Нохчийн Республикин хьакъволу артист Исмаилов Ризавди ца вевзаш мила хир ву тахана вайн махкахь!? ХIаъ. ГIараваьлла вевзачу иллиалархочун Исмаилов Шарпудин нанас дена вина жимах волу ваша ву Ризавди. Иштта тайна аз ду, мел оьшу вокальни таронаш йолуш. КIезиг хан яц иза Нохчийн Республикин I. Шахбулатовн цIарах йолчу пачхьалкхан филармонехь вокалист болх беш волу а.
Делахь, хIинццалц шен воккхах волчу вешин къегинчу похIмин IиндагIехь лаьтташ санна хетара хIара, гIаравалар бегIийла ца хеташ. Амма шо гергга хан хьалха Ризавдин репертуарехь керла илли гучуделира, «Безаман дитташ» цIе йолуш. Шен экамчу синан цхьа дакъа юкъадиллина, дагца луьттуш, цIийца лозуш, кIанта дIааларе терра, тIома даьлла, Нохчийчоьнан массо маьIIе кхечира и зевне илли. Массара цхьабосса дезаш тIеийцира, могIарера бахархошкара, мехкан куьйгалхочуьнга кхаччалц. Литературин гуонашкахь шен цIе шуьйра евзаш волу поэт, журналист Сейлмуханов Муса вара Ризавдис дIааьллачу иллина дешнаш яздинарг. Авторо могIанаш гулдархьама доцуш, доггаха яздаре терра, атта мукъаме дерзалуш дара и чулацаме дешнаш. Дала ца кхоош шена делла зевне аз, къегина похIма орцахдаьккхина, Исмаилов Ризавдис «чу са кхоьллира» царна, шолгIа дахар луш.
Iаламе бIаьрг тухуш, со новкъа волу,
Лоьху ас бацалахь лар яйна тача.
Дог а деттало, ша карзах долий,
Безаман дитташ тIе сихвеш со кхача…
МогIарера илли дац артиста кхиамца кхочуш деш долу «Безаман дитташ». ЛадогIархойн синкIоргене кховда ницкъ болуш, чулацаме моноспектакль хета иза. Чолхечу дахаран зиэделларг ду иллехь кхайкхошдерг. Кадечу замано бераллина гена мел доху, хьоме хуьлу хIора адамана цкъа мацах дас-нанас куьг мел тоьхна дезарш. Ткъа дас доьгIна дитташ, цхьа шатайпа исбаьхьа хан карлайоккхуш лаьтта даима. Цунах говза дуьйцу шен иллица Исмаилов Ризавдис. Цхьана а кепара шеко яц, нохчийн эстрадин классика хилла и илли дIахIуттург хиларх, заманан йохалла шен бос керча нур ца довш.
Итон-Кхаьлларчу кIоштара схьаваьллачу Нажмуддин кIант Ризавди дуьнен тIе ваьлла 1986-чу шеран хазачу гуьйранна. Кхиамца чекхъяьккхина Тазбич-юьртара юккъера школа. Кхеран доьзалехь даима бара нохчийн къоман мукъамийн гIирсаш. Да Нажмудди вара дечиг-пондар лакха хууш, цуьнца мерза гергарло долуш, тIаьхьа тайна мукъам балош, илли дIаолуш. Бакъду, да хьалхе дIаваьлла, байлахь бисира доьзал. Оьздачу ненан хьуьнар бахьанехь, гIело ца гуш, хьалакхиира хIорш. Воккхах волу Шарпудди Нохчийн Республикин халкъан артист ву. Халкъана, махкана везаш артист ву, дукха хьолахь халкъан иллеш кхочуш деш. Цу беркатечу хоршахь, бIаьрла кхиамаш болуш, схьавогIуш ву Ризавди а. Вайн махкарчу поэтийн дешнаш тIехь даьхна иллеш кIезиг дац кхуьнан репертуарехь. Цо Iаламат дика кхочуш до Нохчийн сийлахьчу поэтийн Мамакаев Мохьмадан а, Сулейманов Ахьмадан а дешнаш тIехь даьхна иллеш. Иштта халкъана дезаделлачарех ду артистан репертуарера Рашидов Шаидан дешнаш тIехь даьккхина илли а. Дийца даьккхинчуьра аьлча, ша дIаолучу иллешна мукъам боккху Ризавдис. ХIинца-м иза керлачу иллешна ша дешнаш яздан волавелла. Доцца аьлча, кхоллараллин кхиаран новкъахь ву вайна дукхавеза артист. Хазахета мехкан куьйгалло Исмаилов Ризавдин хьанал къинхьегам терго йоцуш цабитар. Шорта Баркаллин кехаташ, сийлаллин грамоташ ю цунна Iедало елла. Ткъа уггаре а коьртаниг; Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна, Россин Турпалхочунна Кадыров Рамзанна дукхабезачу артистех цхьаъ ву Исмаилов Ризавди. Иза вайна Iаламат мехала ду. Хьанал къинхьегам, къегина похIма мехкан куьйгалхойн тидамехь хиларо дог-ойла ира-кара хIоттайо, сирлачу кханенах дегайовхо кхуллу, керлачу анайистошка кхийда догдоуьйту. Цунна къегина тоьшалла ду халкъана, махкана дукхавезаш волу Нохчийн Республикин хьакъволу артист Исмаилов Ризавди.
А.АРАПХАНОВА
№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо