Литературин рузма

Муталибов Зайнди, поэт, вина 1922-чу шеран сентябрь беттан 15-чу дийнахь Ведана кIоштан Хоттане юьртахь.

1941-чу шарахь шен лаамехь Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIаме воьду. 255-чу къаьсттинчу Нохч-ГIалгIайн дошлойн полкаца цхьаьна доьналлица оцу тIамах чекх а волу бIаьхаллин эпсар. ТIеман хьуьнаршна правительствон цIарх делла 7 совгIат а хилла цуьнан (орденш, мидалш), шайна юкъахь ЦIечу Седанан орден а йолуш.

Дешна Бишкекерчу хьехархойн институтехь. Белхаш бина «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан редакторан заместитель, Нохч-ГIалгIайн книгийн издательствон а, тIаьхьо «Книготорган» а директор волуш.

Яздан волавелла 40-чу шерашкахь. Поэтан кхоллараллехь къаьсттина беркате хилира 60–70-гIий шераш. Оцу шерашкахь цо арахоьцу поэзин, прозин иттех сов книга: «Даггара», «БIаьхочун весет», «Дека сан илли», «Даима хьоьца», «Заманан син пха», «Со хьан кIант ву», «Чов йина анкета» (оьрсийн маттахь), иштта кхин а. Стихаш зорбане йийлина юкъарчу гуларшкахь а.

Поэтан кхалхар хилла 1978-чу шарахь.

Сулаев  Мохьмад,  поэт,  прозаик,  вина  1920-чу  шеран  сентябрь   беттан   20-чу  дийнахь  ГIойтIахь.

1941-чу  шарахь  чекхйоккху   Бакура   лоьрийн  институт. ХIетахь  дуьйна   схьа   лоьралла  а,  литературехь   болх  бар а   цхьаьна   дIакхийхьира  цо.

Стихаш язъян волавелла  1935-чу  шарахь,  ша   Бакухь  доьшуш  волчу   хенахь.  Кхоллараллин  хьалхара   мур  чекхболу   1943-чу  шарахь, «Малх тоьлур   бу»   поэма   язъярца. 1958-чу  шарахь  «Безаман   эшарш»   цIе  йолу  стихийн   гулар  араяларца   дIаболало  яздархочун   кхоллараллин   керла   мур. ХIетахь  дуьйна   цо   арахьоьцу   поэзин а, прозин а   дуккха а  книгаш:  «Велларг   денвар», «Даймехкан зIаьнарш», «Товсолта  ломара   дIавоьду», «Даг чуьра   суйнаш», «Йовшйоцу   цIе»,  «Бакъдерг», «Адамалла», «Сирла   суьйре», «Товсолта   ломара   дIавоьду»  роман  (тIаьхьа  иза   тойина юха  араелира «Лаьмнаша  ца  дицдо» цIе  а йолуш).

Говза  гочдархо а  вара  М.Сулаев. Цо нохчийн  матте   гочйина   Рудакин, Г.Гейнен,  Р.Гамзатовн, иштта   кхечу   а гоьбевллачу  поэтийн   стихаш.

Поэтан   кхалхар хилла 1992-чу  шарахь.

№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: