Ерригроссин халкъан фронтан Нохчийн Республикехула йолчу региональни отделенин жигархоша школаш дешаран керлачу  шарна кийча хилар талларан Iалашонца дIабаьхьна белхаш бахьана долуш, хааделла ТIехьа-Мартан районан школийн хьехархошна аьхкенан шина баттана алапа дIаделла цахилар.

«Вайн хьехархойн цхьа тамашийна амал ю арз а ца деш, проблема ша-шеха дIаерззалц собаре хилар. Амма бакъду и гIуллакх дийцаре ца даккхахь кеста дIадоьрзург цахилар. Алапа дIадала дезаш ду хIора беттан къастийначу дийнахь. Алапа шен къастийначу хенахь  дIа ца далар магош а дац, къинхьегаман законодательство талхор а ду. Бехкеберш жоьпе озийна хила безаш бу», хьал довзийтира  халкъан фронтан региональни отделенин «Дешар а, культура а къоман шатайпаналла» белхан тобанан куьйгалхочо Мусханова Йиситас.

Дийцаре диллина гIуллакх дIадерзоран Iалашонца «фронтовикаш» зIене бевлира Нохчийн Республикин дешаран, Iилманан министерствоца а, Нохчийчоьнан финансийн министерствоца а, ТIехьа-Мартан районан куьйгаллица а. «Оха къастийна, хьехархошна дIадалаза дисинчу алапин барам 10 млн сов хилар. Иза иштта нисдаларан бахьана дара шен хенахь районехь ахча нийса цаларар а, кехаташ лакхарчу инстанцешка дIа цахьажор а», тIетуьйхира И.Мусхановас.

Халкъан фронтан  жигархоша Iедалан органашца бинчу  бартаца,  сихха декхарш дIа а  токхуш,  бехке берш  жоьпе озор бу. Коьртаниг ду 2-чу сентябрехь  дуьйна алапица доьзна  декхарш дIадала долийна хилар.

Ерригроссин халкъан  фронтан регионан штабо и гIуллакх шен лерринчу тергонехь латтош ду.

М.КАНТАЕВ

№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: