«Вайнах Телеком» –Нохчийн Республикин телекоммуникацийн а, иштта Къилбаседа Кавказехь уггаре а йоккхачарех мультисервисан зIенан а оператор ю.
Компани болх бан йолаелла 2003-чу шарахь. 2009-чу шеран май баттахь дуьйна ерриге а Къилбаседа Кавказехь сотови оператор санна болх беш ю.
Нохчийчохь телекоммуникацеш а, сотови зIе кхиоран а, лаккхарчу технологийн керла объекташ, зIенан гIишлош яран а Iалашонца йиллина ю иза.
ВТК-операторан массо а тайпана интернет-технологийн зIенаш ю. Кхечу зIенан компанех къаьсташ ю иза, хIунда аьлча хIинцалерчу технологийн тоьллачарех хьелаш а, хьашташ а ду цуьнан. Нохчийн Республикин ерриге районашкахь филиалаш ю компанин. ХIора дийнахь «Вайнах Телеком»-х пайдаоьцуш берш алсамбовлуш бу, хIунда аьлча иза массо а агIорхьа тоьлла ю, тарифаш абонентийн лаамашца йогIуш а ю.
«Вайнах Телеком» компанин урхаллин председателан заместитела Масаев Салмана билгалдаьккхира: «Таханлерчу дийнахь дIахьош ондда болх бу компани керлачу тIегIане йоккхуш. Цу тIехь дийнахь а, буса а къахьоьгуш тхан белхахой бу. ТIейогIучу хенахь кхин а пайдехь а, абонентийн лаамашца догIуш а хир ду компанис кхочушден хьашташ».
ВТК-н тайп-тайпана акцеш хуьлу дIахьош, цигахь билгалваьллачунна деза совгIаташ до.
Нохчийн Республикин бахархошка, «Ахь пайда оьций «Вайнах Телеком» компанин хьаштех?» аьлла, оха хаттар дича, иттаннах ялхаммо т1етовш жоп делира. Шайна «ВТК» компанин хьашташ гIолехь хеташ хилар билгалдаьккхира цара.
Вай тешна ду, герггарчу хенахь «Вайнах Телеком» компанин пайдаэцархой кхин а алсамбевриг хиларх.
Хь.АВХАДОВА
№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо