Коррупци ца хилийтарна хьелаш кхуллу

Соьлжа-ГIалин Старопромысловски районерчу Бахархойн социальни хьашташ кхочушдаран комплексни туьшахь дерриге а хьелаш кхоьллина цуьнан белхахошкара коррупцин гучудийларш цахилийтарна. Цигахь коррупцица къийсам латторан гIуллакхаш кхочушдарна вовшахтоьхна Белхан тоба. Цо шен болх дIахьо планаца нисбеш, деш долу гIуллакхаш дийцаре деш, хIора кварталехь кхеташонаш дIахьо.

Дукха хан йоццуш кхузахь хилира коррупцица къийсам латтор гIуллакх дийцаре дарна лерина болу туьшан коллективан юкъара гулам. Юрисконсульта З.Даутмерзаевс шен къамелехь билгалдаьккхира коррупцина дуьхьал къийсам латтор пачхьалкхан органийн болх шарбеш-тобаран некъех цхьаъ хилар. Нохчийн Республикин къинхьегаман, нах балха дIанисбаран, социальни кхиоран министерствос боккха болх дIахьо бахархой социальни ларбаран органийн системехь коррупцица къийсам латторехь. Коррупцин хиламаш гучубаха а, ткъа царна тоьшалла дан муххале а, хала ду. ТIехула хьаьжча, дерриге а законехь ду, документийн бух болуш а ду. Цундела учрежденин белхахошна юкъахь дIабахьа беза коррупцица къийсам латторан хьокъехь долчу Россин Федерацин законодательствох лаьцна болу кхеторан болх. Гуламехь иштта дийцира коррупцица къийсам латторан декхарех а, Iалашонех а, иза цахилийтаран белхан кепех а лаьцна.

ЦIахь сихха социальни хьашташ кхочушдаран отделенин заведующис И.Акиевс шен къамелехь билгалдаьккхира социальни хьашташ кхочушдарехь отделенеша беш болу болх а, цуьнан дикалла а теллина хилар. Оцу балхахь кхачамбацарш ца хааделла. Хьашташ буьззинчу барамехь а, дика а кхочушдеш ду. ЦIахь социальни хьашташ кхочушдеш болчара шаьш уьш кхочушдечаьрца дIахьо кхеторан болх.

Коррупцин дукхах долу бакъдерш хиларан бахьанаш а, гIирсаш а дуккха а бу. Коррупци яржаран дукхах долчу бакъдолчех цхьаъ ду чиновникаша шаьш кхуллуш долу бюрократически гIуллакхаш дукха хилар, дика вовшахтоьхна чоьхьара а, арахьара а таллам цахилар. Отделенин заведующис Р.Евмиевс элира, коррупцина тIехь таллам латторна бакъонаш талхийна белхахой юкъабахийта безаш а, коррупцин бакъдерш талларан жамIаш учрежденин белхахошна довзийта дезаш а хилар.

 

Р.ЮНУСОВА

 №104, шинара, 15 сентябрь, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: