ХIокху деношкахь араяьлла вайн берашна уггаре а дукхадезачу журналан рогIера номер.
Журналан хьалхарчу агIон тIехь «Яздархочух дош» рубрикехь вевзаш волу поэт Хасбулатов Ямлихан 80 шо кхачарца декъалваран дешнаш даладо редакцис. Циггахь цуьнан «Лекха цIе» байт еша аьтто а бу.
Мамакаев Эдуардан «Шуьца нислой ишттаниг?» байта тIехь дуьйцу хорбазех лаьцна.
«Гоьргаш санна, яккхий хорбазаш
Кха тIехь Iохку,
Къерзош бIаьргаш.
Массо къорза, горга хилча,
Муха хаьа, хилла яьлча?..» – хаттарца йолайо иза автора.
Къаьсттина берийн самукъадер долуш ю «Берийн кхолларалла» рубрика. «Къоначу поэтийн» Абдулаева Шовдин, Халидов Байсангуран, ЮсуповгIеран Мохьмадан, Лианин, Индирин байташа а, иштта авторийн суьрташа а къагийна рубрикина лерина агIонаш.
Массо берана дукха деза цицигаш. Тапалаева Аминатан «МуцIи» дийцар а, Махмаев Жамалдин «Писуй, дахкий» байт а ю царех лаьцна.
Бераша шайн наношца лелочу хIилланех хIун хуьлу хуур ду Халикова Асетан «Жима Хеда» байт ешча.
Ахмадов Мусас «Баба йолчохь» дийцар тIехь дуьйцу итт шо кхаьчначу Санус шен бабина дечу гIуллакхех а, бабас цунна Iамийначух а лаьцна. Сануна цкъа а ца хезна дешнаш Iамийра Бабас.
Алиев Мохьмадан «Цхьогало дина хIилла» туьйранехь берашна хуур ду ерриге а акхарой лееш, цхьогало динчу хIилланех лаьцна.
«Дийнатийн дуьне» рубрикехь Гелагаев Сайд-Мохьмада зух лаьцна яздина. «Зу Iаьнан муьрехь юьжий Iуьллу лаьттах яьккхинчу шен тунгари чохь. Iа чекхдаллалц шена тоъал хьоналла худу зуьнан дегIо аьхкенан муьрехь», – иштта кхин а бу автора зунах лаьцна бовзуьйту хаамаш.
«Ойла е, тидаме хила» рубрикехь берийн аьтто бу дешнаш хIитто, шайна хууш дерг карладаккха а, цахуург хаа а.
Даима санна самукъане ю «Бераша олу…» рубрика. Кхузахь «ЧIерана наб йогIу», «Хаттар-м хала дацара…», «Сахьт сацадехьа» кегий дийцарш доьшур ду.
«Вайна гуонахара Iалам» рубрикерчу «Хьаьттан бутт» статья т1ехь дуьйцу оцу беттан хиламех а, башхаллех а лаьцна.
Бераша хазахеташ кечдийр долуш ду журналан тIаьхьарчу агIон тIехь долу сурт а, «Хаар – зер» кроссворд а.
Журналан агIонаш, даима санна, къегинчу суьрташца кечйина ю.
Л.ДАУТОВА
№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо