«Иблисан пачхьалкхан» гIеранаша Шемахь лачкъийна Норвегин а, Чинин а цхьацца вахархо. ГIеранаша дIахьедина и шиъ шаьш оцу пачхьалкхийн куьйгалхошна вухкург хилар.
***
Леррина операци дIахьочу хенахь Хонкаран эскарша хIаллаквина 30 гергга курдийн тIемало. Операци кхул тIаьхьа а дIаяхьа дагахь ду эскаран куьйгалла.
***
Хаддаза эзарнашкахь схьаоьхуш болчу мигранташа чолхе хьал кхоьллина Европин иттаннаш пачхьалкхашкахь. Дуьххьалд1а цхьана Венгре стомара кхаьчнарг 3,3 эзар мигрант ву.
***
Ливанехь демонстрацеш, митингаш дIахьош йолу ши кIира кхаьчна. Урамашка бевллачеран, юьхьанца экономикин лехамаш хиллехь, хIинца политикин лехамаш бу.
***
«Аль-Каида» боламо зорбатоьхна США-н «хIаллакбан безачу» бизнесменийн цIерш. Царна юкъахь ву дуьненна а вевзаш волу Р.Гейтс.
***
Молдовин Президент А.Тимофти реза ца хилла митинг вовшахтоьхначаьрца цхьаьнакхета. Цуьнан метта цаьрца цхьаьнакхетта правительствон декъашхой, церан цхьаболу лехамаш кхочушбан тIе а лаьцна Iедалан векалша.
***
В.Путина, А.Меркела, Ф.Олланда, П.Порошенкос телефонехула дийцаре дира Украинехь долу хьал а, иза тодаран некъаш а.
***
Эрмалойчоьнан эскаран хьашташна 200 миллион доллар кредит дала лерина ю Росси. Цу хьокъехь хIокху деношкахь хаам бира оцу мехкан Президента С.Сергсяна.
***
Иорданин принца Аль-Хьусейна шен кандидатура хьалхатеттина ФИФА-н Президентан дарже.
***
Россин Президента В.Путина а, Премьер-министра Д.Медведевс а 60 шо кхачарца декъалйира Россин халкъан артистка Л.Долина.
***
Россин кхечу мехкашца долчу гIуллакхийн министр С.Лавров Москвахь цхьаьнакхийтира Суданан а, Къилба Суданан а МИД-н куьйгалхошца.
***
ХIокху шарахь цкъа а ца хиллачу кепара хьийкъина кхиъна вайн махкахь хьаьжкIаш. Юьртан бахаман министерствехь бечу хаамашца уьш 13 миллион тонна хила герга ду.
№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо