Кегийрхошкахь дика амалш кхиорна лерина

болх бо Нохчийн пачхьалкхан кинематографин урхалло

20150821_101219

Цара цу агIор дечу гIуллакхех хаа лиъна тхо цхьаьнакхийтира Кинематографин урхаллин директоран заместительца Вараев Мохьмадца. Цо бовзийтира шаьш беш болу болх.

«Муьлхха а гIуллакх дIадоло хала хуьлу, – бохура М.Вараевс, – хьалхара гIулчаш йохуш хала дара. 2014-чу шеран юьххьехь Терекбаев Беслан нохчийн фильмаш йохуш къахьоьгуш вара. «Хиро», «Далекий вечер» цIерш йолуш ши фильм яьккхира цо. Оццу шарахь Нохчийн Республикин культурин министра Дааев Хож-Баудис Пачхьалкхан кинематографин урхаллин  директор хIоттийра Терекбаев Беслан. Х-Б.Дааевна хетарехь, цо санна дика и болх дIакхехьа цхьа а вацара. «Чеченфильмаца» цхьаьна Б.Терекбаев режиссер а волуш, со продюсер а волуш, Нохчийчуьра, иштта Россера бевзаш болу актераш а болуш, шийтта сери йолу «Деган аз» фильм яьккхина оха. Цу фильмехь кинематографис административни дакъалаьцна. ТIейогIучу хенахь «Чеченфильмаца» цхьаьна кхин а белхаш дIабахьа барташ бина оха.

Терекбаев Беслан Кинематографин урхаллин директор хIоьттинчул тIаьхьа схьайиллина кхузахь аьзнаш дIаяздаран студи. Республикин дозанал арахьарчу берашна нохчийн мотт биц цабалийтаран Iалашонца оха нохчийн матте гочйина шийтта сери йолу «Лунтик» мультфильм».

Цо дийцарехь, Нохчийн Республикин культурин министерствос чIагIйина план ю бераш ийманехь кхетош-кхиоран декъехь дIаяхьа езачу мероприятийн.  Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствоца   цхьаьна дуккха а гIуллакхаш ду оцу агIор деш. Карара шо доладелчахьана, дакъалоцуш 10516 вахархо а волуш, 377 гIуллакх дIадахьна Кинематографин урхалло.

Кинематографин урхаллин гIоьнца «Чеченфильмо» йоккха экран йолуш кинотеатр схьайиллина Хьалха-МартантIехь. Оцу районерчу «Хайра» а, Курчалойн районерчу «Даймохк» а организацешца цхьаьна да-нана доцчарна, гIийла бохкучарна, заьIапхошна лерина гIуллакхашдо кинематографис. Кинотеатрехь  исбаьхьаллин фильмашка а, мультфильмашка а хьовса аьтто бу. Иштта, пирожнешца чай мала  йиш а хуьлу церан цигахь.

Экстремизмах, терроризмах, коррупцих тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ларъяран Iалашонца роликаш а гойту берашна. Кинотеатрехь мехах фильмаш а, мультфильмаш а, роликаш а гойту.

«Федеральни Iалашонан программица нийса а догIуш, республикехь кхин а ши кинотеатр схьаеллар доьхуш кехаташ чуделла оха, – бохура Мохьмада. – Цу декъехь  беш белхаш а бу. ЧIулга-юьртахь а, Гуьмсехь а  долчу Культурин цIенойх кинотеатраш ян дагахь ду тхо. И кинотеатраш болх бан юьйлаелча, кинематографин финансови агIо мелла а гIолехь хир яра», – тIетуьйхира М.Вараевс.

Россин кинон денна лерина кинематографин урхаллин 50 меттигна леринчу актови зала чохь урхаллин белхахошна лерина «Деган аз» фильм гайтира.

Нохчийн Республикин культурин министерствон тIедилларца, «Даймохк – кхузаманхочун бIаьргашца» цIе а йолуш, 20–25-чуй августехь дуьххьара кинофестиваль дIаяьхьира. 1-ра меттиг яьккхира Старопромысловски районерчу «Оргтехника» культурин цIийно. Толамхошна грамоташ, дипломаш делира.

Массара санна. кинематографин белхахоша а дакъалоцу вайн республикехь дIахьочу субботникашкахь. Старопромысловски районехь царна тIечIагIйина меттиг ю.

Вараев Мохьмада дийцарехь, тIейогIучу хенахь а, шайн ницкъ ма-кхоччу, вайн кегийрхой зуламечух ларбаран агIор пропаганда еш, белхаш бан дагахь бу уьш.

Л.ДАУТОВА

№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: