«Терекан» – хьалхара толам

«Терекан» – хьалхара толам

13-чу сентябрехь Россин премьер-лигин чемпионатан 8-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» команда Каспийск гIалахь цхьанакхийтира Дагестанерчу «Анжи» командица. Церан ловзар, жамI 2:0 долуш,  «Терекан» толамца дирзира.

Ший а гол шолгIачу таймехь, кхо минот хан бен юкъа а ца юлуш, туьйхира. Дуьххьара Дарко Лазича 49-чу минотехь шайн кевнна чу туьйхира буьрка. Ткъа шолгIа гол тоха И.Лебеденкон аьтто белира.

«Тереко» кху чемпионатехь дуьххьара толам баьккхира. Турнирни таблици тIехь уьссалгIачу метте бевлира уьш.Ткъа «Анжи» 14-чу меттехь ю.

ТIейогIучу турехь «Тереко» шайн цIахь тIеоьцур ю «Уфа» команда.

А.ТУРШИЕВ

№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: