ГIизлара гIалахь вехаш хиллачу гIезалочунна Дамирна цкъа а гIенах а дагадогIур дацара, нохчий махках баьхначуьра цIа боьрзучу шарахь дуьнен тIе яьлла шен йоI Наташа
нохчийн нус хир ю аьлла…
Дахаро а, рицкъо а муьлха маша бузий нисло-м ца хаьа ишттаниг, амма 1974-чу шарахь, Дагестанера Красновосходски школа чекхъяьккхина къона йоI Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училище деша яр бахьана долуш, нохчий уллера бевзира цунна.
– Кхин цкъа а уьш кхечу къомах хийца дага а ца деана, – дуьйцу Наташас, – сан дагна а, кхиарна а гергара дара нохчийн къоман гIиллакхаш: да-нана а, воккханиг а лераман лаккхарчу даржехь хилар, жимачун тергамбар, йиша, зуда, бер гIорасиз хетарна, царах къинхетам бар. Ца хаьа, ша Дала яздинчу цхьана рицкъана со тIеяло иза хиллий а, амма суна тахана а кхечу къоман юкъараллехь яха луур дацара.
34 шо ду Албасова Наталья Дамировнас школехь хьехархочун болх бен. Дуьххьара берийн бешахь кхиорхочун болх бан йолаелира иза. Цигахь ша лелийна берийн тоба а ялош, Ойсхарарчу №2 йолчу школе юьхьанцарчу классийн хьехархочун балха сехьаелира иза.
Даима а керланиг лохуш а, иза шен балхана юкъадалош а, хIора дийнахь шен хаарш керлачух тIедузуш а йолчу Наташас, 1993-чу шарахь чекхъяьккхира Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан филологин факультет. «Оьрсийн мотт а, литература а» говзалла караерзийначу йоIа, цул тIаьхьа долу шен дахар оьрсийн маттах а, иза нохчийн берашна хьехарх а доьзна. МогIарерчу хьехархочун даржера школин куьйгалхочун дарже а кхечира. Уггаре а халачу, 2000-чу шерашкахь, №2 йолчу школин кхетош-кхиорехула директоран заместителан болх тIелецира. 2010-чу шарахь дуьйна цо куьйгалла до 1311 бер а, 70 хьехархо а волчу Ойсхарарчу №2 йолчу школин директоран даржехь. Иза кхин лакхара дарж а ца хета цунна, адамашца йолу юкъаметтигаш юзу тIегIа лору Наташас шен белхан меттиг. – Айса болх бечу меттиган а, сайца и болх боькъучу адамийн а пусар до ас, – дуьйцу цо, – айса хьоьху предмет а, и лерина бераш а дукхадеза суна. Цкъа а кхечу агIор хила дезара аьлла а ца хетта. Сан коллективан хIора а декъашхо, Федеральни стандарташца догIу, юкъараллин кхиаран кханенан тIаьхье кхиорехь цхьа дакъа дIакхоьхьуш ву. Царах хIорамма а оцу декъан ша охIла воллу агIо кхачаме балхаца билгалйоккхуш а ю. Цунна тоьшалла ду, сан коллективехь къахьоьгуш 4 «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо» а, 8 «Россин халкъан дешаран отличник» а, 6 корматаллин говзаллехула конкурсийн лауреат а, 4 «Тоьлла хьехархо» цIе йолчу Ерригроссин конкурсан толамхо а хилар. Дукха хан яц школехь болх бан 13 къона хьехархо волавелла а. Церан белхан корматалла кхиар оцу ас билгалбаьхначу, алссам белхан зеделларг долчу баккхийчу хьехархойн тергамехь ду. Цундела, тхан къоначу хьехархошна, шаьш берашца бечу белхан психологин а, технически а агIор шайн урокашка кхачам боллу инновацин керланиг дало говзалла тоьу, говзанчаш шаьш хилар гайта ницкъ тоьъна. Бакъдерг аьлча, цхьа доьзал санна, диканиг-вониг юкъара долчу, бертахьчу коллективехь къахьега ирс хилла сан.
И ирс Наталья Дамировнин шен цахилар а, цуьнца болх бечу хьехархошна, цуьнан лулахошна, цуьнца гергарлонаш долчу юьртахошна, цо хьехначу берашна а кхаьчна хиларх дийцира кху юьртарчу маьждиган имам волчу Джабиров Махьмуда.
– Наташа бакъйолу нохчийн нус ю, – элира цо. – Суна цуьнгахь даима а товш дерг, ша юкъахь ехачу адамех яшар, церан къоман гIиллакхаш дезаш лелор дара. Воккхачуьнца лераме, жимачуьнца тергаме, шен марзахошца гIиллакхе хилла а, тахана йолуш а ю иза. Цуьнан хIусамда Албасов ИсмаьIал а иштта хаза гIиллакхаш долуш вара. Цо магийтинчу а, гайтинчу а некъах ца тилла Наташа цкъа а. Тхан мехкарша ца лелочу хенахь а коьртахь йовлакх леладора цо. Дуьхьал кхеттачуьнга маршалла-деналла хаттар эсалчу гIиллакхехь ду цуьнан. Цо тхуна доккха гIуллакх дина. Тхо тIе ца кхуьучунна я ца ларочунна, тхан доьзална гIаролехь лаьттина а, лаьтташ а ю Наташа. Дала диканца дукхаяхайойла иза шен доьзална а, тхуна а.
– Тхан имама билгалдаьхна вайн къоман а, динан а гIиллакхаш дезаш лелош ю Наташа, – тIетуьйхира цуьнан белхан накъоста Идалов Нажмуддис, – тилвелла я ца ларавелла марха къобалдан ца воьдуш висахь, чIогIа халахета цунна. Ткъа тхан хьехархойн а, дешархойн а коллективана юкъара барт цуьнан хаарех лаьтташ бу. Наггахь шен доьзалца а ца ларалуш хуьлучохь, эзар сов стагана куьйгалла дан а, доладан а атта ма дац. Амма иза тхан Наталья Дамировнех аьлла дац.
Имама билгалъяьхначу амалан башхаллаша а, цо ша ма-баххара, шен болх а и шайн дуьхьа беш болу адамаш а дукхадезаро аьтто бина Наталья Дамировнина белхан кхоллараллин лакхенашка кхача. Оцу декъехь къаьсттина чулацаме дара дIадахана дешаран шо. 2015-чу шарахь «Россин тоьлла бIе школа» Ерригроссин конкурсехь толамбаккхар тIечIагIдеш дашо мидал а, диплом а делира кхарна. Иштта совгIат даьккхира «Тоьлла юьртара школа – 2015» конкурсехь а, Сийлаллин диплом кхечира «Россин тоьлла организаци – 2015» конкурсехь а. Вайн халкъо Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIамехь толамбаккхарна леринчу «Толаман 70 шо» конкурсехь а (дешархой патриотически кхетош-кхиорна леринчу номинацехь) дашо мидал а, Сийлаллин диплом а даьккхира. Ойсхарара №2 йолчу школа «Россин интеллектан-кхоллараллин потенциал» цIе йолчу Къоман дешаран программехула йолчу конкурсийн проектийн лауреат а ю.
– Школин куьйгалхо декхарийлахь ву шен дешархойн урокал арахьара дахар довза, – дуьйцу директора, – и хаархьама, шаьш муьлхачу Iалашоне кхача деза шайн дахарехь, бохучу хаттарна жоп дала Iамо беза дешархой. Цунна уьш Iамо таро хир ю кхетош-кхиоран болх лаккхарчу тIегIан тIехь хилахь. И болх дIабахьарехь оха пайда оьцу Юкъарчу концепцин дIахIоттамах. Оцу балхахь жигара дакъалоцу берийн дай-наноша а, динан-юкъараллин векалша а. Оцу декъехь а цхьамогIа кхиамаш бу тхан. Районан а, республикин цхьа а конкурс чекх ца яьлла оха дакъа ца лоцуш а, тхан толам боцуш а. Масала, республикин юкъарадешаран учрежденешна юкъахь дIаяьхьначу конкурсехь «Юкъарадешаран учрежденешкахь кхетош-кхиоран болх дикачу тIегIан тIехь хиларна» номинацехула толам баьккхира оха, «Школин тоьлла сайт» районан конкурсехь 1-ра меттиг яра тхан. Ерригроссин «Клевер», «Я-энциклопедия», «Олимп», «Апельсин», «Эрудит», «Мозаика», «Классики», «Университетская олимпиада», и.дI.кх. олимпиадашкахь 917 беро дакъалаьцна тхан. ЦIерш яха луур дара Университетан олимпиадехь исторехула, биологехула, математикехула 1-ра меттигаш яьхначу 11-чу классан дешархойн Мушкаева Жайнин, Саиева Заремин, Сатибаева Тамилин а, «Iилмане гIулч» Iилманан-практикин конференцин толамхо хиллачу 4 «Б» классан а. Спортехула кхиамаш а бац тхан ледара. «FCF» латарехула дуьненан чемпионатан призер ву Дебиров Рахьим, оьрсийн шашканашкахула дуьненан чемпионатан призер ву Касумов IабдуллахI, «FCF» латарехула Кавказан Кубок яьккхина Юсупов Анвара, оццу латарехула дуьненаюкъарчу турнирехь 1-ра меттиг яьккхина Мацаев Маьхьдис, ишттачу латарехула Къилбаседа Кавказан йиллинчу турнирехь 2-гIа меттиг яьккхина Азимов Ахьмада.
Цхьа а шеко яц, берийн кхиамийн хьоста ерриге а коллективо кхачаме къахьегарехь хиларан. Амма хIора а хьехархочун корматаллин говзалла лакхара хилар а, шайн хаарш цара дешархошна дIадаларан некъах а доьзна кIезиг дац. Уггаре а дикачарна юкъахь а бу похIме хьехархой, уьш бу: Н.Идалов, Б.Хасиханова, Р.Ташуева, П.Абдулхамидова, Р.Илисханова, Т.Габачева, Я.Мамадиева, Ш.Мусаев, Г.Алиева, С.Надуева, М.Атаева, Р.Матиева, Х.Джемигова, П.Целиева, иштта кхиберш а.
Царах хIораннан а таронаш дика евза Албасована, цо некъ ло хIора а хьехархочунна шен хаарийн мохь алсамбаккха а, кхиамийн тIегIа айъан а. Царах хIоранца а бийца юкъара мотт Iемина цунна. Цаьрца хьовха, берашца а, дай-наношца а. Цундела ю иза «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» сийлаллин цIе лелош а. Цуьнан белхан мах хадийна Нохчийн Республикин Правительствон а, Парламентан а, дешаран а, Iилманан а министерствон а Сийлаллин грамоташца а, дипломашца а.
Наталья Дамировнин доьзалехь шиъ бер кхиъна. ЙоI Залина, лоьрийн дешар а дешна, Ойсхарарчу куьпан больницехь болх беш ю, ткъа кIант Тимур цIеракхерамзаллин декъехь кхетош-кхиоран балхахь ву. Нус Курмани вай йийцинчу школехь нохчийн мотт, литература хьоьхуш ю. Церан а кхуьуш бу шайн доьзалш. Бакъдерг аьлча, ненаненан а, дененан а дагара хаа, царах цунна дукха муьлхарг веза хаа таро ца хилира тхан, вуьшта, дуьххьара школе бер далош еана къона нана а, шайначул зеделларг долуш болу наной а шайн берашна Наташа евзийла лууш а, цуьнан школе деша шайн бер доьдийла лууш а хилар билгалделира. И дерриге а директоран Албасован адамаллех, гIиллакхех, хаарех доьзна хилар гуш дара. И тIечIагIдора Наталья Дамировнин дешнаша а:
– Со – бераш дукхадезаш адам ду. Сайн школин кхане а могаш-маьршачу, кIорггерчу хаарша хаздинчу, ирсечу бераша а, похIмечу хьехархоша а юьзна, кхин а лакхарчу кхиамашка кхаьчна го суна. Нагахь тахана школера цIа даханчу берехь кхана школе дан лаам кхолла тхан ницкъ кхаьчнехь, шеко яц, вайн мехкан къона тIаьхье кхион тхо охIла хилар. Оцу гIуллакхна гIаролехь лаьтташ а, сайн дог берашна дIаделла а ю со…
Наталья Дамировна санначу Нохчийн Республикин башхачу зударийн коьрта декхар хилла дIахIоьттина вайн мехкан кханенан векалш кхиор. Оцу декхарца тIехдика ларош йолу Албасова даггара декъалъян лаьа Нохчийн зудчун денца.
Саралиева Табарак
Суьрта тIехь: Н.Д.Албасова дешархошца
№104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо