Массара а бехкебо Къилба-Сахалински суьдан сацам

 

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн  министран Умаров Джамбулатан пресс-конференци хилира. Иза Къуръанан сураташ «экстремистски материал» лараран хьокъехь болчу Къилба-Сахалински суьдхочун
Перченко Натальян сацамах лаьцна яра.

 

Пресс-конференцехь бара нохчийн шуьйрачу хаамийн гIирсийн а, юкъараллин, бакъонаш ларъяран организацийн а векалш. Ткъа хIун сацам бу иза? Прокуроран Билобровец Татьянин лехамца суьдхочо Перченко Натальяс экстремистски материал лерира «Деле дехар: исламехь  цуьнан маьIна а, меттиг а» книга. Цу тIехь ду Къуръанан аяташ, уьш Iаьрбийн а, оьрсийн а меттанашкахь ду. Экстремистски лерина «Хьуна сужуд до оха, гIо дар Хьоьга бен ца доьху оха» (аль-Фатихьа сурат), «АллахIаца  нисвеш, кхечаьрга цхьаьнгга а ма деха» (аль-Джинн сурат).

Министра Умаров Джамбулата гулбеллачарна хаийтира, хьалхарчу рогIехь къамел уггаре а хьалхарчу, коьртачу, Делах тешаш болчарна бакъдерг довзуьйтуш, Сийлахьчу Къуръанан цхьааллин маьIна гойтуш долчу аль-Фатихьа суратах лаьцна хилар. Иза бусалбанаша ламаз дечу хенахь я доIа динчул тIаьхьа доьшуш долу коьрта сурат ду. «Иза, суьдан сацамца, ткъа билггал аьлча, прокурора Билобровец Татьянас тIедилларца, суьдхочун Перченко Натальян сацамца, экстремистски лерина хилла сурат ду». Оцу дешнашца схьайиллира министра пресс-конференци.

И адамаш Iеха а дина, леррина йолчу службаша шайна хьалхахIоттийна декхар цара кхочушдина аьлла хеташ ву Дж.Умаров. Министра дийцарехь, оцу гIуллакхехь гуш ю, лерина билгалъяьккхина, дика анализ йина йолу Iалашо. И Iалашо ю Россин Федерацин, цуьнан халкъан Конституцин баххаш дохор, социальни гIаттаман хьал кхоллар. «Иза Россица долчунна хаамийн-террористически бохам бан гIортар ду», тIетуьйхира Дж.Умаровс.

Министра иштта дийцира тайп-тайпанчу мехкашкара шега смс-хаамаш кхочуш хиларх лаьцна. Адамаш оьгIаздахана ду суьдхочун сацамна. Масала, цIеяххана вевзаш волчу мозгIара Кураев Андрейс хьалхахIоттийра динан литературина анализ яр а, иза экстремистски лара цуьнан мах хадор а провинциальни суьдийн декхаршна юкъара дIадаккхар. «Иза дан декхарийлахь бу динан Iилманан корматаллин нах. Ерриге а цитаташ суна евзаш йоцчу книги тIера а йоцуш, ткъа Къуръана тIера евзаш ю, делахь-хIета, ца магош бехке бан безарш и сацам тIеэцнарш бу», керста динан мозгIаран дешнаш далийра Умаров Джамбулата.

«Нагахь санна Кадыров Рамзан ца хиллехьара, оцу гIуллакхо вон тIеIаткъам бан тарлора Россина а, Исламан дуьненна а юккъерчу юкъаметтигашна, тIетуьйхира министра. Питанчаш Генарчу Малхбалехь долу хьал талхо, Исламан дуьненца йолу Россин юкъаметтигаш гIоьртина хилийта гIерташ бара. Цундела тахана билггал Нохчийн Республикин Куьйгалхо ву «иблисан пачхьалкхана» дуьхьал Исламан дуьне цхьабарт беш цхьаьнатохарехь коьрта меттиг д1алоцуш верг. Кадыров Рамзанал гIолехь цхьанна а ца хаьа экстремизм мичхьа ю а, цхьаъ бен воцчу АллахIе кхойкхуш долу бакъдолу Ислам дин мичхьа ду а. Билггал Кадыров Рамзан ву идеологически тIегIанехь санна, иштта ницкъ юкъабалоран тIегIанехь а дуьненаюкъарчу терроризмаца къийсам латторан методикин автор. МостагIий цунах дика кхеташ бу. Царна хаьа, нагахь санна Кадыров Рамзана деш долу гIуллакхаш малдан шайн ницкъ кхачахь, дуккха а къаьмнийн, дуккха а динийн Росси шаьш эшор юйла. Вай боху: «Иза шуна ца гун дерг а, ца хиндерг а, хила йиш йоцург а ду».

№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: