Нохчийн дзюдоисташ – Россин чемпионатехь

ХIокху деношкахь Красноярскехь чекхъяьлла дзюдо кепара охьатохархлатарехула Россин чемпионат. Цигахь  дакъалоцуш  вара Россин 62 регионера  500 сов спортсмен,  царна юкъахь – Нохчийчуьра  25  дзюдоист а.

Вайн спортсменех пхеаннан  аьтто  хилира толаман меттигаш  яха. Ша  аьлча, шайн-шайн йозаллин категорешкахь  дато мидалш  ехира Шамилов Якъуба (66 кг.), Сулейманов  Iумар-Хьаьжас (81 кг.),  кхоалгIа меттигаш ехира Яшуев Ислама (60 кг.),  Денильханов Iарбис (66 кг.), Жамбеков Сайд-Эмис (90 кг.).

Россин чемпионатехь толаман  меттиг  яккхар боккха кхиам бу, цига  кхачархьама билггал а хьуьнар  оьшу, цундела  оцу  кхиамца  декъалбан  богIу  лакхахь  цIерш  яьхна  спортсменаш. Красноярскехь  баьхначу  толамаша  царна  некъ баьстина  дуьненаюкъарчу  турнирашка.

Хь.АБАЕВ

№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: