Суьдан сацам нийса цахилар дIахоуьйтур ду

 

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен instagram агIон тIехь Къуръанан сураташ тIехь долу книга экстремистски лараран хьокъехь болу Къилба-Сахалински суьдан сацам нийса цахилар дIа а хоуьйтуш, иза юха толлург хилар билгалдаьккхира. Цу декъехь догIуш долу тIедиллар дина адвокатана.

9ee9be79

Сан тIедилларца адвоката апелляци яран Iалашонца кечдина кехаташ ду. Суьдан сацам законаца богIуш цахилар ларар доьхуш, арз дийр ду гражданийн гIуллакхашкахула йолчу Къилба-Сахалински суьдан коллеге, элира регионан Куьйгалхочо.

Дукха хан йоццуш прокуроран Билобровец Татьянин лехамца суьдхочо Перченко Натальяс «Деле дехар: исламехь цуьнан маьIна а, меттиг а» книга экстремистски лерина. Оцу книги тIехь далийна ду бусалбанаша хIора дийнахь олуш долу Къуръана тIера дешнаш «Хьуна сужуд до оха, гIо дар хьоьга бен ца доьху» (Аль-Фатихьа сурат), «АллахIаца нисвеш, кхечаьрга цхьаьнгга а ма деха» (Аль-Джинн сурат).

Кадыров Рамзана билгалдаьккхира дуьненан берриге а бусалбанаша ламазаш Къилба-Сахалински суьдо экстремистски лерина долчу сураташца дIадолош хилар. Иштта цо дийцарехь, цо а, цуьнан тIеман накъосташа а, деза Къуръан а доьшуш, Россин цхьаалла ларйина, дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а тIемаш бина.

Терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латтош, шен дахар дIаделла Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас а, эзарнаш цуьнан накъосташа а. БIешераш хьалха эзарнаш нохчий, Къуръана тIехь чIагIо а еш, Россин империн мостагIашна дуьхьал тIемаш бан арабовлуш хилла, бохура Кадыров Рамзана.

Республикин Куьйгалхочо дIахаийтира ша Къуръан Iалашдарехь шен дахар кхоориг цахилар.

Аса жоп доьхур ду цаьргара, хIунда аьлча суна хIокху дахарехь Къуръанал деза цхьа а хIума дац. Оцу новкъа дIаваха кийча ву со. Суьдхо Н.Перченко а, прокурор Т.Билобровец а Россин мостагIий а бу, шайтIанаш а ду, тIетуьйхира цо.

Р.РАМЗАНОВ

№103, шот, 12-г1а сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: