Цхьанна а шеко йоцуш, кху дахаран юьхь, амал, цуьнан сибат, куьзга, муьлххачу къоман ша дехаш хиларан тоьшалла ду мотт. Ткъа нохчийн мотт кху лаьттарчу муьлххачу нохчичунна деза х1айкал, дахаран къилба, цуьнан синкхетаман уггаре а йоккха г1ортор хилла ца 1аш, иза цуьнан орам а, ораман са а ду. Цунна аьлла нохчаша нохчийн маттах ненан мотт! Цу дешнаша чулоцу дерриге а. Нохчийн маттах лаьцна дукха дийцина дуьненахь а бевзаш болчу, кхечу къаьмнех болчу 1илманчаша, яздархоша, философаша: А.Толстойс, П.Услара, М.Лермонтовс, кхечара. Нохчийн маттахь, нохчийн махкахь хийла нохчийн дас, вашас, йишас, хийла нанас шайн весеташ а дина. Цунна лаьттина вайн мотт оццул яккхий къизаллаш т1ех1иттарх д1а ца болуш, цунна лаьттина нохчийн мотт г1ел ца луш, къар ца луш, цхьана а моханна дуьхьал охьа ца те1аш, шех хьо винчу, хьуна дуьххьара дахар деллачу ненан мотт а хилла. Цундела вайн иза кхин д1а а ларбан, иза тобан декхар а ду…
И дерриге а гуш, хууш Россин Турпалхочо, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана д1адаханчу шарахь д1ахьедира нохчийн меттан йоза шен нийсаяздаран бакъенаш а ца талхош, х1ораммо а цхьатерра язбеш а, г1уллакхехь лелош а хилийтаран 1алашонца цхьа билггал баххаш а х1иттийна, цхьана бакъенаш т1ехь д1ах1оттон безаш хилар а, цу г1уллакхана къастийна комисси хила езаш хилар а. И болх тахана д1а муха боьдуш бу хьажаран 1алашонца тхан къамел хилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу з1енийн, зорбанан, хаамийн министраца Жамалдаев Шаидца:
— Шаид, хууш ма хиллара ахь куьйгалла дечу министерствос д1аболийна нохчийн меттан йоза а, дешнаш нийсаяздаран бакъенаш а цхьана кепа ялорна т1ехьажийна болх бу, тахана муьлхачу хьолехь ду и г1уллакх?
— Иза, вайна массарна а хууш ма хиллара, инзаре боккха болх бу. Цхьана, шина дийнахь а, я цхьана шина шарахь а чекх бер боцуш болу. Делахь а тахана вай дан дезаш а, чекхдаккха дезаш а г1уллакх ду иза. Дала мукъ лахь, вай и г1уллакх, вайн мехкан куьйгалхочо вайна т1е диллина ма хиллара, лаккхарчу т1ег1анахь чекх а доккхур ду. Оьшучунна т1ехь Кадыров Рамзана вайна накъосталла дийр дуйла а хаьа вайна.
Иза мел боккха болх белахь а, балур боцуш болх бац. Уггаре а коьртаниг вайн къоман шен эзарнаш шерашкара схьайог1уш истори а йолуш болу мотт болуш бу. Мехкан Куьйгалхочо вайга бохург, кху т1аьхьарчу шерашкахь мелла а керла дешнаш юкъадовларца маршо а яьлла, цхьаболчу наха дешнаш тайп-тайпана яздар а, дешнийн нийсаяздаран кепаш а, цхьана хорша ерзаяр ду. Цу т1ехь болх д1аболийна а, д1абоьдуш а бу.
— Бехк ма биллалахь, дешнаш нийсаяздаран кепаш х1иттийна йолуш яра, цу т1ехь белхаш беш, берашна мотт, йоза хьоьхуш хьехархой а бара, цаьрга хоттур дуй шун комиссис цхьа бакъенаш ч1аг1ъяле.
— Хаттарал а совнаха, цу комиссица цхьана болх бан декхар ву тахана ша баккъал а хьехархо хеташ волу нохчийн меттан х1ора хьехархо а, 1илманча а.
Ас юха а боху, вайн мехкан Куьйгалхочо бохург мотт, меттан бакъенаш хийца бохург дац. Цхьамма цхьа бакъенаш лелош, вукхо йозанан кхин бакъенаш лелош адамаш тилкхаз а ца дохуш, цхьа бакъенаш т1еэца бохург ду.
Цу г1уллакхана вайна оьшуш ерг уггаре а хьалха вайна нохчийн меттан дошам ю, иза а вайн меттан йолуш ю т1е жимма дешнаш тоьхчахьана. Диалекташ ю таханлерчу литературин матта юкъара уггаре а хьалха д1аяха езарш. Уьш д1аяхарца вай ч1аг1бен берг нохчийн къоман литературин мотт бу. Иза ч1аг1 а бина, комиссис и дешнаш т1еэцначул т1аьхьа вай нохчийн х1инцалерчу меттан дошам зорбане яккха еза, т1аккха дош кхолладаларан дошам а, иштта кхийолу дошамаш а араяхарца вайн мотт кхид1а а баржоран, бахархошна шарбаран 1алашонца вайн и дерриге а дешнаш нийсаяздаран бакъенаш д1а а нисйина вешан мотт компьютер чу баккхаран программа йийр ю. Т1аккха вайгара цхьа ларамаза г1алат даьлча, г1алат долу дош оьрсийн а, кхечу а меттанашкахь санна, компьютеро гойтуш хир ду. Т1аккха вайна Дала мукъ лахь, цхьа а элп харц доцуш вешан ненан маттахь яздан а, нийса деша а хуур ду.
— Доккха г1уллакх ду иза. Вайн къомана ч1ог1а оьшуш г1уллакх а ду. Делахь а цхьа хаттар кхоллало юха а. Тахана, вайна хууш ма хиллара, 1аламат к1езиг бу вайн ненан маттахь йоза-дешар лелош берш. Тахана дерг а ца лелош болчу вайн бахархошна оьшуш дуй и керла хийцамаш бар. Я царна хуур а дуй и хийцамаш вай беш дуйла?
— И хаттар а кхоллало наггахь. Амма вай иштта д1адахана девр доцийла хууш ду вайна массарна а. Тахана шен куьйгалхо а, Даймохк а болуш, кху Даймахкахь буьйцуш нохчийн мотт а болуш бехаш болчу нохчашна хаа деза нохчийн меттан йоза а шайн хила дезийла, иза нийса д1аяздеш хила дезийла а. И кхетам а вайн къома юкъа жим-жима бог1уш бу. Масала, тахана вайн Соьлжа-Г1алахь а, кхечу г1аланашкахь а, ярташкахь а доккха хазахетар хуьлу цхьацца яртийн ц1ерш а, туьканийн ц1ерш а, урамаш а нохчийн маттахь д1аяздина гича. Жим-жима дулуш дулур ма ду вай цунах, т1аккха вайн т1екхуьуш йолу т1аьхье а ма ю х1ора денна кхуьуш, цара 1амош ма бу нохчийн мотт, Дала мукъ лахь, кхана уьш вайн метта х1иттича царна лелон, царна нийса нохчийн мотт лелон, иза нийса д1аязбан бух охьабиллар ма ду вайга вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана бохург а.
Меттан орфографи цхьана кепе ерзоран комисси юкъахь дакъалоцур ду хьехархоша а, 1илманчаша а, иштта 1илманан академино а, 1илманан, дешаран министерствос а. Вай цхьаьний дан дезаш г1уллакх ду иза. Х1ара вайн юкъара г1уллакх ду.
Кху министерствехь ши-кхо цхьаьнакхетар а хилла со кхуза схьавеанчу юкъанна, цхьацца къамелаш, къийсадаларш а хилла, амма со тешна ву цхьана новкъа а девлла, тахана цхьацца дешнаш д1аяздаран некъашка тайп-тайпана хьежарш долчу меттан говзанчийн а, 1илманчийн а цхьабарт хирг хиларх.
— Вайн бахархоша а, нохчийн меттан хьехархоша а гуттар а аьрзнаш до вайн телевиденешкахь а, радиошкахь а цхьацца болчу журналисташа нохчийн литературин мотт ца буьйцуш, матта юккъе диалекташ ялайо бохуш. Иза нисдарна т1ехьажийна деш дуй цхьа а г1уллакх?
— Иза нийса боху и бохучара. Ма дарра дийцича ишттаниг а нислуш ду. Я диалекташ, я кхечу меттанашкара дешнаш юкъадетташ кегбеш буьйцу мотт. Иза д1адаккхаран 1алашонца а цхьамог1а белхаш байта лерина ю комисси ша болх бан йолаелча. Нохчийн маттахь цхьа материал кечъеш волчу журналиста кхидолчу меттанашкара дешнаш юкъадиттича я ша буьйцуш болу мотт цхьана диалектехь буьйцуш хилча иза дика ца хуьлу. Нохчийн мотт пачхьалкхан мотт хилча-м муххале а муьлхха а 1едалан г1уллакххо декхар ву ша буьйцуш болу нохчийн мотт – пачхьалкхан мотт ц1енна, кег а ца беш, цунах шега ладуг1уш волчун безам а ца боккхуш, бийцар.
Тахана вешан цхьанхьа оьрсийн маттахь д1атоьхначу баннера т1ехь я йозанехь элп галдаьлла а г1алат даьлча, эхь хета вайна, ткъа нохчийн маттахь долчу йозанехь г1алат даьлча, иза бен а ца хета, суна уггаре а вайн кхетаман эшам, бохам хета иза. Ткъа хила дезарг нийсса пурхнехьа ма дара. Шен ненан маттахь, шен нохчийн маттахь ша яздинчу йозанехь г1алат даьккхича ша-шех эхь а ца хеташ, кхечу маттахь шен г1алат далар бехк хеташ волчу нохчичун кхетам а цхьана кхечу аг1ор ойла еш болуш санна ма хуьлу. Вай тахана кхетон езаш ерг, кхион езаш ерг, вайга вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхиае бохург а юкъаралла ма ю, шениг шен дуйла а хууш – хуьлда иза мотт, г1иллакх, ламаст … лар а деш йолу. Дала мукъ лахь, и тайпа юкъаралла вайн нохчийн къоман хир а ю.
Шен мотт, шен г1иллакх, ламаст, хат1, амал йолчу, бен хуьлуш ма дац къам. Цунах дика кхеташ ву вайн мехкан куьйгалхо. Цунах дика кхеташ вара вайн республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа.
Вайн махка, кху дуьненал а боккха буй те аьлла, болу и 1аьржа бала чу беача, х1ара дерриге а дуьне вайн къам сийсаз дан доьлча, цо вайн къам, вайн мотт, амал, г1иллакхаш шена дика довзаре терра, майрра д1а ма элира, «Сан къам, Нохчийн къам дац цхьаьннан а мостаг1, нохчий бац талорхой, бандиташ, акха нах, тхан тхайн мотт бу, тхайн г1иллакхаш ду, ламасташ ду, тхо бакъ долу бусалбанаш а, нохчий а ду…» аьлла. Дала цуьнан г1азот къобал дойла, кху дуьненан 1адаташ, дахаран амалш евзаш волчу Ахьмад-Хьаьжина дика ма хаьара мотт д1абаьлча къам д1адолий. Цо цунна ма лардира вайн нохчийн къам, шен дахар д1а а луш. Вайна Ахьмад-Хьаьжин цхьа г1улч, цу инзаре майрачу, доьналлечу стеган цхьа амал тоьар ма яра вешан къоман бакъ долу векалш хилла, кху дахаран оьмарехь вешан меттиг д1алаца. Ткъа вайна вешан меттиг а йолуш, таханлерчу XXI-чу б1ешарахь д1ах1итта кхечу къаьмнийниг санна, шен ч1аг1йина бакъонаш йолуш, компьютерш чохь а болуш, денна кхуьуш болу нохчийн мотт оьшу. Иза ду тахана вайга вайн мехкан Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана бохург а. Олуш ма хиллара, вилосипед ян дагадаийта оьшуш х1ума дац кхузахь. Иза йина йолуш ю, вай 1илманчашка бохург кхид1а оьшучохь чиркх а, оьшучохь радио а, оьшучохь совнаха миндар а буьллуш, т1еюза еза иза, бохург ду. Вайн вешан нохчийн меттан дошам йолуш ю, бух цунах а беш, т1е бан безаш болу белхаш бу буьйцуш берш.
— Шаид, хьалхо хиллачу цхьаьнакхетарехь а дуьйцура иза 1илманчаша, нохчийн меттан йозанехь цхьацца элпаш (графика) хийца деза, бохуш, цунах х1ун хета хьуна?
— Ас юха а боху, со меттан говзанча вац. Амма суна цхьаъ хаьа, луучо тахана долчу элпашца а 1амийна мотт, кхит1е дуьненан 1илманчаша дийцарехь йоза 1амочохь хьаьркаш башха маь1не а дац. Вайн тахана долу йоза дешар нис а дина, иза массо нохчичунна цхьа а г1алат доцуш д1аяздан 1ама а дина, и элпаш яздаран хьаьркаш хийцаран г1уллакх т1аьхьо дийцича бакъахьа хетара суна. Тахана долуш дерг а ца 1амош схьабаьхкинчу нахана т1е, и хууш берш а ца кхетачу бахар жимма сингаттаме го. Вай 1илманчашца цхьана 1илманан академи а, дешаран министерство а вовшах а тоьхна и болх цхьана д1ахьахь, цунах герггарчу хенахь цхьа йист а ер ю, вай кхоччуш нийсачу новкъа а девр ду. Ойла ехьа, вай Дала нохчий ду аьлла ша къастийна дуьненчу даьхна ма ду кхидолу къаьмнаш санна, царна шайн маттахь яздеш шайн цхьа г1алат даьлча эхь хета, ткъа вайна юкъарчу цхьаболчарна г1алат оьрсийн маттахь даьлча цхьа доккха эхь ду моьтту.
— Кхо-диъ шо хьалха долийра вайн школашкара юьхьанцарчу классашкахь дешар нохчийн матте даьккхича дика хир дара боху г1уллакх, амма юха иза д1адижира. Цунах х1ун эр дара ахь?
— Иза долийна а, дийцаре дина а дагадог1у суна, амма стенна т1ехь сецира ца хаьа. Ткъа суна цунах хетарг аьлча, вайн ярташкарчу берашна кегий долуш дуьйна ойла ян 1емар дара иза иштта хилча. Муьлххачу а кхуьуш долчу къаьмнаша, кхиъначу къаьмнаша цу т1ера д1адолийна ма ду дерриге а. Тахана вай берашна берийн бошмашкахь а, школийн юьхьанцарчу классашкахь а дешар царна ца хуучу маттахь хьоьху, т1аккха царна оьрсийн мотт 1амале уьш цунах кхетале пхи-ялх шо а д1адолу, юха уьш маттах кхета боьлча программина т1аьхьа ца кхуьу. Вайн хьалха хила ма хилла юьхьанцара школаш нохчийн маттахь. Я цунах вайна зен а ма ца хилла. Жимма хенарчу 1илманче я яздархочуьнга хаттахьа, хьох ма хилла иштта воккха 1илманча я яздархо, тахана х1унда ца кхуьу уьш алий, цара муьлххачо а эр ду хьуна, хьалха тхан школашкара бух тхаьшна оха х1ун дуьйцу хуучу маттахь бара, аьлла.
Россерчу дукхахдолчу къаьмнаша 1амош ма ду шайн бераш юьхьанцарчу классашкахь шайн меттанашкахь, церан я кхидолу меттанаш 1аморна т1ехь халонаш ю бохуш, цара дуьйцуш а ца хезна суна. Ткъа 1илмано дийцарехь, адамо дика цхьа мотт 1амийча, цунна кхидолу меттанаш 1амо а хала ца хуьлу, т1аккха иштта дика вайга 1амалун болу мотт вайна вай кхуллуш, Везачу Дала вайна белла болу, вайн ворх1е а дас, нанас бийцина болу вешан мотт ма бу. Дала мукъ лахь, вайна массарна а иза дика хуур а бу, иза вешан ненан, нанас вайн лерехь дуьххьара бийцина мотт хиларе терра, вай иза лар а бийр бу. Иза иштта хилийтаран 1алашонца, вайн мехкан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана вайна совг1атна делла б1аьстенан уггаре а хазачу, маьлхачу денойх цхьаъ долу Нохчийн меттан де а ду!
Нохчийн махкахь уггаре а дезачех, беркатечех долчу денойх цхьаъ хилла д1ах1оьттина ма ду тахана вайн къоман Нохчийн меттан де. Доккха беркат, доккха совг1ат ма ду иза муьлххачу нохчичунна а.
– Дела реза хуьлда, Шаид. Беркате а, кху махкана пайде а хуьлда вай тахана д1аболийна болу аттачех боцу, амма оьшуш болу болх.
– Дела реза хуьлда!
Къамел д1аяздинарг – Б.ШАМСУДИНОВ