2015-г1а шо чекхдолуш Москван а, Московски областан а дозанехь хир ю Къилбаседа Кавказан федеральни округан регионашкара сурсаташ д1аоьцуш йолу леррина оптово-логистически туш. Къилбаседа Кавказан г1уллакхашкахула волчу министран заместитела Байсултанов Одеса дийцарехь, и г1ишло х1инцале 85 процентана йина яьлла. Иза ярехь коьрта инвесторш «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» а (КРСК) GVA Capital фонд а ю. «Округана а, Центральни Россина а юккъехь вовшашца кхиъна йолу транспортан з1е цахиларна кху сохьта Къилбаседа Кавказан федеральни округана ира хьалхалаьтташ ду сурсаташ хьаштахошка д1акхачоран г1уллакх. Юьртабахаман сурсаташ коьртачу декъана д1акхачадо юкъалелаш болчаьргахула, ткъа проект кхочушъяро таро хуьлуьйтур ю уьш юкъара д1абахаран чоьтах сурсатийн мехаш лахара латто. Цул сов, оцо д1айоккхур ю кхечу, генахь йолчу регионийн рынкаш юкъаозаза йисаран проблема. Проект кхочушъяро таро хуьлуьйтур ю лаккхара дикалла йолу сурсаташ алссам сиха хьаштахошка д1акхачо», –элира О.Байсултановс «Известия» газетана ша еллачу интервьюхь.
Цуьнца цхьаьна хаам бо таханлерчу денна 60 эзар кв.метр сов г1ороран камерш, 15 эзар кв.метр сурсаташ дуьххьалд1а д1аэцаран а, д1ахьажоран а пункташ йина. Логистически туьшехула дийнахь-бусий чекхдер ду 4 эзар тонна сурсаташ. Туьшаца цхьаьна (65 га) цигахь йийр ю махлелоран, офисни, хьешан ц1енойн комплексаш. Иштта билгалдеш ду самукъадаккхаран комплексаш яр а.
Л.СИЛАЕВ
№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо