Х1окху деношкахь Айдамиров Абузаран цIарахчу къоман библиотекехь дIадаьхьира «Исламан зIаьнарш» газетан белхахочо Мустаев Рамзана арахецна Iаьрбийн мотт Iаморан книга йовзийтар. БIаьрса доцучу адамашка пIелгийн эшарца ешалур йолуш ю и книга. Цу дикачу гIуллакхах кхаъ хилла цхьаьнакхетаре баьхкинера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а, динан а, юкъараллин а организацешца зIе латторан департаментан куьйгалхо Дадаев Ризван, Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетан кхетош-кхиархо Муртазаев Сайд-Мохьмад, Нохчийн Республикин бIаьрзечийн юкъараллин председатель Каримова Хьава, иштта шайн бIаьрса ледара долу нах а.
Цхьаьнакхетар дIадолош, бIаьрзечарах уггаре а къоначу, 12 шо долчу, Старопромысловски районерчу Турбина поселкан вахархочо Газиев Расула, нийса дешаран бакъенаш ларъеш, хазачу озаца дагахь Къуръанан сурат дийшира. Цул тIаьхьа вистхилира Дадаев Ризван. Шен къамелехь цо билгалдаьккхира и тайпа книга арахецар мехала гIуллакх хилар. «Тахана айса дан леринчу гIуллакхех уггаре а коьртаниг хIара цхьаьнакхетар хийтира суна. Цундела, дисина гIуллакхаш дIа а теттина, кхуза веана со», – элира Дадаев Ризвана. Шен къамелехь цо дийцира, бIаьрзе нах Дала Ша сийдарца Къуръан чохь хьахийна хилар а, вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) лийрина нах хилар а. Иштта цо доккха баркалла элира бIаьрзечарна гIоьнна лерина Iарбойн йоза деша Iамош йолу книга арахецарна цу книгин авторна Мустаев Рамзанна. Баккъал а, иза Делера мел а, ял а хир йолуш, дика гIуллакх хилар а билгалдаьккхира цо.
Иштта, шайна хетарг олуш, бистхилира бIаьрзенаш. Цара баркалла элира цхьаьнакхетаре ван хан карорна а, иштта хаза, шайн дог ира-кара хIоттош, къамел дарна а Дадаев Ризванна. Цо дина къамел даггара хиларан шайн цхьа а шеко цахилар а хаийтира цара. БIаьрзечара даггара баркалла элира даима а шайн накъост хилла лаьттачу Мустаев Рамзанна. Цо шайна дечу гIуллакхийн мах хадийна вер а вац аьлла, тIетуьйхира цара.
З.САГАЕВА
Авторан сурт
№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо