Зандакъахь – къаьмнийн ловзарш

Нажи-Юьртан районан №2 йолчу ДСЮШ-с 6-чу сентябрехь Зандакъахь Нохчийн Республикин денна лерина «Лаьмнийн къаьмнийн ловзарш» цIе йолу къийсадаларш дIадаьхьира.  ХIордан барамал 1000 метр лакхахь йолчу «Нийса акъара» майданахь, гулделлера дуккха а адам. Оцу гIуллакхан оргкомитетан куьйгаллехь волу Кадисов Iалавди вара ловзарийн декъашхой а, хьеший а тIеоьцуш. Хьешашна юкъахь вара Нажи-Юьртан районан администрацин куьйгалхочун заместитель Джамаев Аьрзу а, Дагестан Республикан хьакъволу хьехархо Омаров Зайналубид а, Новолакерчу РОВД-н векалш а.

IMG-20150906-WA0038

Къаьмнийн ловзаршкахь хьуьнарш гайта лууш берш кIезиг бацара, шайна юкъахь районан кегийрхой хилла ца Iаш, Дагестанан Казбековски а, Новолакски а районийн векалш а болуш. Къаьсттина чIогIа команда ялийнера Новолакски районан РОВД-с.

ГIуллакх дIадолош, къийсадаларийн дакъалацархошка а,  хьовсархошка а вистхилира Джамаев Аьрзу: «Хьоме дакъалацархой а, хьеший а! Декъалдо шу вайн къоман дезачу денца – Нохчийн Республикин денца! Кху къийсадаларшкахь дакъалаца луларчу Дагестанан районашкара хьеший баьхкина хилар  мехала хIума ду. Вай дерриш а  лаьмнийн къаьмнийн векалш ду. Тахана вай вешан къаьмнийн ловзарш юхаметтахIитторан Iалашонца къахьоьгуш хиларо гойту, вай халкъан ламасташ иэсехь латтош хилар а, лоруш хилар а. Суна лаьа, шуьца дезденойн синтем алссам латта а, толам тоьллачо баккха а…».

Къийсадалрш дIадаьхьира къаьмнийн ловзарийн пхеа кепехь: ша лаьттачуьра гена кхоссавалар, тIулг кхоссар, йозалла айъар, йозалла дехьаяккхар, муш дIасаозор. Хьовсархойн къаьсттина тидам тIебахана бара ша лаьттачуьра кхоссаваларан къовсам. Хьовсархойн сатийсарш кхочушхилира – кьийсадаларийн цу декъехь  толамхо хилира  Аларханов Шемал. ТIулг кхоссаран декъехь толам баьккхира Казбековски  районан МажгIара юьртарчу вахархочо. Йозаллашца доьзначу дакъошкахь билгалвелира ши ваша: Сиддикъ а, Iалихан а БацаевгIар. Эххар а тIекхечира муш дIасаозоран рагI.

Къийсадаларийн оцу декъехь  финале  елира «Зандакъа», «Татай-Отар»  командаш. Халачу тасадаларехь  толам  Бацаев Сиддикъа  кечйинчу командано баьккхира.

Дакъалацархойн а, хьовсархойн а ч1ог1а  самукъадолуш, хаза дIадирзира Зандакъахь дIадаьхьна «Лаьмнийн  къаьмнийн  ловзарш» къийсадаларш.  Дийнна схьаэцча, турниран толамхо хилира  «Зандакъа» команда, шолг1ачу  меттехь  татайотархой  бара, кхоалг1а меттиг Новолакерчу хьешаша  яьхьира.

Къийсадаларш вовшахтохархойн  а, дакъалацархойн  а барт хилла  иштта  гIуллакхаш хIора  шарахь дIадахьа.

И.ХАСАХАНОВ

№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: