна тIехь къахьоьгу цуьнан декъашхоша. ХIун дан деза кегийрхой дахарна жигара юкъаозо, уьш вочух ларбан? Оцу хаттаршна жоп карорехь министерствоца цхьаьнагIуллакхашдар пайдехь хирг хиларх ша тешна хилар хаийтира В.Суховс. «Маршо» юкъараллин организацин балхах мелла а шуьйра дийцира цуьнан куьйгалхочо Хатаев Нурдис. Цо дийцарехь, 260 студент ву Мазлакерчу шина техникумехь а, лаккхарчу дешаран цхьана заведенехь а доьшуш. Коьртачу декъана Теркан а, Невран а кIошташкара бу уьш. Студенташ а, ткъа иштта богIу-боьлхуш кхузахь дукха хуьлуш болу вайн кегийрхой а вуочух, вайн къоман сий дойъу долчух ларбан гIерташ къахьоьгу юкъаралло. Оцу декъехь цхьаьний дIадахьа тарлуш долу гIуллакхаш а довзийтира: Iеламнехан, яздархойн студенташца цхьаьнакхетарш, спортан къийсадаларш, экскурсеш, иштта кхин а.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочо шен коьртачу тидамехь латточех ду кхечу шахьаршкахь, регионашкахь доьшуш, болх беш болчу нохчийн къоман кегийрхошца кхетош-кхиоран болх бар, билгалдаьккхира шен къамелехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран хьалхарчу заместитела Абдулмуслимов Сайд-Селима. Министерствос билггал гIуллакхаш до республикел арахьа болу кегийрхой кхетош-кхиорехь. Цундела тхо кийча ду оцу декъехь муьлххачу а дикачу дIадолоршна.
Дийцаре дечу гIуллакхашкахула шайна хетарг олуш, цхьаьнакхетарехь къамелаш дира Алиев Тимура, Гудаев Лоьмас, Вахидов Iилмана, Петухов Олега.
ТIедогIучу шеран январь бутт чекхбалале билггал долчу гIуллакхийн план чIагIъян барт хиларца дирзира министерствехь Къилбаседа ХIирийчуьрчу хьешашца хилла цхьаьнакхетар.
Хь.АБАЕВ

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: