Лоьрийн доьзал

Чекхдаьллачу ХХ-чу б1ешеран 60-г1а шераш чекхдовлуш дара, Чеченара схьавалар долу Дукаев Ваха Саратов г1алахь лоьрийн институт чекхъяьккхина ваьлча. Масех шарахь цигахь болх бар а нисделира къоначу лоьран. Болх дика барна, накъосташа лаккхара мах хадош, говза лор а вара вайн махкахо. Амма цхьа сингаттам бара хаддаза садууш. Цуьнан ц1а верза сагатлора. Эххар а кхочуш хилира и лаам а. Хьалха-Мартант1ерчу районни больницерчу берийн отделени кхечира Нохчийчу ц1а вирзина къона говзанча. Дукха хан ялале билгалделира кхуьнан доза доцу хьуьнар, говзаллин лаккхарчу т1ег1анехь йолу белхан корматалла.

Отделенин заведующи х1оттийра иза  шо шаре дерзале. Ткъех шарахь сов болх бира Дукаев Вахас оцу отделенехь. Цу муьрехь Хьалха-Мартант1ехь бехаш хиллачу нанойх наггахь ерг а яц Вахега цкъа мукъане орца даккхаза, шайн бераш цунна т1е кхачоза, цуьнан дарбане куьйгаш  довзаза. Хьалха Дела, шолг1а Вахин лоьралла бахьанехь 1ожаллех хьалха девлла бераш к1езиг дац Хьалха-Мартант1ехь а, цунна гондахьа йолчу ярташкахь а. 1990-г1а шераш дуьйлалуш Соьлжа-Г1аларчу т1еман ветеранийн госпиталехь болх беш вара иза. Дукха хьолахь  Даймехкан Сийлахь-боккхачу т1еман б1аьхой хуьлура цигахь дарбане сатесна баьхкинарш. Къоналла тоххара къайла яьлла, мелла амал чолхе йолуш, дегабааме нислора кхузара дархой. Амма цаьрца массаьрца бийца хаза мотт, догъэца мерза дош карадора лоьрана. Эсала аьлла дош дарбане дуй хууш, х1ора дархочуьнца, ца к1ордош, къамелаш дора кхуо. Ткъа уггаре а коьртаниг х1оранга — сема ладуг1ура. Цунах боккха там хуьлура къаношна. Царна 1аламат дукхавезара Ваха, 1уьйранна иза палати чу варе сатосий 1ара уьш дукха хьолахь.

1999-чу шеран шийла гуьйре 1аламат ц1емза еара Соьлжа-Г1алахь. Луьста дечу авиатохарша ц1а берзийра дархой, д1акъевлира дарбанан кхерчаш. Дукхах болу вайн махкахой санна, шайн синош  довдийна махках бевлира дуккха а лоьраш. Бакъду, Дукаев Ваха ц1ахь сецира. Цкъа мацах лоьрийн говзалла караерзош ша биъна Гиппократан дуй къар ца беш, шен махкахошца Соьлжа-Г1алахь висира иза. Дахарехь алссам зиэделларг долуш, хьалхарчу т1амехь хи ма х1утту бохамаш гина волчу цунна дика хаьара, мискачу адамашна шегара г1о-накъосталла оьшур дуйла.  Дукаев Ваха хьалха ваьлла, цуьнца Арапханов Салахь, Гучигов Салман, иштта кхин болу лоьраш болуш, цара Соьлжехь схьайиллира «Врачи мира» ц1е йолу дарбанийн пункт. Дукха адам делира цу пунктехула чекх. Цхьа а лоьрийн орца доцуш ца висира. Бакъду, Дукаев Ваха-м, де-буьйса ца лоьруш, мичча хенахь а шега кхайкхича, схьа ца валуш висинчу дархочунна т1е кхочура, шен медицинин саквояж карахь йолуш. Кхузахь суна билгалдаккха луур дара, оцу халчу муьрехь, Вахина уллехь болх беш, медйиша йолу цуьнан йо1 Зарема яра. Чов ехка езахь а, маха тоха безахь а, даима шен дена уллехь хуьлура и оьзда йо1. Дукха адамна деэшначохь орцах  даьлла ду дай, йо1 Дукаевг1ар.

Т1еман кхийсарш нилха евлча Соьлжа-Г1аларчу №9 йолчу больнице болх бан дехьа велира Ваха. Ткъа цуьнан йо1  Зарема, юха болх бан йолаеллачу госпиталехь сецира, медйишин декхарш кхочушдеш. Массарна дуккхаезара иза. Цуьнан беркате ши куьг дарбане хетара дукхах болчу дархошна. Белхан накъосташа иштта  лоруш, говзаллин лаккхарчу т1ег1анехь йолчу йоь1ан корматаллин дика мах хадош, схьайог1уш яра йо1. Амма баьхначу кхиамех цкъа а тоам беш бац Дукаевг1ар. 2002-чу шарахь, балхана юкъара ца йолуш, Нохчийн пачхьалкхан университетерчу медицинин факультете деша яхара Зарема, лоьрийн мах боцчу 1илманан к1оргене кховда 1алашо лаьцна. Дера хала хилла хир ма ду йо1ана, болх беш, деша. Ма-дарра дийцача, деша х1оьттина дукха хан ялале, Заремин ц1ера ялар нисделира. Хенан йохалла доьзал стамбала буьйлира. Ткъа нохчийн доьзалехь керлачу несана мел хала ду вайна массарна хаьа. Къаьсттина и нус, Дукаева Зарема санна, оьздачу кхерчара схьаяьлла елахь. Делахь а, иза халонашна б1окъажор болуш я, царех озаелла, юхаер йолуш яцара. Цундела, церга балда лаьцна, д1аг1ертара йо1, шена мел хала делахь а. Кхиамаш гена ца хиллера. Университет чекхъяьккхина ялале, лакхарчу  курсашка дика доьшуш хьалаяьлча, кхуьнан хьуьнар, хаарш тидаме эцна, кхуо медйишин декхарш кхочушдечу неврологин  отделенехь лоьран дарже яьккхира къона говзанча. Тахана кхаа беран нана ю Зарема. Университет кхиамца чекхъяьккхина, тоххара схьаэцна лоьран диплом. Цул совнаха, дархошна  дукхаезаш, говза лор ю иза. Шен хьаналчу къинхьегаман беркате некъ д1аболийначу госпиталехь неврологин отделенехь лоьран болх беш ю иза х1инца. Шен балхана «чу са диллина» ю. Х1ора дийнахь, диллинчу сохьтехь шена дукхабезачу балха т1ехь хуьлу иза. Елалой, екхалой т1еоьцу цо дарбане сатесна шена т1е мел кхаьчнарг. Цуьнан сов т1ех г1иллакхе, оьзда хиларо адмийн лазар дай до, сирлачу кханенах дегайовхо кхуллу, дахаре болу безам ч1аг1бо. Ма дика ду иштта сема лоьраш вайн махкахь болуш. Кхин а дика хета Нохчийчохь лоьрийн династеш дебаш. Царех цхьаъ ю Дукаевг1еран династи а. Шен хенахь  шен да Ваха ма-латтара, адмийн могашаллина г1аролехь лаьтташ ю Зарема. Иза йоккхайийна ца йолу, ца хуург хатта, оьшучохь дагаяла шен да волуш. Пенсехь велахь а, цунна х1инца дика девза лоьрийн 1илма. Зарема цу 1илманан к1оргене хаддаза кхийда лууш ву иза. Хаарш цкъа а, цхьанне а сов девлла меттиг яц, лоьрашна-м муххалле а. Цунах даима дика кхеташ бу Дукаевг1ар. 1илмано г1о дина царна кхиамийн лакхене кхача.

ГАЗИЕВА АЗА

№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: