Малхбузерчу демократин тIаьхьенаш

 

Чолхе хьал т1ех1оьттина тахана Евросоюзана а, цунна чуйог1учу пачхьалкхийн берриге куьйгалхошна а. Царна хьалхалаьтта, хила тарлуш дерг ца гуш, селхана шаьш лелийначу политикин т1аьхьенаш ма-хуьллу сиха д1аяхар, вовшашна юкъахь барт а хилла, цигара хьал цхьана хорша дерзор. Къамел ду х1окху деношкахь дерриге а дуьненахь шуьйра дийцаре деш долчу миграцин г1уллакхах Евросоюзехь бакъо йоцуш чуоьхуш даьржаш долчу 1аьрбийн цхьадолчу мехкашкара а, Къилбаседа Африкера а чухьаьлхинчу  б1еннаш эзарнаш адамех лаьцна.

refugiati_zn_ua

Истори 1амош болчара ч1аг1дарехь, Дуьненан шолг1а т1ом чекхбаьллачул т1аьхьа ЕС-н мехкашкахь хилла дац оцу кепара бакъо йоцуш мигранташ баржар. Иза гойту х1окху терахьо а: х1ара шо доладелчахьана , герггарчу хьесапашца, цига веана 350 эзар стаг. Шо чекхдалале шаьш долчу герггарчу хьесапехь 800 эзар стаге кхаччалц мигранташ кхочур бу аьлла хеташ ду Германин 1едалш. Оцу мехкийн дозанашкахь чу цабуьтуш бала хьоьгуш бу иттаннаш эзарнаш нах. Оцу дозанашкахь церан мог1арш т1едузу х1ора дийнахь Ирак, Шема, Ливи, кхин а цхьамог1а кхечу пачхьалкхашкарчу, 1аьржачу Африкерчу кхин а эзарнаш мигранташа. ООН-хь миграцин политиках жоп луш болчу векалшна хетарехь, Европе бог1у болчу мигрантийн барам карарчу а, т1едог1у долчу а шарахь 850 эзар стаге д1акхочур бу. Иза иштта хирг хиларх теша дуьххьалд1а цхьана дийнахь Македоне Шемара ворх1 эзар мигрант веана хилар хьесапе эцча. 30 эзар стаг ву Грецин г1айрешна, коьртачу декъана Лесбос г1айри т1ехь.

Аьллачунна т1етоха дог1у карарчу хенахь Грецехь, Венгрехь, Италехь гулбелла 200 эзарнал к1езиг боцу мигранташ квотийн системица Евросоюзан декъашхошна-пачхьалкхашна юкъахь д1асабекъар ООН-н бевдда баханчеран г1уллакхашкахула волчу Лакхарчу комиссара Гуттереш Антониуса хьалха  х1оттийна хилар. Иза а ду орцадаккха дезаш хиларан кхин цхьа тоьшалла.

Дуьненан шуьйрачу хаамийн г1ирсаша  ч1аг1дарехь, мигранташ а шайн «хьалхара» тохар дира Грецина а, Венгрина а цигахула биллинера цара Европе боьду некъ. Церан коьрта 1алашо яра алсамха хьал долуш йолчу пачхьалкхашка Германе, Франце, Австре, Швеце кхачар. Венгрехь, масала, масех дийнахь дуьхьало латтийра царна Австре оьхуш йолу ц1ерпошташ совца а йина. Дуьйцинчу серех йинчу дуьхьалонех чекх а дуьйлуш, х1ора дийнахь т1еоьхуш долчу адамийн барам хаддаза алсам баларца беш болчу 1аткъамо некъ схьабеллийтира. Тахана мигранташна массо а меттехь еш йолчу дуьхьалонех лаьцна дуьйцуш, ца хьахош дуьтийла яц Грецехь оццу Лесбос г1айри т1ехь  царна   «Молотовн коктейль» чохь йолу шишанаш кхийсина хилар а. Иштта т1е тидам бахийта беза шеен башхачу демократица дика евзаш йолчу Германехь мигранташ бахьанехь националисташ а, антифашисташ а вовшех леташ хилар а. Оццу ФРГ-хь бевдда баьхкинарш т1еэцарх хьакхалуш долу цхьадолу законаш г1уллакх дечуьра совцийна мигрантийн барам т1етт1а алсам болуш хиларца доьзна.

Дуьххьалд1а оцу бакъдолчара а тешош гойту шайн а, шайн доьзалийн а синош довдийна б1арзделла лелачу адамашца йолу европейски «демократин» юкъаметтигаш муха ю. Уггаре а телхинарг ду г1аддайначу адамашна г1о даран меттана, уьш х1ун дина кочара дохур ду ца  хууш, Евросоюзан дукхах йолчу пачхьалкхийн куьйгалхоша оцу балех довла некъаш лехар, оцу г1уллакхан цхьа йист ца яьккхича шаьш девр доцийла хуъушехь. Цунах, масала, Евросоюзан арахьарчу политикин куьйгалхо Могерини Федерика а дика кхетачух тера ду. Цо х1окху деношкахь д1ахьедира Европехь миграцин кризис еххачу хенахь лаьттарг хиларан а, и г1уллакх къастийна цхьалха даккхарна кечамаш бан безаш хиларан а хьокъехь. Австрин арахьарчу г1уллакхийн министрана Курц Себастьянна а хаьа Европе бевдда баьхкинчеран барам 1аьнан муьрехь лахлур боцийла. Цундела тахханехь тидамехь латтодеза, аьлла хетта цунна, мигрантийн г1уллакх къастийна цхьалха даккхар.

Оцу куьйгалхошна юкъахь к1езиг дац бохамах девдда даьхкина адамаш т1еэца дуьхьало еш берш а, г1уллакх шайн кочара даккха г1ертарш а. Ткъа Германехь-м оппозиции цхьа а тайпа шеко йолуш яц бевдда баьхкинчарна хьалха пачхьалкхан дозанаш д1акъовла дезаш хиларх. И тайпа кхайкхамаш шуьйра баржа а бо махкахь. Иза ларамаза а дац: Евросоюзехь тахана дац шена чубог1учу мехкашкахь мигранташ цхьабосса д1асабекъар билгалдеш долу закон. Уьш т1еэцаран декъехь барт а ца хуьлу церан.

Амма цхьа а куьйгалхо къера ца хуьлу шаьш долчохь кхолладеллачу хьолана шаьш бехке хиларна, хиндолчун т1аьхьенаш таханлерчу барамашка йоьрзур юйла хуъушехь, ойла ца еш ша лелийначунна. США коьртехь а йолуш, Европин коьртачу пачхьалкхаша коалиции вовшах а тоьхна, Ливехь, Иракехь, Афганистанехь, дийнна цхьамог1а кхечу мехкашкахь динчу, тахана Шемахь деш долчу х1аллакаллин г1уллакхийн т1аьхье иза хилар хьесапе ца оьцу, я эца ца лаьа оцу куьйгалхошна. Х1унда аьлча, царна хаьа «демократин» принципаш шайн 1алашо кхочушъярна т1ехьажийна шаьш х1аллак йинарш заза доккхуш хилла, амма шайн некъ хаьржина пачхьалкхаш хилла хилар.

Д1ахьовса шайна тахана церан шатайпа  «демократи» Иракехь, масала, муха г1уллакх деш ю, цо еллачу т1ахьенашка? Ч1анаяьккхинчу пачхьалкхехь х1инца заза доккхуш ю терроризм, х1аллакдеш ду цхьа а тайпа бехк боцу адамаш. 1аьмаркан «демократис» кхоьллина цигахь террористийн тобанаш, иштта «Исламан пачхьалкх». Ша динчух тоам хилла ю 1аьмарк, х1унда аьлча оцу бохамна генахь а ю, мигранташ шеен махка г1ортарна саготта а яц. Олуш ма-хиллара, Мавр шен г1уллакх дина ваьлла, шеен ницкъ кхочучу кепара адамашка 1азап а х1оттош. Амма цо динчу зуламийн т1аьхьенаш  з1ийдиг таса юьйлалуш хилар гойту мигранташца доьзначу г1уллакхаша. Европехь терроризмана ондда бух била хилла сатийсам дахарехь кхочушбан некъ карийна исламисташна. Венгрин леррина йолчу службаша бечу хаамца, х1инцале а царах ши декъашхо билгал ваьлла бевдда баханчарна юкъахь. Церан барам т1етт1а алсамболуш д1аг1уриг хиларна шеко а ца юьту Европехь кхолладеллачу хьоло.

Евросоюзан пачхьалкхашкахь кхолладеллачу хьоло шен ч1ог1а синтем байъина хиларх лаьцна д1ахьедира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Коьртачу декъана и г1уллакх бусалба нахаца доьзна хиларна иза бусалбан мехкийн куьйгалхошка кхайкхира, цхьаьна а кхетта, шайн мехкашкара д1адаханчу адамийн г1уллакхаш къастийна цхьалха дахаре. Р.Кадыровс тидам т1ебахийтира, лакхарчу трибуни т1ера демократин, адамийн бакъонийн хьокъехь даккхий къамелаш а деш, адамийн дахарал деза х1ума хуьлийла дац бохург ч1аг1дан а г1ерташ, Афганистанан, Иракан, Шемин, Ливин, Палестинин, Йеменан, Алжиран, Суданан, Сомалин, бусалба нах бехачу кхечу мехкийн иттаннаш миллионаш адамашкахь бала латторна США-с а, Малхбалерчу пачхьалкхаша а г1о деш хиларна.  И мехкаш, церан экономика х1аллак а йина, царна чохь барт а эг1ийна, США-с вовшахтоьхначу коалицис мигранташ бина цигарчу бахархойх.

Цуьнца цхьаьна Кадыров Рамзана т1е тидам бохуьйту т1амах а, мацаллех а бевдда Европин мехкашка кхача г1ерташ долчу оцу адамаша новкъахь 1ожалла т1еоьцуш хиларна, ткъа х1орд, цунна хетарехь, Африкин а, Азин а мехкийн эзарнаш адамашна юкъара цхьа каш хилла д1ах1оьттина. Ткъа Европин мехкашкахь къайла дахийта г1ерта иштта хьал кхолладаларан бахьанаш.

«Вай декхарийлахь ду г1ийлачеран, г1аддайначеран, кхерам т1ех1оьттинчеран г1айг1а бан, яздо Кадыров Рамзана. Цундела кхойкху со Турцин, Са1удан Аравин, ОАЭ-н, Катаран, Оманан, Бахрейнан, Кувейтан, Иорданин, Индонезин, Малайзин, Казахстанан, Туркменин, Узбекистанан, Азербайджанан, Таджикистанан, кхечу берриге а бусалба мехкийн куьйгалхошка вешан динан вежаршна г1оьнна г1овттаре. Нагахь тахана вай иза цадахь, кхана т1аьхьа хила тарло».

Оцу даггара яздинчу дешнашна ц1ерш яьхначу мехкийн куьйгалхоша жоп даларе сатуьйсур ду вай. Оцу кхайкхамо тешам ло Европехь т1етт1а алсамбовлуш лаьттачу мигранташкахь долу хьал тодарна т1ехьажийна бусалба пачхьалкхашкахь г1уллакхаш дийриг хиларна.

 

Л.МАГОМАЕВ

№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: